Чулацаман тӀегӀо

Исмаилов, Адам Ӏаламатан воӀ

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Исмаилов Адам
Йуьззина цӀе Исмаилов Адам Ӏаламатан воӀ
Вина терахь 1976 шеран 1 май({{padleft:1976|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:1|2|0}}) (49 шо)
Вина меттиг Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС
Гражданалла  ССРС Росси
Локхалла 179 см см
Йозалла 73 кг кг
Позици кевнахо
Клубнан карьера[* 1]
1991 Байракх ССРС Вайнах
1992 Росси Аьрзу 4 (−?)
1993—1994 Росси Урарту/Гигант 25 (−?)
1998—2000 Росси Автодор 31 (−21)
2001 Росси Терк 21 (−17)
2002 Росси Спартак-Наур ЙФЛ
2003 Росси Шахтёр (Шахты) 5 (−8)
2003—2004 Азербайджан Карабах-Азерсун 12 (−4)[1]
2004—2005 Росси Терк 1 (0)
2006 Росси Магас-ИСУ ЙФЛ
2006 Росси Ангушт 9 (−18)
2009 Росси Ангушт 1 (0)
2010 Молдави Дачия (Кишинёв) 1 (−4)
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.

Исмаи́лов Ада́м Ӏалама́тан воӀ (1976 шеран 1 май, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, ССРС) — российн нохчийн футболист, кевнахо.

Шен карьера йолийра Россин чемпионатехь шен 16 шо долуш Аьрзу Соьлжа-ГӀала тобанца, цул тӀаьхьа ловзуш вара Гигант, иза левзира хьалхара оьрсийн-нохчийн тӀом болабаллалц, тӀаккха команда йуьйхира, ткъа ша Исмаилов кхаа шарахь футболехь воцуш висира. 1998 шарахь иза дехьавелира БуритӀера «Автодоре». 2001 шарахь дехьавелира денйинчу «Терк» футболан клубе, цул тӀаьхьа ловзуш вара Шахтерчу «Шахтер» клубехь, кхин дӀа йухавеара Соьлжа-ГӀала, «Терк» тобанца ПФЛ хьалхара дивизионехь толам баьккхира, амма цкъа а дебют ца йира Россин футболан чемпионатехь, резерван чемпионатехь кхо ловзар бен ца ловзуш. 2006 шеран йуьххьехь иза ловзуш вара йезархойн «Магас-ИСУ» клубехь, амма 2006 шеран шолгӀа дакъа даьккхира Несарахь футболан «Ангушт» клубехь. 2006-чу шо чекхдаьллачул тӀаьхьа «Ангушт» банкроталла бахьана долуш профессионалан статус дӀайаьккхира, ткъа ша Исмаилов шина шарахь футболехь воцуш висира. Амма 2009-чу шеран январь баттахь ГӀалгӀайчоьнан президента Евкуров Юнус-Бека дӀакхайкхийра республикехь керла Ангушт йуха а кхуллур йу аьлла. Цул тӀаьхьа тобанан тренерийн штабо теллина гергарчу хьесапехь 80 ловзархо, шайна йукъахь гӀалгӀайн футболан кхечу ветеранашца цхьаьна дӀаэцна Исмаилов а волуш[2]. 2010 шеран январехь ДоттагӀаллин кедехь шен ловзаран хьалхарчу дийнахь, Хасханов Мохьмадца а, Ахильгов Хьусейнца а цхьаьна Кишинёвра Дачия йукъа бахна[3]. Команде кхоалгӀа кевнахо санна дӀакхийтира, амма лазарш а, тобанера дисквалификаци а бахьана долуш, цо шен дебют йира къоман чемпионатехь 13 мартехь, матчехь «Олимпияца» 4 буьрка чуйахийтина[4].

Азербайджанан байракх «Карабах-Азерсун»
Российн байракх «Терк»

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Kim oynadı, kim vurdu – 2003/04(азерб.)
  2. В Ингушетии возрождается большой футбол. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 15 ноябрь. Архивйина 2017 шеран 25 февралехь
  3. Новички «Дачии»: досье. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 15 ноябрь. Архивйина 2016 шеран 5 августехь
  4. «Олимпия» вновь входит в зону Лиги Европы! Дачия — Олимпия 2:4