КІелхьараваккхархо Iийсан Килс

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

КӀелхьараваккхархо Ӏийсан Килс (оьрс. Храм Христа Спасителя) я Ӏийса Вина Денна Арда (оьрс. Храм Рождества Христова)- Москвахь Волхонка урамехь Оьрсийн Керста Динан Килсан коьрта арда.

Сийлахь меттиг
КІелхьараваккхархо Iийсан Килс
Moscow July 2011-7a.jpg
Пачхьалкх Росси
ГӀала Москох
Уллора станци метро Кропоткинская
Дин Керсталла
Епархи Москох гIалан епархи
Благочиние Юккъера 
Сайт Официалан сайт

1931-чу шарахь цу меттахь йохайина хилла дуьххьарлерачу килсан кепехь ю.[1]

1812-чу шеран Оьрсийн-Французийн тӀамехь толам баккхарна керла килс ян сацам хилира I-чу Александран.

12 октябрехь (эсаран баттахь) 1817 шарахь Воробьеван гунаш тӀехь КӀелхьараваккхархо Ӏийсан цӀарах керлачу килсан бух боьттар. Амма 1825-чу шарахь белхаш сацийра. Архитектор а, кхинболу гӀишлойн комиссин декъашхой финансаш дайаран бехкебира.[2]

Архитектор Константин Тон вара керлачу проектан автор. Килсан гӀишло яр чекхделира 1860-чу шарахь. Цул тӀаьхьа, доладелира килсан чоьхьара интерьер кечъяр.

26-чу майехь (хӀутосург баттахь)1883 шарахь хьалхара килсан чохь хьалхара ламасташ даздира (сийлахь-серлаяьккхира).

1931 шарахь 5 декабрехь (гӀуран) Москвахь Сталинан гӀалан реконструкци муьрехь килс хӀаллакйира. И меттан Советийн ЦӀа дан Ӏалашо яра, амма тӀаьхьо цигахь «Москва» бассейнан комплекс схьайиллира.

Патриарх вогӀу-воьду цӀа статус ю килсан. Иштта а, Наполеонан дуьхьал тӀамехь белчарна Оьрсийн Императоран Эскаран декъашхойн юкъара кенотаф ю. Килсан пенаш тӀехь язйина ю 6-гӀа коалицин тӀемашкахь (1797—1806; 1813—1814) хӀаллакхила офицершан цӀерш.[1]

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Килс ян дагадар[нисъе бӀаьра | нисъе]

I-ра Александран накъост волу генерал Пётр Кикин вара 1812-чу шеран Оьрсийн-Французийн тӀамехь толамбаккхарна килс ян лаам болуш. Российн Империер Наполеонан эскар эккхийча 25 декабрехь (гӀуран) 1812 шарахь I-ра Александрас КӀелхьараваккхархо Ӏийсан цӀарах килс яран Лакхара манифестан куьг яздо[3].

Воробьёван гунаш тӀехь килс яр[нисъе бӀаьра | нисъе]

Витберган проект[нисъе бӀаьра | нисъе]

I-ра Александран хетарехь, керла килс сийлахь а, Ӏаламаталла а йолуш хил йезара[4]. Дукх ца Ӏаш дӀаяхьира 38 дакъалацархой болуш халкъаш юккъера конкурс. Царна юкъехь бара гӀарабоьвла гӀишлоярхой, масала Андрей Воронихин а, Джакомо Кваренги а, Василий Стасов а, кхиберш а[5]. 1813-чу шарахь архитектор Воронихино шен ворхӀ проект гайтира, амма уьш тӀе ца ийцира. Хьалхарчу конкурсехь толам баьккхира Карл Витберган проекто. Иза вара ткъе бархӀ шо кхаьчна масон а, суртдуьллург а. Цуьнан планехь килсан лакхе ши бӀе шовзткъе метр яра, хӀинцалер килсал кхузза йоккха яра.

Витберган Проект

Килсан чуйохуш Пантеон а, хӀонсанан яккхий-тоьпашах йина ялх бӀе колонна а; иштта паччахьашна а, баьччашна а лерина хӀоллам. Проект тӀечӀагӀяйта Карло керста дин тӀелецара[6]. Воробьёван гунаш «Москохан таж» ю олура I-ра Александрас, цундела цигахь килс ян сацам бира цо. Цигахь хьалхе дуьйна Воробьёвски гӀала цӀе йолу паччахьан а, цуьнан цӀийнан нах а беха гӀишло яра.

Ма-дарра аьлча, Витберг корматаллин архитектор вацар. Ша масон хиларе терра керла Соломанан арда ян лаам бара цуьнан. Шен кехаташ тӀехь проектах «кӀорггера хьекъаллан килс» олура цо[7].

Кхузза тӀекӀелдина йолуш, лаьттан бухахь йина галереяш йолуш КӀелхьараваккхархо Ӏийсан килсас гайта езар Делан а, адаман а юкъахь йолу зӀе. Цул сов, 1812-чу шарахь хӀаллакхилла салтий дагалоцуш доӀанаш деш меттиг хир яра цигахь.

Лахара гӀат «ДегӀан килс» цӀе йолуш хир яра. Цо гойтуш хир дара эхарт я кешан барз. КӀелара сагӀдарехь (алтарехь) Ӏийса дуьненчу ваьлла денна а, Цуьнан а, Аполстолшан Ӏожаллах лаьцна барельеф хӀотто дагахь вара Витберг. «ДегӀан килс» шолгӀачу гӀатца зӀе  йолуш яра. Цуьнан жӀаран кеп дог ирахӀоьттина хилар а, дахаран а билгало (символ) яра. Юккъера килс Ӏийсан Сийлахь Хийцаваларан цӀарах хил йезаш яра. 3-гӀа гӀат «Делан килс» цӀе йолуш хир яра. Иза лерина яра адаман син ипостасин. Килсан лакхара дакъа кхинйолу  чоьнаш серлайохур яра, нартолан плафон кораш сирла йир яра[8][9].

Килс яр[нисъе бӀаьра | нисъе]

1817 шеран эсаран (октябрь) беттан 12-чу дийнахь Воробьеван гунаш тӀехь I-ра Александр а, императоран зударий Елизавета Алексеевна а, Мария Фёдоровна а, сийлахь-воккха эла Николай  Павлович а, Пруссин Принц Вильгельм а, архиепископ Августин а декъахь болуш доладелира килсан гӀишло яр[10].

Воробьёван гунаш, 1817 шо

1820-чу шарахь Витбергас хӀоттийна харжа (смета) 1-чу Александрас чӀагӀйира. Москван Митрополит Серафим а, Москван тӀеман генерал-губернатор а пирсдаталш болуш Ӏуналлин комисси кхоьллира. 1821-чу шарахь комиссино бакъо йелар лаьттан белхаш долада. Хьалхара шерашкахь белхаш сиха дӀаоьхура. Цигахь къахьогуш 20000 Подмосковер гӀопан ахархой бара[11]. ТӀулган материалаш сиха тӀекхехьита Лакхара указца тӀедиллира Ийдал а, Москва-хи цхьанатоха. Мостовскийс дийцарехь, ши бӀе кхузткъа берхӀитта эзар (278000) сом делар «Москва хинкортахь хикеманаш лелар дӀохӀотторан а, хи дӀаоьхуьйту саьнгар (канал) таяран а», баркаш яран ши бӀе доьзткъе шийтта (292000) сом, ткъа ши хи вовшахтохуш кхиъ цхьа бӀе ткъе кхоъ эзар (123000) сов соьман харж йира.

Амма  ворхӀ шарахь «нолан цикле» тӀе ца кхечира белхалой[12]. Шарвелла архитектор ца хиларна дукха гӀалаташ дехира Витбергас. Цо чот а, таллам ца бора. Бан беза болх а, цу белхан алапа а тӀехь долу кехаташ къоламца леладора. Иштта тӀелацамхошан дов ца дора, цара аьлчунах совнаха тешар. Кацайелар Витберган и проект чекхъяккха[13].

1825 шарахь 1-ра Николай император хӀоттарца арда яран белхаш сацийра. Леррина схьахьедарехь и доьзна дара килс йеш йолу меттиган латтах тешам ца хиларна. Ардан кхолламах сацам бан схьакхайкхира керла комитет. Цуьнан пирсдатал инженер-генерал Карл Опперман вара. ХӀоттамехь бара гӀарабевлла пхьераш Лев Карбонье а,Пьер-Доминик Базен а, архитектораш Карл Росси а, Василий Стасов а, Андрей Михайлов а, кхинберш. Проект кхочушъяран гӀуллакхехь пачхьалкхо ассигнацишца 4 миллион сом дайъан хилар сацам бира комиссино. Цул сов, комиссино 16 миллион соьман харж йинера.

1827-чу шарахь килс яран комиссин болх сацийра. Дайаран а, даржехь харцо лелаярна а суьде велира Витберг а, цуьнан куьйгалхой а. БархӀ шарахь лаьтташ яра кхиэлан процесс. Ткъа 1835-чу шарахь комиссин декъашхошан 1000000 сом гӀуда туьхира. Витберг махках ваьккхар. Вятка гӀала дӀахьажира иза[14].Шен бахамах а, даьхнех а вохийра. Историкаш дийцарехь, Витберган финансаш дайарехь бехк бацара, амма цуьнан вон Ӏедал дара тӀаьхьенан ойла цаяр а, адамах тешам хилар. Амма дукх ца Ӏира иза Вяткехь. ТӀаьхьо Перьмехь а, Тифлисехь а цуьнан проекташца килсаш йира[5].

Волхонка тӀехь килс[нисъе бӀаьра | нисъе]

Тонан Проект[нисъе бӀаьра | нисъе]

Керла конкурс ца йеш, I-чу Николайо Константин Тон архитектор хӀоттира. Императоран хазахеташ йолу оьрсийн-византийн стилехь белхаш беш вара иза. Чертолье цӀе йолу меттиг хаьржира керла килс дан. Пачхьалкхо и латт схьаэца ахч делар. Цигахь мел йолу гӀишлош йохайира (царна юкъахь яра XVII-чу бӀешаран хӀоллам- Алексеевски зударийн монастырь.

1832-чу шеран  оханан беттан (апрелехь) 10-чу дийнахь керлачу килсан проект къобалйира. Кестта «Москвахь КӀелхьараваккхархо Ӏийсан цӀарах килс яран» комисси кхоьллар. Цуьнан пирсдатал вара Москван генерал-губернатор а, эла а Дмитрий Голицын. Хазнин (казна чур) ахчах йеш яра килс[15][16][17].

1841-чу шарахь килсан пенаш цоколан локхаллехь бара. 8 шо даьлча чекхъйелира килсан йоккха нартол яр. 1860-чу шарахь дӀадехира гӀоьнан ламеш. Цул тӀаьхьа 20 шарахь дӀакхехьийра килсан чоьнаш тояр, хазъяр а. Кечбира хийистера урам а, майда а.

Архитектор Иосиф Каминский вара гӀишло яран куьйгалхо. Килсан пенаш хазбеш белхаш бина Суриков Василийс а, Крамской Иванс а , Верещагин Василийс а, Семирадский Генрихс а, Корзухин Алексейс а, Бруни Фёдорс а[18], кхиъ шортта Императоран исбаьхьаллийн Академин говзанчаш а.

Сийлахь-беза нехан дина сарташ(статуяш) йинера Иванов Антоно а, Ромазанов Николайо а, Логанский Александро а.

Архитектор Коссов Викторс дакъалаьцна килсан интерьер кечъйеш[19].

1883 шеран асаран (июнь) 7-чу дийнахь Москван Митрополит волу Иоанникийс хьалхара Ӏамал йира килсан чохь. Цигахь бара керста динан дай а, 3-гӀа Александр император а (цул хьалха Москван Кремлехь таж тиллан вол). Церемонехь дакъалецара императрица Мария Фёдоровнас а, императоран кӀантас а, сийлахь-йоккха элан йоӀо Ксения Александровнас а.

Килс сийлахь-серлаяьккхинчул тӀаьхьа хьалхара литурги йира[20].

Эц дийнахь Москвахь килсашан горгалеш яьтташ яра, цул сов суьйранна салюташ йиттира.

КӀелхьараваккхархо Ӏийсан Килс Москвахь уггаре лекха гӀишло яра. Цуьнан лакхе 103,5 метр яра. Россин Имперехь уггаре чухоаме килс яра иза[21].

ТӀаьхьайогӀучу хенахь килсан дахар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Йоккха меттиг дӀалоцура килсас юкъараллин дахарехь.

1882 шеран хьаьттан (августан) 20-чу дийнахь килсан чохь Ипполит Альтани дирижёр волуш лекхара Петр Чайковскийс язъйина 1812-чу шеран Увентюра. Иза оьрсаша Наполеонан дуьхьал бина тӀамехь толамбаккхарах компози ю. Килсан чохь болх беш тӀехдика хор яра. Композиторш Александр Архангельский а, Павел Чесноков а хилла хоран регенташ. Фёдор Шаляпинс а, Константин Розовс а иллеш аьлла кхузахь.[22].

Килсан йистехь цхьан хенахь III-гӀа Александран лерина хӀоллам лаьтташ яра.

1917—1922 шерашкахь (арест ялле) Александр Хоровицкий килсан догӀалеладархо (оьрс. ключарь) вара.

1917 шеран эсаран 18-чу дийнахь доӀа а, литурги а йинчул тӀаьхьа Алексий (Соловьёв) цӀе йолу Зосимова гӀум-аренан мозгӀаро кхаж тасарца митрополит Тихон керла патриарх хаьржира[22][23].

1917 шеран революци дӀаяьлчул тӀаьхьа килс йиллина яра. Амма пачхьалкхо сацийра килсашан ахча далар. Цул тӀаьхьа «когаш тӀе хӀотта» ардан гӀо дира КӀелхьарадаьккхинарг волу Ӏийсан килсан Вежараллас. Цуьнан декъашхо Иван Сытин вара. Килсан архитектурехь а, исторехь лаьцна кинчка язъйира цо.

Ширачу килсан мозгӀарш:[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Алексей Соколов (1883 шарахь дуьйна);
  • Павел Казанский (1899 шарахь дуьйна);
  • Михаил Соболев (1908 шарахь дуьйна)
  • Владимир Марков (1911 шарахь дуьйна)
  • Иоанн Арсеньев (15-га январь 1918 шарахь дуьйна)[24].

Килс йохор[нисъе бӀаьра | нисъе]

1922-чу шарахь Хьалхара Ерригсоюзан Советийн Съездахь Советийн ЦӀено дарах дош элара Киров Сергейс[25].

1931-чу шарахь мангалан (июль) 13-чу дийнахь Михаил Калинин пирсдатал волуш яра  Советийн Социалистийн Республикийн Союзан ЦИК-ан кхеташо. Цигахь сацам бира КӀелхьараваккхархо волу Ӏийсан цӀарах килс йохо, цуьнан меттан Советашан ЦӀа дан.[26][27].

Сихонца дӀабаьхьира килсан пенаш вовшахдакххаран белхаш. 1931-чу декабрехь йисан йолу гӀишло эккхийтира. Йистехь долу цӀенош дегаделира, цул сов юххера кварталашкахь хаалуш бара динамиташан ницкъ.   Килсан тӀера куц-чкъор леладира метрополитен а, Советан Къинхьегаман а, Дуьхьало яран а гӀишло йеш[28].

1935-чу шарахь доладелира Советашан ЦӀа даран белхаш, амма Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болабарца сецира.

1956-чу шарахь Советашан ЦӀа дан хьашт ца хилар сацам бира.

1960-чу шарахь эц меттехь «Москва» бассейн схьайиллира. 1994-гӀа шо кхаччалц болх беш яра иза[29].

ЮхаметтахӀоттор[нисъе бӀаьра | нисъе]

Оьрсаш керст дин тӀелацаран 1000 шо кхачар даздинчул тӀаьхьа килс юхаметтахӀотторан хьалхара фонд кхоьллира. Амма 90-чу шерашан инфляци бахьан долуш гулдина ахча маьхза делира[30].

1994-чу шарахь 31 майехь Москован Патриархатас Килс юхаметтаххӀоттаран сацам бира. ГӀишло яран Советан коьртахь вара 2 Алексий Патриарх а, Москван Мэр Юрий Лужков а. Иштта цу юкъе йогӀуш вара Россин Исбаьхьаллин Академин профессорш- Николай Пономарёв а, Михаил Аникушин а, скульптор Зураб Церетели а, архитектор Михаиал Посохин а. Килсан пенаш хаздан йиллира Репин цӀарах йолу Петарбухан Суртдилларан а, Скульптуран а, Архитектуран а институт чуйогӀуш килсан-исторически суртдилларан отделени[31].

Керлачу килсан проект хӀоттайир архитекторш болу Михаил Посохинс а, Алексей Денисовс а. ТӀаьхьо Денисов меттан Церетели болх бан волавелира.

1999 шарахь КӀелхьараваккхархо Ӏийсан цӀарах Килс яран белхаш чекхделира. Дуьххьарлерчун килсан кепехь ю иза.

1999 шеран 31-чу декабрехь килсан лакхара гӀат схьадиллира. 6-гӀа-7гӀа январехь килс чохь даздира Ӏийса вина денна лерина ламасташ[31]

Цул тIаьхьа, Оьрсийн Керста Динан Килсан Архиерейски Соборан дакъалацархош килс сийлахь серлаяьккхира.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 Кутейникова, Репин, 2000, с. 8—11.
  2. Мостовский, 1883, с. 23.
  3. Мостовский, 1883, с. 3—4.
  4. Мостовский, 1883, с. 4.
  5. 1 2 Сироткин, 2000.
  6. Сироткин, 2000, с. 223—225.
  7. Медведкова, 1993, с. 465.
  8. Мостовский, 1883, с. 5—8.
  9. Медведкова, 1993, с. 466—467.
  10. Мостовский, 1883, с. 9.
  11. Мостовский, 1883, с. 13—18.
  12. Мостовский, 1883, с. 20—22.
  13. Сироткин, 2000, с. 227—228.
  14. Владлен Логинов Несчастная история. libelli.ru. Теллина 2018 шеран 30 майхь.
  15. Сироткин, 2000, с. 227.
  16. Храм Христа Спасителя, 2000, с. 13.
  17. Мощи святителя Филарета стали главной святыней храма Христа Спасителя. Православие.Ru, 9 июня 2004.
  18. Иванов, 1989, с. 66—74.
  19. Мостовский, 1883, с. 68—80.
  20. Храм Христа Спасителя в Москве, 1918, с. 9—10.
  21. Алина Клещенко Вехи истории храма Христа Спасителя: к годовщине освящения. Аргументы и Факты (2013, 7 июнь). Теллина 2018 шеран 31 майхь.
  22. 1 2 История строительства и восстановления Храма Христа Спасителя в Москве (оьр.). РИА Новости (8 июнехь 2013). Теллина 2018 шеран 30 майхь.
  23. Храм Христа Спасителя. Сайт Православной гимназии во имя Преподобного Сергия Радонежского. Теллина 2018 шеран 12 июнехь.
  24. Храм Христа Спасителя, 2000, с. 88—92.
  25. Рогачёв, 2014, с. 187.
  26. Анна Семёнова. Храм, который разрушил Иосиф.
  27. Знание-сила, № 7 (2011), стр. 126
  28. Броновицкая, 2015, с. 41, 250.
  29. История храма Христа Спасителя: проект Дворца Советов и бассейн «Москва». Комплекс градостроительной политики и строительства города Москвы. Теллина 2018 шеран 12 июнехь.
  30. Открытая политика, 1997.
  31. 1 2 Л. В. Ширшова Возрождение Храма Христа Спасителя. Российская Академия Художеств. Теллина 2018 шеран 11 июнехь.