Ишоре

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
(Ищёрски дӀасахьажийна кхузе)
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Эвла
Ишоре
IMG 20180112 144854 Ишорен администраци.jpg
Пачхьалкх Росси
Регион Нохчийчоь
КӀошт Неврен
Юьртан меттиг Ишорен
Координаташ 43°42′55″ къ. ш. 45°07′35″ м. д.HGЯO
Юкъара екъаялар Ишоре, Дальни, Кречетов
Юьртда Хулаев Ахьмад
Дуьххьара хьахор 1771
Климатан тайпа Бараме
Бахархой 4899[1] стаг (2019)
Къаьмнийн хӀоттам Нохчий, оьрсий, туркой
Динан хӀоттам Ислам, керсталла
Сахьтан аса UTC+3
Поштан индекс 366132
Автомобилан код 95, 20
ОКАТО 96222804001
Ишоре картан тӀехь
Ишоре картан тӀехь
Red pog2.svg
Ишоре картан тӀехь
Red pog2.svg
Ишоре картан тӀехь
Red pog2.svg

Ишо́ре (оьрс. Ищёрская) — Нохчийчоьнан Невран кӀоштара гӀала. Ишорен юьртан меттиган административан юкъ[2] (юкъайогӀу Ишоре гӀала, Дальни эвла а, Кречетово кӀотар).

Географи[нисъе | нисъе чухулара]

ГӀала лаьтта Теркан-Куман аренахь, Теркан аьрру бердаца, кӀоштан центран Новр-ГӀалан 15 км малхбузехьа, Теркан кӀоштан центран ЧӀулга-Юртан 5 км къилбаседехьа, Алпатун 7 км къилба-малхбузехьа[3], Нохчийн Республикан Ставрополан мехкаца долчу административан дозан 4 км гена.

Ишорен юьртан меттиган юкъара нах беха меттигаш[нисъе | нисъе чухулара]

Кречетов кӀотар[нисъе | нисъе чухулара]

  • Кречетов кӀотар юкъайогӀу Ишорен юьртан меттиган административан юкъан[2]. Лаьтта Ишоре гӀалан къилбаседехьа. Бахархой хьалха хилла йолу «Россия» совхозан белхалой бара. ХӀинца совхоз йоьхна.

Дальни[нисъе | нисъе чухулара]

Дальни эвла юкъайогӀу Ишорен юьртан меттиган административан юкъан[2]. Лаьтта Ишоре гӀалан къилбаседехьа.

Топонимаш[нисъе | нисъе чухулара]

КӀотарш лаьттина меттигаш[нисъе | нисъе чухулара]

  • Баскаковн кӀотар – Ишоре гӀалан къилбаседа агӀора меттиг, хьалха цигахь лаьттина иштта цӀе йолу аьхка а, Ӏай а даьхний кхобу кӀотар.
  • Бычковн кӀотар – Ишорен къилбаседехьара меттиг, хьалха цигахь лаьттина иштта цӀе йолу кӀотар.
  • Лукъянан кӀотар – Ишоре гӀалан малхбален йисттера меттиг. Хьалха кхузахь хьал долчу гӀазакхийчуьн Лукъянан кӀотар хилла.
  • Новобычковн кӀотар – Ишоре гӀалан къилбаседа агӀора меттиг, цигахь лаьттина иштта цӀе йолу хьал долу гӀазакхийчуьн Бычковн кӀотар.
  • Новомельниковн кӀотар – Ишоре гӀалан къилбаседа агӀора меттиг. Хьалха и кӀотар аьхка а, Ӏай а даьхний кхобуш лелош хилла.
  • Орловн кӀотар – Ишоре гӀалан малхбуза агӀора меттиг. Хьалха кхузахь хьал долчу даьхнийлелорхочун Орловн кӀотар хилла.
  • Сборни кӀотар – Ишоре гӀалан малхбален агӀора меттиг. Хьалха иштта цӀе йолуш кӀотар хилла. Къаноша дийцарехь, кӀотар кхоллаелла керла балийна гӀазакхий гуллалучу ирзухь.
  • Старомельниковн кӀотар – Ишоре гӀалан къилбаседа агӀора меттиг, хьалха цигахь лаьттина иштта цӀе йолу хьал долчу гӀазакхийчуьн кӀотар. Старомельниковн кӀотарна гергахь хьалха хилла Новомельниковн кӀотар.
  • Хрусталевн кӀотар – Ишоре гӀалан малхбузера меттиг, цигахь лаьттина иштта цӀе йолу хьал долу гӀазакхийн хилла кӀотар.
  • ХӀирийн кӀотар – Ишоре гӀалан малхбузера меттиг, цигахь лаьттина иштта цӀе йолу хьал долу хӀирийша йиллина кӀотар.
  • Чернышевн кӀотар – Ишоре гӀалан къилбаседа агӀора меттиг, цигахь лаьттина аьхка а, Ӏай а даьхний кхобу кӀотар.
  • Чикулаевн кӀотар – Ишоре гӀалан къилбаседа агӀора меттиг, хьалха цигахь лаьттина иштта цӀе йолу кӀотар[3].

Бошмаш[нисъе | нисъе чухулара]

  • Колесниковн бошмаш – Ишоре гӀалан къилбаседехьара меттиг, цигахь иштта цӀе йолу паччахьан инарлан Колесниковн бошмаш лаьттина, бошмашкахь болхбеш хуьлура ялхой а, салтий а.
  • Краюшкинан бошмаш – Ишоре гӀалан къилбаседехьара меттиг, цигахь иштта цӀе йолу хьал долчу гӀазакхийчуьн Краюшкинан бошмаш лаьттина.
  • Лопатинан бошмаш – Ишоре гӀалан къилбаседехьара меттиг, цигахь иштта цӀе йолу бошмаш лаьттина[3].

Хьаннаш[нисъе | нисъе чухулара]

  • Дешийн хьаннаш – иштта цӀе хилла Теркан аьрру бердан атагӀан чуьра, Ишоре гӀалан къилбехьара хьаннаш. Дешийн хьаннаш олуш хилла, цигахь гӀишлошъярехь лело мегаш йолу дечигаш йохуш хиларна.
  • Жима Гола – лаьтта Ишоре гӀалан къилба-малхбузехьа.
  • Йоккха Гола – Терко голатухучу меттигера, Ишоре гӀалан къилбехьара хьун.
  • Сибилиха – хьуьнан массив. ЦӀе схьаяьлла гӀазакхийчун фамилех. Иза хилла чӀогӀа говза таллархо, цуо оцу хьуьнхахь куьйранаш а лоьцуш, талла Ӏамош хилла, тӀаккха духкуш хилла олхазарш.
  • Сосовн хьун – лаьтта Ишоре гӀалан къилбехьа, Теркан аьрру бердаца.
  • Хурониха – Ишоре гӀалан къилбан йисташкара хьун[3].

Баьрзнаш[3][нисъе | нисъе чухулара]

  • Барышниковн барз – юккъерачу бӀешеран кошан барз, лаьтта Ишоре гӀалан малхбузехьа. Барышников – оьрсийн антропонимин фамили ю. ЦӀе елла оцу барзан гуонахьара латтан дакъа Барышниковн хилар бахьнехь.
  • Городбище барз – Ишоре гӀалан къилбаседа-малхбузера кошан барз болу меттиг.
  • ГӀалмакхойн барз – кошан барз лаьтта Ишорен къилбаседехьара меттиг. Этноним тюркийн меттанашкара ю: «кхалмыкх» - тӀехьабисинарш.
  • Жанжалинан барз – юккъерачу бӀешеран кошан барз, лаьтта Ишоре гӀалан малхбалехьа. Жанжалин – наггахь бен ца хуьлу оьрсийн фамили.
  • Закутинан барз – Ишоре гӀалан къилбаседа-малхбузера кошан барз болу меттиг.
  • Куоканийн барз – Ишоре гӀалан къилбаседа-малхбузера тӀе куоканийн коьллаш евлла кошан барз болу меттиг.
  • Косовн барз – кошан барз болу меттиг Ишорен къилбаседехьа.
  • Междуярский барз – юккъерачу бӀешеран кошан барз, лаьтта Ишоре гӀалан малхбузехьа.
  • Серебряковн барз – Ишоре гӀалан къилбаседа-малхбузера кошан барз болу меттиг.
  • Хохолийн барз – кошан барз Ишорен къилбаседехьа.
  • Часовницкийн барз – юккъерачу бӀешеран кошан барз, лаьтта Ишоре гӀалан малхбузехьа.
  • Шина вешийн барз – Ишоре гӀалан къилбаседа-малхбузера кошан ул-уллехь ши барз болу меттиг.

Кхин топонимаш[нисъе | нисъе чухулара]

  • Булгаков атагӀа – Ишоре гӀалан къилбаседехьара шера меттиг.
  • Дешийн атагӀа – иштта цӀе яра Ишоре гӀалан къилба-малхбален агӀора, Теркан аьрру бердан атагӀан. И цӀе елла кхузахь чӀогӀа дика, хьена латташ долун дела.
  • Кхазакх кхую – Ишоре гӀалан къилбаседехьара меттиг. Гочдича хуьлу «ГӀазакхийн гӀу».
  • Кхыркхыз кхую – иштта цӀе йолу хин хьост долу Ишоре гӀалан къилбаседехьара меттиг. Ма-дарра «ГӀиргӀизойн гӀу».
  • Мазалкан некъ – Мазалкний, гӀизларний юкъара шоссен некъ, цуо вовшашца уьйр латтайо массо а Теркан хьуьнан йисттехула йолчу эвланашца а, гӀаланашца а (Ишоре, Алпату, Новр-ГӀала, Макан-ГӀала, Савельевски, Гал-ГӀала, Новотерски, Керла Солкушино, Левобережни, Салт-ГӀала, Оьрз-ГӀала, Новощедрински, Шелковски, Гребенски, Старогладовски, Курдюковски, Каргалински, Дубовски, Бороздиновски). Оцу новкъан ю кхин а цхьа цӀе, Мазалк-ГӀизлар некъ, хӀинца а йолуш йолу. Цуьнга нисса боьду цӀерпоштнекъ. Мазалкан некъ дехьа болу тӀайнаш тӀехула Теркан аьтту берда тӀе Ишорехь, Оьрз-ГӀалахь, Гребенскехь.
  • Нефтекачка – Ишоре гӀалан малхбузехьара меттиг, цигахь лаьтта мехкдаьтта тотту станци[3].

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Ишоре йилларан билгала терахь хууш дац. Дуьххьара хьахийна 1771 шарахь, оцу хенахь кхоьллира Мазалкан гӀазакхийн аса, цунна юкъаяхара гӀала. 1772 шарахь Ишорехь хилла Пугачёв Емельян, иза гӀалагӀазкхаша алапа а, даар а деха хьажийра Москоха, амма Мазалкехь постехь Пугачёв лецира[4] (тӀаьхьуо цуьнан аьтту белира хойх вада).

1926 шеран хьолашкахь Ишоре гӀала юкъайодара Къилбаседа-Кавказан мехкан Теркан гуон Невран кӀоштан Ишорен сельсоветан. 1926 шеран бахархой багарбаран жамӀашца, гӀалахь вехара 4312 стаг, царех оьрсий — 3255[5].

Бахархой[нисъе | нисъе чухулара]

Беха Ишорехь нохчий а, гӀазакхий а, туркой а. Алсама бу нохчийн хьачарой, чӀинхой, чартой, шарой, зумсой, аьккхий тайпанийн векалш[3].

Бахархойн дукхалла
1926[6]2002[7]2010[8]
430949304808
Къоман хӀоттам

ГӀалин бахархойн къоман хӀоттам 2002 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца[9]:

Къам Барам,
ст.
Берриг
бахархойх дакъа, %
нохчий 3 227 65,46 %
туркой 803 16,29 %
оьрсий 747 15,15 %
гӀалгӀай 22 0,45 %
украинаш 20 0,41 %
кхин берш 111 2,25 %
берриш 4 930 100,00 %

ГӀалин бахархойн къоман хӀоттам 2010 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца[10]:

Къам Барам,
ст.
Берриг
бахархойх дакъа, %
нохчий 3 482 72,42 %
туркой 756 15,72 %
оьрсий 521 10,84 %
кхин берш 49 1,02 %
берриш 4 808 100,00 %

ГӀарабевлла бахархой[нисъе | нисъе чухулара]

Транспорт[нисъе | нисъе чухулара]

ГӀалахь ю цӀерпоштнекъан станци Ишоре, 2018 шарахь Теркан тӀехула керла тӀай диллина, шираниг дӀа а даьккхина, чекхболу автотрасса МазалкГӀизлар.

Кхузахь лаьтта Невран кӀоштан Пачхьалкхан некъаш лелоран урхалла.

Топографин карташ[нисъе | нисъе чухулара]

Галерей[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Письмо Территориального Органа Федеральной службы Государственной статистики по Чеченской Республике от 09.07.2019г., №АМ2009/52-МС
  2. 1 2 3 Закон Чеченской республики № 47-РЗ от 14.07.08 (doc). — Об образовании муниципального образования Наурский район и муниципальных образований, входящих в его состав, установлении их границ и наделении их соответствующим статусом муниципального района и сельского поселения. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 13 апрелехь. Теллина 2012 шеран 11 февралехь.
  3. 1 2 3 4 5 6 7 Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006
  4. Протокол показаний Е. И. Пугачёва на допросе в Моздокской комендантской канцелярии
  5. Поселенные итоги переписи 1926 года по Северо-Кавказскому краю. Ростов-на-Дону. 1929. С. 320.
  6. Список населённых мест Терского округа по данным на 1 января 1927 года. Теллина 2017 шеран 12 июнехь.
  7. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 3 февралехь.
  8. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 9 майхь. Теллина 2014 шеран 9 майхь.
  9. Этнокавказ. Национальный состав Наурского района по переписи 2002 года
  10. Том 4 книга 1 «Национальный состав и владение языками, гражданство»; таблица 1 «Национальный состав населения Чечни по городским округам, муниципальным районам, городским населённым пунктам, сельским населённым пунктам с численностью населения 3000 человек и более».