Йугослави тle лаьлхарш йеттар (1999)
Йугослави тle лаьлхарш йеттар | |||
---|---|---|---|
Коьрта конфликт: Косовехь тӀом | |||
![]() Белград цу муьрехь, 1999 | |||
Терахь | 24.03 — 10.06.1999 | ||
Меттиг |
![]() |
||
Бахьна | Рачакехь шортта нах байъар а, Рамбуйхь чlaгlам ца бар а | ||
ЖамӀ | НАЧlЦ-ан толам | ||
Хийцамаш | Косово а, Метохи а дlaкъастар | ||
МостагӀий | |||
|
|||
![]() |
Йугослави тle НАЧlЦ-ан ницкъаша лаьлхарш йеттар (НАЧlЦ-ан кехаташкахь — тleман гlуллакх «Бертан ницкъ», инг. Operation Allied Force; вуьшта а леладо «Оьзда нуьйжа» (инг. Operation «Noble Anvil»[1] Iаьмаркехь олург), ткъа Сербийн махкахь Къинхетаме малик (сер. Милосрдни анђео, Noble Anvil нийса гоч ца дар[2]) —Йугославина дуьхьал НАЧlЦ-ан тleман гlyллакх, доладина 1999-чу шеран бекарг беттан 24-чу дийнахь, ткъа чекхдаьккхина асаран беттан 10-чу дийнахь.
Бахьанах лаьцна уггар даьржина хетарг — Косовехь цу хенахь боьдуш хилла болу тloм а, Йугославин суро цигахь дийриг а, боьхна бахнарш алсамбовлар а[3][4][5][6][7][8][9]. Амма кхин ойланаш а йу лаьлхарш йеттаран бахьанана гондахь.Шаьш цигахь дакъалацарна НАЧlЦ-но бехказло санна леладора ВКъЦ-но а[8][10][11][12], тайп-тайпанчу ШМЙЦ-аша а Йугославерчу куьйгалхоша дийриг йемалдар[13]. Кхин цхьа бехказло йу — Йугославис чlaгlaм ца бар Рамбуйхь[14].Амма оццу хенахь НАЧlЦ реза ца хилира ВКъЦ-ехула шайн тleгlортар бакъдайта, xlyнда аьлча цунна хетара Чинко а, Оьрсийчоьно а доьхкур ду аьлла ша дерг. Тlaьххьаре а ша дечунна «адамаллин ойланца ден тleгlортар» цle а тиллина НАЧlЦ-но долийнера ша дийриг ВКъЦ-ан бакъо а йоцуш, цо и дарца пе туьйхира йа дуьхьало йеш йоцуш, йа ВКЪЦ-ан кхерамзаллин кхеташоно сацийна а доцуш ницкъаца гlуллакх къасто ца магош долу ВКъЦ-ан лардйоза. Амма ВКъЦ-ан коьрта йозанча волу Кофи Аннана агloлецира НАЧlЦ-но дечунна «машар бархьама ницкъах пайдаэцар догly» аьлла[15].
Human Rights Watch-ан дустарехь эзар гергга Йугославин тleмагlуллакхо велира лаьлхарш йеттарх, цаьрца 528 вахархо а[16]. Ткъа Йугославис гойтура иштта терахьаш — 5,700 кхаччалц вахархо[17], laьмарко — 1,500 кхаччалц [18]. Йугославис шайн ницкъаш арабаьхча цигара бевдира 164,000 сербаш а, 24,000 циго а[19]. Къомана албанхой боцурш (цаьрца Йугославин leдална тle болх бина лорурш а) лечкъабеш а, хьийзош а, бойъуш а хуьлура[20][21][22][23].
Говзадешнаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дечу гlуллакхан НАЧlЦ-ан кехаташкахь бакъйина цle — «Бертан ницкъ»[24]. Амма и долушехь кхечу хьостанашкахь кхин цleраш а го.
Ала дашна laьмаркехь цунах олу «Оьзда нуьйжа» (инг. Operation «Noble Anvil»), xlyнда аьлча уьш бартхойн ницкъехь бара шайн «Оьзда нуьйжехула», цундела цигахь цунах и олуш leдал ду[1][25].
Ткъа Сербийн махкахь а, кхин долчу Йугославин мехкашкахь а цунах «Къинхетаме малик» (серб. Милосрдни анђео) ду олуш, и цle йаьлла хила мега йа Йугославин ШХГl-ш нийса ца кхетта дела, йа нийса гоч ца дарх, иза даьржина ду хиллачу Йугославин бахархошлахь (хила тарло Чинкан тхьамда тилкхазваьлла дела)[2].
Амма алсамо хезза Сербийн махкахь а, МПД-ан мехкашкахь а хилламан маьlна гloли достуш а, йоьшучунна дико дагахь лаьтташ долу а «НАЧlЦ-но лаьлхарш йеттар Йугослави тlе» йа «Йугославехь лаьлхарш йеттар», амма и дукхьолахь вочу агloр дуьйцуш йа цу хилламана вон мах хадош дуьйцуш леладо[26][27][28][29].
Цхьадолчу оьрсийн хьостанашкахь цунах «Къарлур боцу ницкъ» олура боху[30]. Ткъа боккъал и цle (Determined Force) йара 13.10— 23.03.1999 муьрехь дан деза аьлла леринчу гlуллакхан[31].
Дlaдоладале
[бӀаьра нисйан | нисйан]Шина а агloр тleман зуламаш деш а, къомана гамо хилар бахьана долуш нах нуьцкъалгla дlaкхелхийташ а болу тlом болабелира Косовехь 1996-чу шарахь, ткъа 1998-чу шеран чиллин беттан 28-чу дийнахь Косово паргlaтйаккха суро (КПС) кхайкхира Косово маьрша хилийта герзаца къийсам болабар[32][33][34]. Чиллин бутт чекхболуш — бекарг бутт болалуш болчу хенахь КПС-ан гlaттамхоша Косовехь болчу къепъларйархошна дечу тleлетаршна дуьхьал Йугославин кхерамзаллин ницкъаш тleлета Косовехь йуккъехь йолчу Дреница йуьртан кloштехь масех нах бехачу меттигашка. Гlуллакхехь вийнера КПС-ан хьалхабевлчарах цхьаъ (Адем Йашари), цу рогleхь 82 вахархо (цу йуккъахь бу 24 кleзга доцу бераш а, зударий а).Xlapa хилламо тидам байтира баккхамана шуренайукъарчу йукъаралле, иштта и бахьана хилира и къаьмнашлахь даржар[35].
Шадолу 1998-гla шо дlaдахара НАЧlЦ-но laткъам беш Белградана цаьрга цара Косовехь а, Метохехь а дийриг сацдайта. 1998-чу шарахь товбецан беттан 23-чу дийнахь ВКъЦ-ан кхерамзаллин кхеташоно тleийцира тloм сацбар тleдожош долу 1199 лоьмарца сацамйоза. Йугославин leдал къерахилира, тleбогlучу беттан 15-чу дийнахь НАЧlЦ-но куьйгалла а деш Косовехь Йугославис диллина сур арадаккха деза боху чlaгlaм бира. Чlaгlaм leдалан даре дирзира оханан беттан 25-чу дийнахь. Чlaгlaмна сакхо йар НАЧlЦ-но дара деш «Аьрзун бlaьрг» кхочушдарца.
Амма бина машар пайде ца хилира, цундела сербиийн а[33], албанхойн а[36] бахархошна тlаьхьа кхин дla гleло йора. 1999-чу шеран кхолламан баттахь Йугославин сурхоша а, къепъларйархоша а духадоладира шайн гlyллакхаш Косовехь, иштта цара тleдигира Косован а, Метохин а дозане 40 эзар адам долу сур.
НАЧlЦ баккхаме йукъайалал йукъарло йоцу бахьана хилира Рачакехь хилларг, цигахь xlyн дара аьлча КПС-но латтош йолчу йуьрта тle летачу хенахь 45 вахархо вийра, амма Йугославин агloно цхьа а тоьшалла доцуш уьш «Косовера тleмалой» бу элира[33]. И хиллачун бахьана НАЧlЦ дуьххьара йолайелира Йугослави тle эккхарш йетта мегар хьехо[37], ткъа кхолламан беттан 30-чу дийнахь НАЧlЦ кхерамаш тийса йолайелира Йугославина ша цунна тle эккхарш йеттар йу бохуш цо кхин дla а Косовера хьалхабаьллачаьрца машар бийцар дlaхедадахь[38].
Чиллин баттахь Зle йечу тобанца (Оьрсийчоь а, НАЧlЦ-ан мехкаш а) хилира шолгla машар бийцар Йугославин leдало а, Косоверчу албанхоша а Рамбуйхь. Дийцарех цхьа а йист ца йелира[38]. Бекарг беттан 18-чу дийнахь laьмарко а, Силабританис а хьажаре иэхьира тloм сацо дан дезачун сурт, цу чохь йаздина дара Косове маьрша шай-шайна урхалла дан leдал далар а, цига НАЧlЦ-ан ницкъаш чубигар а, ткъа Йугославернаш арабахар[39]. Цул сов, цига йукъатоьхнера Йугославерчу векалшна томе хир йоцу агlo «Косован лоруш йолу бакъо тleчlaгlйар «халкъан лаамца» кхо шо даьллачул тlaьхьа» бохург. Шайн ницкъаш арабахар а сербаша лорура латтанаш албанхошна дlaдалар санна[33][40]. Албанхой реза хилира машар бан суьртана, амма иза къобал ца йира Йугославис а, Оьрсийчоьно а. Бекарг беттан 23-чу дийнахь Йугославин векалш реза хилира массо а xlуманца НАЧlЦ-но Косове а, Метохе а шайн ницкъаш чубигар ца ларахь. Оццу дийнахь суьйренна НАЧlЦ-но сацийнера тleман гlуллакх дан Йугослави массо а агloнца резахиларна тleйерзо[41]. Цу тle НАЧlЦ-ан векалшна хоуьйтура шаьш жигара гlуллакхаш дан буьйлалур буй нагахь санна Йугославис ша Косовехь дийриг сац ца дахь а, баккхам машаре берзо бахьанаш ца леладахь а, цуьнан тleман зуламаш деш болу сурхошна тalзар дан дола ца дахь; кхидla кхузара хьал гал ца далийтархьама. И дlaхьедаршна пебетта leдал дара Слободан Милошевичан[1][9][14][42]. И xlyма хилла долушехь Йугославис ВКъЦ-ан сацамйозана а, машар барна а пе а тухуш шайн 40,000 тleмагlуллакхо тleвуьгу Косоваца дозане [7], уьш а дlaбевр бац цигара эккхарш йеттар доладелча бен[5].
ВКъЦ лерина хьожура цигахь долчу хьоле[43], амма цуьнан агlop тleгloрторна цхьа а бехкам бацара. НАЧlЦ-но дийриг чугloртар ду бохучу сацамйозанна кхо кхажа тесира (Оьрсийчоь, Намиби, Чинка) ВКъЦ-ан кхерамзаллин кхеташонехь[44]. Ткъа вуьшта тleгloртарна ачолла йолчара хила тарло боху НАЧlЦ-но ВКъЦ-ан КхКх-но бакъо йелла йоцушехь массара а бакъйиначу Йугославина дуьхьал динарг ВКъЦ-ан лардйоза а, шуренайукъара бакъо а талхор хилар[45].
НАЧlЦ дийриг дан йолайале беллачеран масалла дара 1,000 дийна адам (1998-чу шеран товбецан бутт хиллале), ткъа боьхна бахначеран — 400,000 адам, царах ах сов шайн цla вирзира 1998-чу шеран оханан бутт баьлча[32]. Human Rights Watch-ан дустарца боьхна бахначеран масалла дара 230,000 адам[46]. Ткъа шаболчу тlамехь 1999-чу шеран бекарг а, асаран а беттанийн муьрехь адамашлахь эшамаш хьалакхочу 10,000 тle, царах дукхохберш — Йугославин ницкъаша байъина Косовера албанхой[32].
Бахьанаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Коьрта хила тарлург
[бӀаьра нисйан | нисйан]НАЧlЦ-но дla ма хьедарра бахьана хилира шина агlop дечу тleман зуламаш а, цхьана къомах хилар бехкана адамаш нуьцкъалгla арадахар а, цо хьал кхин дla а талхо мегар, кхин а Йугославин мехк-урхалло машар хилийта бахьанаш йа ца дар, йа дарх кleлхьардийлар, цундела машарца баккхам дlaберзо догдохийла ца йуьсура[14]. Иштта, ала дашна, НАЧlЦ-но ша дийриг дале хьалха цара дозане хьатакхира 40,000 тleмагlуллакхо, хила тарло доккха тleгlортар дан кечлуш[6][7].
Бloстанехьа хетарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Балканийн гушламан lилманча Елена Гусковас боху и гlуллакх НАЧlЦ-но шайн laткъам цигахь чlaгlбархьама дина хила мега[47].
Цхьаболчу талламхоша хила тарло боху тloм «Wag the Dog» говзачу laлашонан дакъа хилар (ойла кхоллайелла цуьнца цхьана цlaрах йолчу хьажаxlyманах), laьмаркан бахархойн терго чоьхьарчу халонашна тleйирзинчара дlaйаккха[48].
laлашонаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Коьрта билгалйоху laлашонаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]НАЧlЦ-но Косован тlамехь 1999-чу шеран оханан беттан 12-чу дийнахь дlaхьедина йолу йуьхьарлаьцна laлашонаш йара[49]:
- Хьем боцуш муьлхха а тlом сацбар Косовехь, тleман зуламашна дуьхьало йар а, иштта БР Йугославис йен нах цхьана къомах хилар бехкана нуьцкъалгla арабаха сацдар.
- Арадахар йа герз схьаэцар шадолчу тleман а, къепъларйаран а, тleман кепарчу а вовшахтохаршкара.
- Машарбечеран ницкъаш дlaxlиттор Косовехь ВКъЦ-ан бакъонца.
- Аммадоцу а, кхерамза а бухабахкабар шаболу боьхна бахнарш а, нуьцкъалгla арабаьххарш а.
- Кхин дla хьал талхар а, иза кхин а баккхийчу барамашка далар а сацдар.
Бloстанехьа хетарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Балканийн гушламан оьрсийн талламхо Е.Ю.Гусковас хила мега боху цу тlaмехь НАЧlЦ-ан laлашонаш Сербехь а, Черногорехь а болу куьйгалхой хийцар а; уьш Буссенан агlончаш хилийта а; и шиъ йекъар а; Косово ша-шена гlaйгla бийр йолу пачхьалкх йар а; Йугославин тleман ницкъаш бохор а; паргlaт шайн ницкъаш церан массеран латтанаш тleхь дlaxlитто а; шен ваьшто чlaгlйар а; цуьнан тleман чloгlaлла зер а; керла герз зе а зуьйш тишаниг дохор; Европана НАЧlЦ-ан ладам гайтар а; кхул хьалха хилла а доцу ВКъЦ-ан КхКх-но къобалдина доцу тleман ницкъах пайдаэцар[47].
- ↑ 1 2 3 Bonnén, Preben. Towards a common European security and defence policy: the ways and means of making it a reality (en) // LIT Verlag Berlin-Hamburg-Münster. — 2003. — P. 188. — ISBN 978-3-8258-6711-9.
- ↑ 1 2 RTS, Radio televizija Srbije, Radio Television of Serbia. Poreklo imena "Milosrdni anđeo" . www.rts.rs. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 21 март. Архивйина 2022 шеран 21 мартехь
- ↑ Jordan, Robert S. International organizations: A comparative approach to the management of cooperation. — Greenwood Publishing Group, 2001. — P. 129. — ISBN 9780275965495.
- ↑ Yoshihara, Susan Fink. Kosovo // Flashpoints in the War on Terrorism. — Routledge, 2006. — P. 67–68. — ISBN 9781135449315.
- ↑ 1 2 Wave of Yugoslav troops, trucks leave Kosovo (инг.). CNN (1999 шеран 11 июнь). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 20 август. Архивйина 2014 шеран 9 мартехь
- ↑ 1 2 NATO Action Against Serbian Military Targets Prompts Divergent Views As Security Council Holds Urgent Meeting On Situation In Kosovo (инг.). UN Press (1999). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 20 август. Архивйина 2022 шеран 28 июлехь
- ↑ 1 2 3 Balkans Report (инг.). The Washington Post. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 20 август.
- ↑ 1 2 Ален Дежамме. Письмо постоянного представителя Франции при Организации Объединённых Наций от 4 июня 1999 года на имя Генерального Секретаря (ru) // S/1999/648. — 1999. Архивйина 2022 шеран 28 августехь.
- ↑ 1 2 Yoshihara, Susan Fink. Flashpoints in the War on Terrorism / под ред. Reveron, Derek S.; Murer, Jeffrey Stevenson. — Routledge, 2006. — С. 67—68. — ISBN 978-1-1354-4931-5.
- ↑ Security CounciL Condemns Failure Of Federal RepubLic Of Yugoslavia To Execute Arrest Warrants Issued By Former Yugoslavia Tribunal (инг.). UN Press. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 20 август. Архивйина 2022 шеран 20 августехь
- ↑ Security Council Imposes Arms Embargo On Federal Republic Of Yugoslavia, Pending Action To Resolve Kosovo Crisis . UN Press. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 20 август. Архивйина 2022 шеран 20 августехь
- ↑ U.N. Security Council condemns Kosovo massacre - Serbia (инг.). ReliefWeb.int. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 20 август. Архивйина 2022 шеран 7 ноябрехь
- ↑ Jordan, Robert S. International organizations: A comparative approach to the management of cooperation (en) // Greenwood Publishing Group. — 2001. — P. 129. — ISBN 978-0-2759-6549-5.
- ↑ 1 2 3 Suy, Eric. NATO's Intervention in the Federal Republic of Yugoslavia (en) // Leiden Journal of International Law. Cambridge University Press. — 2000. — No. 13. — P. 193—205. — DOI:10.1017/S-09221-56500000133. Архивйина 2022 шеран 28 апрелехь.
- ↑ Secretary-General Deeply Regrets Yugoslav Rejection Of Political Settlement; Says Security Council Should Be Involved In Any Decision To Use Force (инг.). UN Press. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 20 октябрь. Архивйина 2022 шеран 20 октябрехь
- ↑ Civilian Deaths in the NATO Air Campaign - The Crisis in Kosovo (инг.). HRW. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 21 март. Архивйина 2009 шеран 19 апрелехь
- ↑ The Kosovo Air Campaign . The Globe and Mail (2000 шеран 22 май). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 21 март. Архивйина 2022 шеран 21 мартехь
- ↑ Civilian deaths in the NATO air campaign (en) // Human Rights Watch. — 2000. — Февраль (vol. 12, no. 1). Архивйина 2022 шеран 28 мартехь.
- ↑ Human Rights Watch: Abuses Against Serbs And Roma In The New Kosovo (August 1999) (инг.). HRW. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 21 март. Архивйина 2012 шеран 2 сентябрехь
- ↑ Robert Hudson, Glenn Bowman. After Yugoslavia: Identities and Politics Within the Successor States. — Palgrave Macmillan, 2011-11-22. — 282 с. — ISBN 978-0-230-20131-6.
- ↑ United Nations High Commissioner for Refugees. Kosovo Crisis Update (инг.). UNHCR. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 21 март. Архивйина 2022 шеран 21 мартехь
- ↑ Forced Expulsion of Kosovo Roma, Ashkali and Egyptians from OSCE Participated state to Kosovo (en) // ОБСЕ. — 2006. Архивйина 2022 шеран 28 мартехь.
- ↑ Siobhán Wills. Protecting Civilians: The Obligations of Peacekeepers. — OUP Oxford, 2009-02-26. — 319 с. — ISBN 978-0-19-953387-9.
- ↑ ‘OPERATION ALLIED FORCE’: NATO IN KOSOVO, 10 YEARS LATER. — NATO Libary, 2009. — Т. 8.
- ↑ Operation Noble Anvil / Flexible Anvil / Sky Anvil . www.globalsecurity.org. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 21 март. Архивйина 2022 шеран 21 мартехь
- ↑ Годовщина агрессии НАТО. Как начались бомбардировки Югославии . ТАСС (2021 шеран 24 март). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 21 март. Архивйина 2022 шеран 1 мартехь
- ↑ Вучич заявил, что Сербия не вступит в НАТО из-за бомбардировок 1999 года . РБК. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 21 март. Архивйина 2022 шеран 17 мартехь
- ↑ Pre 22 godine počelo NATO bombardovanje SR Jugoslavije - Društvo - Dnevni list Danas (серб.) (2021 шеран 24 март). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 21 март.
- ↑ Dvadeset i dve godine od NATO bombardovanja: Šta se dešavalo u proleće 1999. (серб.). BBC News na srpskom (2021 шеран 24 март). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 21 март. Архивйина 2022 шеран 21 мартехь
- ↑ Полковник А. Алексеев. Анализ боевого применения авиации США в ходе операции «Решительная сила» . ТӀекхочу дата: 2012 шеран 22 июнь. Архивйина 2012 шеран 16 майхь
- ↑ National Defence. NATO Operation Determined Force . Canada.ca (2018 шеран 11 декабрь). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 21 март. Архивйина 2022 шеран 21 мартехь
- ↑ 1 2 3 Independent International Commission on Kosovo. The Kosovo Report (en). — 2000. — P. 2. — DOI:10.1093/0199243093.001.0001. Архивйина 2020 шеран 28 апрелехь.
- ↑ 1 2 3 4 Барабанов et al, 2012, с. 115.
- ↑ Гуськова, 2001, с. 660.
- ↑ Хьюман Райтс Вотч. Under Orders: War Crimes in Kosovo. — 2001. — P. 38—39.
- ↑ Lambeth, 2001, с. 7.
- ↑ Lambeth B. NATO’s Air War for Kosovo: A Strategic and Operational Assessment. Р. 11-14.
- ↑ 1 2 Lambeth, 2001, с. 8.
- ↑ Central, Southern and Eastern Europe. 2004. P. 536.
- ↑ Hosmer, 2003, с. 13—15.
- ↑ Барабанов et al, 2012, с. 116.
- ↑ Benjamin S. Lambeth. NATO's Air War for Kosovo: A Strategic and Operational Assessment (en). — RAND Corporation, 2001-01-01. Архивйина 2022 шеран 28 мартехь.
- ↑ Мир для Косово — Совета Безопасности: отчёты о заседаниях, резолюции и заявления Председателя Архивйина 2008-08-02 — Wayback Machine
- ↑ Юго-Восточная Европа в эпоху кардинальных перемен. С. 317.
- ↑ (ингалс.) Ноам Хомский о причинах войны НАТО против Югославии (видео) Архиван копи 2016 шеран 15 июнехь дуьйна Wayback Machine тӀехь
- ↑ Хьюман Райтс Вотч. The crisis in Kosovo. Архивйина 2009 шеран 28 апрелехь.
- ↑ 1 2 Гуськова Е. Ю. Сербы в необъявленной войне конца XX века. «Сохраняйте улыбку — это стиль Белграда» // Славянский мир в третьем тысячелетии. — 2015. — № 10. — С. 136—137.
- ↑ Glenn J. Antizzo. U. S. Military Intervention in the Post-Cold War Era: How to Win America’s Wars in the Twenty-first Century. LSU Press, Jun 1, 2010. С. 154—155.
- ↑ NATO Press Release (1999)051 - 12 April 1999 . www.nato.int. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 21 март. Архивйина 2018 шеран 28 июнехь