Йазолг

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Горгалган йазолг

Йазолг[1], йāзуолг[1] — тӀаьхь (дукхах дерг кехат тӀехь) шекъан лар йуьту йаздаран гӀирс. Йазолгийн масийтта кеп хуьлу:

Гарголган а, гелийн а йазолгашкахь наггахь леладо «довшдолу» шекъа.

Термин а, истори а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Чу хуьйцу металлан месаш хӀоттош йолу йазолг.

Йаздаран месаш йевза ширачу заманахь, вайн эрал 3000 шо хьалха дуьйна, йеш хилла эрзах. Ингалсан дош «pen» (йазолг, олхазаран мас) схьадаьлла латиан дешах «penna» (олхазаран мас), йаздеш лелайора йуьхьиг орамехь ирйина гӀезан месаш. Уггаре дика йазолгаш кечйора гӀургӀазийн, москалийн, гӀезийн тӀемаш тӀийра йаккхийчу месех. Помпейн саьлнашкахь археологин карийна борзан месийн варианташ, амма уьш ца йаьржира XVIII бӀешо чекхдолуш бен. БӀешераш тӀаьхьа йукъайевлира автойазолгаш, капилляраллин система царна дагаеира Нью-Йоркан Канцелярин сурсаташ духкучу йохк-эцархочун Л. Е. Уотерманан (L.E. Waterman).

1944 шо герга даханчу хенахь мажархочо Ласло Бирос (László Bíró), тӀаьххьара машенийн а, герзан а гарголгийн подшипникан методашна тӀетевжина, капилляран татолна тӀетуьйхира гарголган механизм, тӀаккха дуьненна а гайтира гарголган йазолг.

Нохчийн термин «йазолг» схьадаьлла йаздар дешах.

Йозанан гӀирсан эволюци[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йозанан гӀирсан эволюцин ду 6000 шо сов, билгалдаьлла технологеш а, йозанан хьесапаш хийцинчу муьрашца, доца дийцича иштта го:

  • Вайш эрал 4000-3000 шо гергга хьалха — адамо сизнаш доху тӀуьна поппаран уьн тӀехь борзанан йа даьӀахкан гӀажца.
  • Вайш эрал 3000 шо гергга хьалха — мисархоша буьйлабелла шайн кхолламашкахь суьрташ дахка. Папирусан тептар тӀе йоза йаздо йуткъачу эрзан щетканца йа масца.
  • Вайш эрал 1300 шо гергга хьалха — румхоша йозанна леладора дуткъа балоз хьаькхна дечиган тахтанаш а, металлан мас а. Йаздинарг дойу месан шолгӀа йуьхьигца.
  • Йуккъера бӀешераш — пергамент йоцуш, ингалссаксаш лелайо тӀе балоз диллина тахтанаш. Цара йаздо металлан йа даьӀахкан цхьа агӀо ирйина, ткъа вукха агӀоно дӀайойу месашца.
  • 600—1800 ш. ш. — ирйина мас лелайаро йозанан хатӀ хуьйцаран тидам бина европахоша. Хьалха цара леладо даккхий элпаш, амма тӀаьхуо йукъадовлу кегийнаш йаз сиха дархьама. Месан йазолг (гӀезан мас), дуьххьара йукъайаьлла Севильяхь (Испани), иза йаздаран гӀирс санна лелийра вайн эран 600 - 1800 шерашкахь.
  • 1790-гӀа — грифелан къолам йукъабаьккхина, вовшен дозуш доцуш, Францехь а, Австралехь а.
  • 1800—1850 — металлан месан йазолган патент йаьккхира 1803 шарахь, амма патент коммерцин Ӏалашонна ца лелийра. Болатан месаш йукъаралло лело йолийра 1830-гӀа шерашкахь. XIX бӀешарахь металлан йазолгаш аратеттина йукъара йаха йолийра гӀезан месан йазолгаш. 1850-гӀа шерашкахь гӀезан месаш лелор хаъал лагӀделира, болатан йазолгаш тойича, месаш йан йолийра дезачу лаламашца тӀе иридий, родий, осмий тухуш.
  • 1884 — страховой агент волчу Льюис Эдсон Уотермен (Lewis Edson Waterman) йукъайаьккхина дуьххьарлера автойазолг.
  • 1888—1916 — горгалган йазолган белхан хьесап йукъадаккхаран хан йу XIX бӀешо чекхдолу зама. 1888 шарахь патент делла Джон Лаудан (John Loud), 1904 шеран 3 майхь — Джордж Паркеран, 11916 шарахь — Ван Вечтен Райзберган (Van Vechten Reisberg). Кхечу патентех къаьсташ, хӀара патенташ коммерцин Ӏалашонна лелийра.
  • 1940-гӀахӀокху заманан горгалган йазолг йукъайаккхар тӀейаздо Йозефан (Ласло) а, Джорджан а БирогӀарна (лакха хьаьжа). 1943 шеран аьхка йина хьалхара промышленностан экземпляраш. Патентан бакъо ийцира Британин Парламенто. Горгалган йазолг тӀемалоша лелийра ШолгӀа дуьненан тӀом болчу хенахь, хӀунда аьлчи лело атта а, онда а йолун дела месийн йазолгел.
  • 1945 — горгалган йазолг гучуелира АЦШн сурсатийн базаршкахь (патент деллачул 57 шо даьлчи), мах 12,5 доллар бара. Йазолг йухкура «хин бухахь а йаздеш йолу дуьххьарлера йазолг» бохуш. Аьтту корта хьовзош хилира. Нью-Йоркан йоккхачу универсалан туькан цхьаьна декъо, 29 октябрехь нах делкъана хӀума йаа балхара мукъа болуш, 10 000 йазолг йоьхкира.
  • 1953 — дуьххьарлера дукха еза йоцу горгалан йазолгаш йукъйевлла, BIC Co кхоьллинчу, горгалин йазолгаш йеш волчу французийн баронан Бикан (Bich), аьтту белира уьш йаран харжаш хаъал охьайаха технологин процесс тойар бахьнехь.
  • 1960 — Японехь йира фломастер (хьажа лакхахь). 1962-гӀа шарахь фломастераш йукъайовлу америкин базарахь, и базар дӀалоцу цуо. Йазолгаш йаран дакъошкахь кхуьу муьлхха а модификацин фломастерш йар, царна йукъахь маркераш а.
  • 1963 — японин Ohto Co компанис йира дуьххьарлера йазолг-роллер. 80-гӀа – 90-гӀа шераш чекхдовлуш хилла технологин прогрессо хаъал тойира роллераш массо а гайтамца.
  • 1984 — кхечу японин компанис, Sakura Color Products Corp, йира гелийн йазолгаш.
  • 1990-гӀа — йукъаралло тӀеоьцу тӀехула резина йоьллина йазолгаш, цара йазолган пӀелгаш тӀетаӀийна латтар лагӀдо.

Горгалан йазолг[нисйе бӀаьра | нисйе]

Гелийн йазолгийн йоза

Мажарчоьнан журналисто Ласло Бирос (Laszlo Biro) йина. Журналист дуккха а шерашкахь ваьхна Аргентинан гӀалахь, иштта йазолгехь, цуьнан сийнна «биромаш» олу, эпонимин цӀе «биро» йаьржина Европехь а.

Йуьхьанца Йоккха Британин Паччахьан тӀеман-хӀаваан ницкъашна лерина йара уьш, хӀунда аьлча месийн автойазолгаш болх ца бора хӀаваан кеманаш тӀехь дукха лакхахь.

Горгалан йазолгаш шина тайпана йу — цкъа лелориг а, чура чӀу хуьцург а.

Шен атталле хьаьжна ца Ӏаш, горгалан йазолг гӀарайаьлла дезчу денна (вина де, балхахь хьалаваккхар, тидам бахийта, кхин а) совгӀат санна. Иштта йазолг хилла социалан статус гойтург цхьацца йукъараллашкахь. Иштта йазолгаш йо механа дезачу металлех, ткъа иштта йузу тайп-тайпана жовхарех.

Оьздангалла[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 1960-гӀа шерашкахь Фишера йира Space йазолгаш, цаьрга болх балора атмосферан Ӏаткъам ноль болуш а, космосехь а, экстремалан температурашкахь а. Уьш йанле америкин аэрокосмосан агенталло NASA шен беттан программин къоламаш леладора, амма уьш сих-сиха кеглора, кхераме а дара космонавташна (чӀешалгаш бӀаьрга яха тарлора). Цул сов, дечиг кхераме йара цӀе йаларна кислородан атмосферехь. Тидам бан беза, и йазолгаш шеш йац космосехь лелон йиш йолчарех, горгалган йазолгаш а иштта дика хуьлу ([1], астронавт Педро Дук).
  • Кхин а ду самукъане легенда-анекдот, цуьнца NASAс доьхкина миллион доллар космосан горгалган йазолгаш йан гӀерташ, ткъа оьрсаша космосехь къолам лелийна. И масала даладо пайденца шен бала листийтархьама. Бух болуш хӀума-м дац иза[2].
  • Шен шекъа дӀадайа таро йолу йазолгаш чӀогӀа яьржира 1980-гӀа шераш долалуш 1990-гӀа шераш дуьйладаллалц. Арахецара сийна, Ӏаьржа, цӀиен шекъа долуш. Йазолгаш йукъара дӀайевлла йовла йохку, шекъа дика ца хиларна, массо хенахь шекъа дӀадойуш ца нисло дера, лело билгала меттиг йоцун дера.
  • Йу гӀарайаьлла хобби, иза йукъайаьлла Японехь[3], йаьржина дерриг дуьненахь — пенспиннинг, йа «йазолг хьийзор». Оцу манипуляцин кепахь, коьрта роль йу йазолган а, пӀелгийн ма́саллан а.
  • 21-гӀа бӀешо долалуш йаьржира «тактикан йазолг». Шен куьцаца, изза йазолгаш тӀусца, амма йина наштарх, титанах йа мекх ца дулу болатах. Кхечарех къаьста пенаш стаммий хиларца, бен Ӏаткъамна максимум чӀогӀа хиларца, цуо лело таро йо иза кастет-яваран меттана.

Масца хаамаш чубоху компьютер[нисйе бӀаьра | нисйе]

Башха манипулятор, тӀехула тера йу йазолгах, таро ло куьйга хаамаш компьютеран чубаха. Цул тӀаьхьа чудаьхна вастийн интерпретаци йанло сийлаллаш оптикаца йовзаран системаца. Хьажа Серлонан мас, Графикин планшет, Сенсоран экран, Стилус.

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 Вагапов А.Д., Навразова Х.Б. Нохчийн меттан дешаран терминех лаьцна керланиг. — Соьлжа-ГӀала, 2019. — 255-260 а..
  2. Чем пишут в космосе?
  3. О пенспиннинге

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]