Кадыров, Рамзан Ахматович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Рамзан Кадыров
Рамзан Кадыров
Нохчийн Республикин Куьйгалхо
Хьалха хилларг Доку Завгаев
Нохчийн Республикин Президент
 — 2011 шеран 5 март
Хьалха хилларг Ӏали Дадашевич Алханов
Нохчийн Республикин Ӏедалан Председатель
 — 2007 шеран 10 апрель
Хьалха хилларг Сергей Абрамов
Когаметтаниг Одес Байсултанов
 
Пачхьалкх: РоссиFlag of Russia.svg Росси
НохчийчоьFlag of the Chechen Republic.svg Нохчийчоь
Дин: ислам, суннитийн кхетамехь
Вина: 1976 шеран 5 октябрь({{padleft:1976|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:5|2|0}}) (42 шо)
Хоси-Юрт, Курчалойн кӀошт
Тайпа: бено, нохчи
Да: Ахьмад-Хьаьжа Кадыров
Нана: Аймани Кадырова
Зуда: Медни Кадырова
Бераш: Ахьмад, Адам, Зелимхан, Ӏайшат, Карина, Хеди, Табарик, Ӏашураъ
Парти: Юкъара Росси
 
Сайт: ramzan-kadyrov.ru
 
ТӀеман гӀуллакх
Пачхьалкх: РоссиFlag of Russia.svg Росси
НохчийчоьFlag of the Chechen Republic.svg Нохчийчоь
 
Автограф: Signature of Ramzan Kadyrov.png
 
СовгӀаташ:

Рамза́н Ахма́тович Кады́ров (5 октябрь 1976, Хоси-Юрт, Курчалойн кӀошт) — Российн пачхьалкхан а, политикин гӀуллаккхо а ву.

2007-чу шеран 15 февралехь дуьйна Нохчийн Республикин Куьйгалхо ву (2016-чу шеран 25 мартехь дуьйна Нохчийн Республикин куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдийриг санна ву; 20072011-чу шерашкахь Нохчийн Республикин президент вара), «Юкъара Росси» олучу лакхара партин советан декъашхо а, Российн Федерацин Турпалхо а ву (2004). Нохчийн Республикин хьалхарчу президентан Ахьмад-Хьаьжи Кадырован кӀант ву иза.

Нохчийчохь хьалхара тӀом боьдучу муьрехь цо дакъалаьцна федерацин эскарийн дуьхьала тӀеман гӀуллакх дарехь, нохчийн ШолгӀачу тӀамехь федерацин Ӏедалан агӀор дехьаваьлла иза.

Нохчийн Республикин кхерамзаллин гӀуллакхан куьйгалхочун болх бина цо, цул тӀаьхьа Нохчийн Республикин Ӏедалан председателан болх а бина. Полицин генерал-майор а ву иза[1].

Биографи

Къоналла

Къадирин Ахьмадан воӀ Рамзан вина 1976 шеран 5 октябрехь Центарой эвлахь (оцу хенахь яра — Нохч-ГӀалгӀайн АССР).

Иза вара шолгӀа кӀант Ахмада Кадырован а, Аймани Кадырован а доьзалехь[2], жимаха волу кӀант а вар, цуьнан воккхах волу ваша вар Зелимхан (1974 — 2004 шеран 31 майхь кхелхина), кхин баккхий йижарий а бу: Зарган (1971) а, Зулай (1972) а. Кадыров бенойн тайпанах ву.

Путин а, Кадыров а

Кадыровхой уггаре а доккхачу Бенойн тайпанах бу[3]. Динца йолу юкъаметтигашца Кадыровхой Кунта-Хьаьжин Шайхан вирдехь бу[3], суфийн исламан къадирийн гара дозуш бу уьш.

1992-чу шарахь Рамзана шен эвлахь чекхъяьккхина юккъера дешеран школа[4][5].

Нохчийн Хьалхара тӀом болчу хенахь шен деца нохчийн сепаратистийн (дӀасакъасторан) могӀаршкахь вара иза, Российн Герзан ницкъийн дуьхьал тӀом а бина[4].

Хьалхара тӀом чекхбаьлча, 1996-чу шарахь иза накъост а, шен да ларвархо а хилла, оцу хенахь Нохчийн Республикин Ичкерин муфти вара Ахьмад-Хьаьжа[4][5][6][7].

Рамзана Кадырован цӀе йолу бешаш а, урамаш а

Рамзана Кадырован урамаш
Кхидерш
  • Рамзана Кадырован урамалг (ЧӀулга-Юрт)

Билгалдахарш

  1. Кадыров, Рамзан
  2. Речкалов, В. Умер старший сын Ахмата Кадырова Зелимхан. Известия (1 июня 2004). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 11 мартехь. Теллина 2013 шеран 9 мартехь.
  3. 1 2 Алленова, О. Завари потихоньку калитку // Коммерсантъ-Власть. — 2007. — № 27(731).
  4. 1 2 3 ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран lp йоза яздина дац
  5. 1 2 Рамзан Кадыров. Биография // РИА Новости, 16 февраля 2007
  6. ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран naznach йоза яздина дац
  7. ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран kandidat йоза яздина дац
  8. В столице Иордании появилась улица Рамзана Кадырова

Хьажоргаш