Кааль, Айра

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Кааль Айра
эстон. Aira Kaal
Aira Kaal.jpg
Тиллина харц цӀерш: Reet Uielu
Йина терахь 1911 шеран 7 ноябрь (25 октябрь)({{padleft:1911|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:25|2|0}})
Йина меттиг Сааремаа гӀайре, Эзелан уезд, Лифляндин губерни, Российн импери
Кхелхина терахь: 1988 шеран 7 апрель({{padleft:1988|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:7|2|0}}) (76 шо)
Кхелхина меттиг: Тарту
Гражданалла: Российн империFlag of Russia.svg Российн импери, ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРС, Эстонийн ССРFlag of the Estonian Soviet Socialist Republic (1953–1990).svg Эстонийн ССР
ГӀуллакхан тайпа: поэт, журналист
Жигара шераш: 1945—1986
СовгӀаташ: Эстонин ССР халкъан яздархо

Ка́аль А́йра-Вильгельмина (бакъ цӀе — Айра Хоун) (эстон. Aira Kaal; 25 октябрь (17 ноябрь1911, Сааремаа гӀайре — 1988 шеран 7 апрель, Тарту) — эстонийн советийн яздархо, поэт, журналист. Эстонийн ССР хьакъ долу яздархо (1971). Эстонийн ССР Смуул Юханан цӀарах литературин совгӀатан лауреат (1987).

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йина ахархойн доьзалехь. 1940 шарахь чекхяьккхина Тартун университетан философин факультет. Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш журналист яра.

1945—1950 шерашкахь — Тартун университетан марксизм-ленинизман хьехархо.

1944 шарахь дуьйна Эстонин яздархойн ассоциацехь лаьттира.

1940 шарахь дуьйна ЕКП(б) декъахо. 1951 шарахь дӀаяьккхира партера, 1956 шарахь — метахӀоттийра ССКП могӀаршка.

1980 шеран октябрехь яра эстонийн мотт Ӏалашбархьама диллина кехат яздинчу Эстонин 40 интеллектуалан юкъахь.

Елла Тартухь 1988 шарахь.

Кхолларалла[нисйе бӀаьра | нисйе]

А. Кааль — цхьа могӀа эссен, масех новкъан яззаман жайнин, романийн, пьесийн, байтийн гуламийн автор, кхин а шен хьомечу Сааремаа гӀайренан лирикин-публицистикин суьртийн жайнийн.

Жигара кхоллараллин гӀуллакх долийна Сийлахь-Боккха Даймехкан шерашкахь. Хьалхара поэтан гулам зорба тоьхна 1945 шарахь.

А. Каалан байташкахь гучудевлира дуладелла тӀеман денош, тӀемал тӀаьхьара кхолларан къинхьегам а, машаран къовсам а. Цуьнан байташ къастало политикин ираллица, философин чулацамца а.

Хаза факташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Айра Кааль эстонин яздархочун Лухаяэр Ингваран романера «Munamäe lahing. Ajalooline jutustus sellest, mis oleks juhtunud, kui Eesti oleks 30-ndail aastail tõsiselt kaitseks valmistunud ja vene agressioonile otsustavalt vastu astunud» (Мунамяэ йолчура тӀом. Историн дийцар, хӀун хир дара теша, нагахь Эстони 1930-гӀа шерашкахь дика кечам ца бинехьара российн агрессех лардалархьама) персонаж ю . Кхоллам альтернативан историн жанрера бу. Айра Кааль фантастикин куьцаца гайтина, вапсийн тхьамдан Сирк Артуран нускал санна, иза авторан лаамца хуьлу эстонин правительствон куьйгалхо, цуьнан баьччаллица толам боккху ССРС-ца болчу тӀамехь[1].

Хаьржина кхолламаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Байтийн гулам:
    • «ДӀалур дац герз» («Ma ei anna relva käest», 1945),
    • «Толаман ракета» («Võidurakett», 1948),
    • «Маьрша даймохк» («Vaba kodumaa», 1950),
    • «ХӀордан мехаш» («Meretuuled», 1958),
    • «Хаьржина байташ» (1961)
    • «Üks tigu ilma majata» (1968)
    • «Pihlakad mere ääres» (1971)
    • «Hetked merega» (1976)
    • «Saaks kord seda imet veel vaadata» (1981)

Эссе[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • «Адам а, зудчун психологи а» («Mehe ja naise psühholoogiast», 1936)

Забарийн роман[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • «Нана а, со а» («Mamma ja mina», 1939, псевдонимца «Reet Ueilu»)

Новкъан жайнаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • «ХӀинди» («Muljeid ja mõtteid India sõidult», 1958)
  • «Цийчоь» («Pilk tänapäeva Hiinasse», 1961)
  • «Эрмалойчоь» («Esimest korda Armeenias», 1964)

Прозин кхолламаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • «Teelahkmel» (1956)
  • «Kodunurga laastud» (Кхаа томехь, 1966, 1970, 1978)
  • «Seitse tõtt ja seitse valet» (1986), кхин а.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Munamäe lahing(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 26 мартехь. Теллина 2016 шеран 18 мартехь.

Хьажаргош[нисйе бӀаьра | нисйе]