Йовлакх

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Йо́влакх[1], Кортали[1]кӀадин кийсиг, дукха хьолехь деакӀов йа кхосаболуш, леладо барзакъан дакъа санна йа иза дузуш.

Йовлакхан тайпанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Сурт ЦӀе Гайтар
Grand Duchess Elizabeth Feodorovna 01.jpg Апостольник Оьрсийн мозгӀар-аьзнин, йуьхь гайта ходана долу, белаш тӀе охьадолу, цхьабосса накха а, букъ а къовлу кортали. Дохаллехь гайн тӀе охьакхача тарло.
Bandana.jpg Бандана Касенкин кепара йа доккха йовлакхан кепара кортали. Ламаста банданаш до бесара бустамаш долчу кӀадех. Банданаш доьхку хьаж тӀе а, логах а (логан йовлакх).
Charles Edward Peregrini - Kate.JPG Канзу Дуткъа диагоналца шалха тоьхна деакӀов йовлакх йа доккха йеха йуьхьигаш йолу касенка, накхин тӀехь тӀекӀел даьккхина гӀодайуккъе дихкина, до дайн кӀадех (бойнах, кисех, батистах). Къовлу лаг а, некхан у а.
Кашне Лаган йовлакх, цуьнца къовлу лаг а йуьхьан лахара дакъа а, цунна йукъахь шийла йа мох болуш хенан-хӀоттам хилча, мара а.
Azerigirl ira.JPG Келагаи Дарин йовлакх, азербайджанийн къоман зударийн коьртах тохкурш.
Ion Andreescu - Peasant Woman with Green Kerchief.jpg Касенка Кхосаболу, дукха хьолехь басмин йовлакх.
Voyage to North by N.A. Shabunin (1906) 06.jpg Кустышкаш Архангельскан областан оьрсийн ламаста барзакъан корталин дакъа. Кустышкаш ду цӀен бесара тафтах дина шуьйра йовлакх, тӀекӀела туху 12 см шуьйра аса йой, доьхку коьртан гуонаха, шед хьаж тӀехь а болуш, ткъа йовлакхан йуьхьигаш охкайо агӀонаш тӀехь.
Prince Sultan.jpg Купи Божарийн кортали, леладо Ӏаьрбийн мехкашкахь.
Fullarton, A. & Co. Caucausus & Crimea. 1872 (T).jpg Марама ГӀирмин гӀезалойн ламаста зударийн кортали.
Мокуа Вьетийн ламаста зударийн кортали.
Handkerchief.jpg Мерах хьокху йовлакх КӀадин жима кийсиг, лерина мара цӀан бан, леладо кхин а бетах, йуьхьах хьокхуш йа хуьлу йеккъа декоран (кечваларан) Ӏалашо.
16 pocket squares.jpg Божарийн некхан тӀеуллу йовлакх КӀадин жима кийсиг, лелайо божарийн барзакъ дузуш (кечдеш).
Йовлакх Орамал Йуккъера Азехь оцу кепара йоьхкург лелайора говран береш йовхачу заманахь куьйн меттана. Советийн Союз йохале, кхечу исламан мехкашкара дин хьоьхурш бахккалц Йуккъера Азера бусалба зударша ламаста йовлакх («орамал») доьхкура бандана санна. Тахана а, хьуьжарш чекхйаьхна кегийра а, баккхийра а молланаша шариӀатан духар — хьиджабах лаьцна жигара динан хьехам бешшехь, дукхаха болу зударша хӀинца а доьхку йовлакх бандана кепара.
Оренбурган пухӀан йовлакх Оьрсийн ламастехь ша-кепара дуьйцина пухӀан йовлакх.
Portrait of the Lucian Popov's wife in a colorful kerchief.jpg Павловон-посадан дуьзна йовлакхаш Оьрсийн къоман йовлакхан кеп.
Солнцев Тихвинская женщина в повойнике 1831 crop.jpg Повойник Шира оьрсийн марера зударийн кортали, дукха хьолехь ахархойн, алсама йовлакх.
Убрус Малхбаленславяний зударийн кортали.
Gullager Salisbury.jpg Фишю Дуткъа лаг а, некхан у а къовлу кхосаболу йа диагоналца шалатоьхна дайн кӀадин (муслинан, батистан) йа бойнийн деакӀов йовлакх.
Muslim Girls in Shalimar Bagh Garden - Srinagar - Jammu & Kashmir - India (26237309834).jpg Хьиджаб ШариӀатаца лела зударийн кортали
Orange triangle shawl.jpg Бой Доккха дуьйцина йа кӀадин йовлакх.
Benoit Pierre Emery silk scarf.jpg Лаган йовлакх Галстукан ширайелла кеп; XXI бӀешарахь леладо логаххьарчорг санна.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 Исмаилов А. Оьрсийн-нохчийн дошам(нох.).

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Шангина И. И. Платок (плат) // Русский традиционный быт: Энциклопедический словарь. — СПб.: Азбука-классика, 2003. — С. 564—568. — 688 с.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]