Италин-туркойн тӀом

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Италин-туркойн тӀом
Коьрта конфликт: Африка колонешка екъар
Ӏусманан импери йохар
Zeplin orta.jpg Италин дирижаблаш бумбанаш кхуьйсу туркойн позицешна Ливин махкахь
Терахь 1911 29 сентябрехь1912 18 октябрехь
Меттиг Ливи, Эгейн хӀорд
Бахьна Итали паччахьаллин экспанси
ЖамӀ Итали паччахьаллин толам. Ливи а, Додеканес а Италех схьатохар.
МостагӀий

Итали паччахьаллаFlag of Italy (1861–1946).svg Итали паччахьалла

Ӏусманан империFlag of the Ottoman Empire.svg Ӏусманан импери

БӀаьччаш

Royal Standard of Italy (1880–1946).svg Виктор Эммануил III
Итали Канева Карло

Imperial standard of the Ottoman Sultan.svg Мехьмед V
Ӏусманан импери ИсмаӀил Энвер-паша

Массон ницкъаш

34 000 салтий[1]

4800—8000 туркойн салтий[2][3]
20 000 местных ополченцев[3]

Белларш

7630 салтий[хьост?]

15 370 салтий[хьост?]

Commons-logo.svg Аудио, суьрташ, видео Викилармехь

Италин-туркойн тӀом, я Туркойн-италин тӀом, кхин а бевза Италехь «Ливин тӀом» (итал. Guerra di Libia) аьлла, ткъа Туркойчохь «Триполин тӀом» (турк. Trablusgarp Savaşı) аьлла — 1911 шеран 29 сентябрера 1912 шеран 18 октябрь кхаччалц (386 де) хилла Италин паччахьаллин а, Ӏусманан империн а юкъара тӀом. Италис схьабаьккхина Ӏусманан империн областаш Триполитани а, Киренаика а (хӀинцалера Ливин мохк), ткъа кхин а грекийн мотт буьйцу архипелаг Додеканес (цунна юкъахь Родос гӀайре а).

И тӀом шен масштабашца Дуьненан хьалхарчу тӀемца буста мегар дацахь а, иза хилира цунна тӀе некъ баьккхинарг, хӀунда аьлча цуо национализм айира балканан пачхьалкхашкахь. ТӀамо гайтира туркойн эскаран ледарлонаш, Ӏусманан империн хала хьал гуш, Балканан бартан декъашхой тӀелетира цунна, Италин дуьхьала долу тӀемаш чекхдовлале. Италин-туркойн тӀамехь дуьххьала лелийра тӀеман-техникан прогрессан керла кхиамаш: радио, авиаци, бронеавтомобилаш.

Италин-туркойн тӀеман статистика[нисъе бӀаьра | нисъе]

ТӀом беш долу мехкаш Бахархой (1911 шарахь) Салтий вовшахтоьхна Салтий вийна Салтий лазийна Чевнех белла Цамгарех белла
Итали 35 131 800 100 000 1100[1] 4250 332 1948
Ӏусманан импери 22 500 000 28 000[2] 4500 5370 1500 4000
БЕРРИШ 57 631 800 128 000 5600 9620 1832 5948
  1.  324 тӀепаза вайна салтий воцуш.
  2.  Царех 20 000 Ӏаьрбий а, 8 000 турко а.

ТӀеман бахьнаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

ТӀеман лерина Италин открытка. 1911 шо.

Итали, керла кхоьллина пачхьалкх, кхин колонин пачхьалкхаш санна лохуш яра сурсаташ дохка меттиг, шен колонин латташ шордан гӀертара. Италихой буьйлабеллера Ливин чубаха дипломатин кечам XIX бӀешеран чеккхенгахь дуьйна, ткъа тӀеман — XX бӀешо долалуш дуьйна. Италин юкъараллин ойлана Ливи гойтура шортта пайден маьӀданаш долу а, дика Ӏаламан хьал долу а, кхин тӀе берриш 4 эзар туркойн салтийчо бен ларбеш боцу мохк санна. Италин пресса оцу хенахь гӀертара италихой тешо, Ливин бахархой зуламе дог-ойла йолуш хиларх туркошна, италихой безаш а, царна италихой шайн туркойн Ӏазапах хьалхабохурш гар. Кхин а царна моьттура Ливи чубахар «суьйрана пхьогӀане валар» санна хир ду».

Италис Ливех дерг дӀахьедира Берлинан Конгрессал тӀаьхьа, цигахь Франци а, Йоккха Британи реза хилира Тунисан а, Кипран (ший а мохк оцу хенахь гӀеллучу Ӏусманан империн юкъахь бара) оккупацин хӀораммо а. Италин дипломаташа хаийтича шайн правительство дуьхьала хила магар, французаша жоп делира, Триполи дӀаелла Италин Ӏаткъаман сфере. 1900 шарахь Италис реза йира Франци бартца Триполи а, Киренаика а дӀалацийта. Французийн пресса шуьйра иэцаро кӀезиг гӀо ца дира Францин дика хуьлийта позици латто. 1909 шарахь Раккониджин бартаца Италис реза йира Росси а. Италин политикаш чот йора, Германи а, Австро-Мажарчоь а иштта Ӏийр ю дуьхьало ца еш, юхкура ю юкъаметтигаш шеш гӀодеш йолчу Туркойчоьнан.

Дипломати тӀом боьдучу хенахь[нисъе бӀаьра | нисъе]

1911 шеран аьхке хуьлуш италин правительство чекхбаьккхира тӀеман кечам. Италин премьер-министр Джолитти Джованни европера правительствийн Ливи чудагӀа магарх йолу дог-ойлана талла волавелира. Европан пачхьалкхийн кортошкара оьшу жоп кхаьчна, италин правительство кховдийра «Ӏусманан цхьаьнакхетар а, прогресс а юкъараллин» ультиматум, цуьнца Туркойчоьне 48 сахьтехь шайн эскарш Ливера арадаха бахара. Къуона туркойн правительство австрийн юкъараллийца хаийтира тӀом ца беш Ливи дӀаяла кийча хилар, амма махкахь формалан Ӏусманан урхалла юьтуш. Итали реза а ца хилла, тӀом кхайкхийра Туркойчоьнан 1911 шеран 29 сентябрехь.

28 сентябрехь италин правительство дӀахьажийра Порте ультиматум. …Иза долалора дӀахьедарца, Туркойчоьно латтайо Триполи а, Киренаика а низам а доцуш, къиен хьолехь. Цул тӀаьхьа дара арзнаш туркойн Ӏедало Триполера италин предприятешна новкъарлонаш ярах лаьцна. ЖамӀ цецвоккхуш дара: «Италин правительство, шайн сий а, хьаштош а ларъян дезна, барт бина Триполин а, Киренаикан а тӀеман оккупаци ян дуьйладала». Туркойчоьна кховдийра кӀезиг а, дукха а доцуш гӀодар шайн мохк схьабоккхуш, болх беш, италин эскаршна «цхьан а дуьхьало ца хуьлийтарехь»[4].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Italy. Esercito. Corpo di stato maggiore The Italo-Turkish War (1911-12). — 1914.
  2. Youssef Aboul-Enein and David Trandberg Arab Thoughts on the Italian Colonial Wars in Libya. Small Wars Journal (6 March 2012). Теллина 2013 шеран 14 ноябрехь.
  3. 1 2 The History of the Italian-Turkish War, William Henry Beehler, page 14
  4. История дипломатии от Древнего мира до наших дней. Гл. 10. Борьба Антанты и австро-германского блока (1908—1911 гг.)