Иран

32°29′46″ къ. ш. 54°17′42″ м. д.HGЯO
1000 йукъара цхьа йаззам
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ХӀара хӀокху агӀонан тишйелла верси йу, Ӏалашйина CheWikibot (дийцар | къинхьегам) декъашхочо (2019, 11 май, 23:12). Иза баккъалла а къаьсташ хила мега карара версица.
Иран
гӀаж. جمهوری اسلامی ایران
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Девиз: «Йозуш цахилар, Маршо, Исламан Республика»
«اﺳﺘﻘﻼﻝ، ﺁﺯﺍﺩﻯ، جمهوری اسلامی»
«
Эстекълаль, азади, джомхӀури-йе-эсломи»
Иранан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Кхоьллина 1979 шаран 1 апрель
(Исламан революци)1979 шаран 1 апрель
(Исламан революци)
Официалан мотт гӀажарийн
Коьрта гӀала ТехӀеран
Урхаллин тайпа Исламан республика
Лакхара куьгалхо
Президент
цхьалгӀа вице-президент
Ӏали Хаменеи
Хьасан Рухьани
Эшаг Джахангири
Пачхь. дин ислам, шиӀиташ
Латта
 • Шадерг 1 648 000 км² (17-гӀа дуьненахь)
 • % хина тӀехле 0,7
Бахархой
 • Мах хадор 79 853 900[1] стаг
ДЧС
 • Шадерг (2012) 997,4 млрд[2] долл.
 • ХӀораннан а сина 13 100[2] долл.
Ахча Иранан риал (IRR, код 364)
Интернет-доменаш .ir
Код ISO IR
Код МОК IRI
Телефонан код +98
Сахьтан аса +3:30 (аьхккий — UTC+4:30), IRST
Автомобилийн некъаш аьтту агӀора[d][3]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Иранан Исламан Республика (гӀажар. جمهوری اسلامی ایران‎) — ДжомхӀури-́йе Эслɒми́-йе Ирɒ́н), доца — Иран, ГӀажарийчоь (гӀаж. ایران) — Хьалхара Азера пачхьалкх ю, коьрта гӀала — ТехӀеран ю.

Географи

Малхбалехь ОвхӀан-пачхьалкхаца а, Пакистанаца а, Малхбузехь Ӏиракъаца доза ду. къилбасед-Малхбузехь Туркойчоьца а, Азербайджанац а, Эрмалойчоьца а, къилбасед-Малхбалехь Туркменица доза ду.

къилбаседехь Каспий-хӀорданца а, къилба-Малхбузехь ГӀаьжарийн чукхет-хӀорданац а, Ӏоманан чукхет-хӀорданац, къилба-Малхбалехь Ӏарбийн хӀорданац аре йолуш ю ГӀажарийчоь. Хьалх заман чохь дуьнахь дунен йовзаш хил ю Паьрсийн Пачхьалкх шен гуонахь къаьмнаш цхьан Пачхьалкх чу лаьцна хил мохк бу.

Яккхий гӀаланаш

ГӀажарийчоьнан 67,5 % бахархой Ӏаш бу гӀаланашкахь. 2030 шарахь гергачу хьесапехь 80 % Ӏаш хира бу. Йокха гӀала ю — ТехӀеран гӀалахь 8,7 млн адам Ӏаш ду[4] (14 млн в агломерации). ТехӀеранехь пачхьалкхан ахнал дукху индустрин ницкъаш бу, цу юкъахь ю — автомобилан, электронни, герзан, химин, кхача арахецар. Шен йоккхаллица шолгӀачу меттигехь ю — Мешхед, иза ю шиитий лараме гӀала.

ГӀажарийчоьнан административан екъаялар

ГӀажарийчоьнан коьрта административан дакъош ду останаш (гӀаж. استانostān; мн.ч. — استانﻫﺎ — ostānhā), цера чохь ю шахрестанаш (гӀаж. شهرستان), шахрестанийн чохь ю — бахшаш (гӀаж. بخش). Останан йокха гӀала дукху хьолехь коьрта гӀала хуьйла (гӀаж. مرکزmarkaz). ХӀора останан урхалла до губернаторс (остандарс — استاندار). ГӀажарийчоьнан ю 31 остан:

1. ТехӀеран
2. Кум
3. Юккъера остан
4. Казвин
5. Гилян
6. Ардебиль
7. Зенджан
8. Малхбален Азербайджан
9. Малхбузен Азербайджан

10. Курдистан

11. Хамадан
12. Керманшах
13. Илам
14. Лурестан
15. Хузестан
16. Чехармехаль а Бахтиари а
17. Кохгилуйе а Бойерахмед а
18. Бушир
19. Фарс

20. Хормозган

21. Систан а Белуджистан а
22. Керман
23. Йезд
24. Исфахан
25. Семнан
26. Мазендеран
27. Голестан
28. Къилбаседа Хорасан
29. Хорасан-Резави
30. къилбаа Хорасан

31. Альборз

1950 шоа кхачале ГӀажарийчоь екъалуш яра 12 остан: Ардалян, Азербайджан, Белуджистан, Фарс, Гилян, Араки-Аджам, Хорасан, Хузестан, Керман, Ларестан, Лурестан и Мазендеран. 1950-м уьш кӀезиг йира 10, а тӀакха 1960 тӀера 1981 кхаччалц уьш дукху хиллира 28. 2004 шарахь ТехӀеран 3 остан йира, ТехӀеран 2010 шарахь 2 остан йира.

Истори

Билгалдахарш

  1. Census.gov. Country Rank. Countries and Areas Ranked by Population: 2013. U.S. Department of Commerce (2013). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 9 май. Архивйина 2013 шеран 9 майхь
  2. 1 2 CIA - The World Factbook. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 март.
  3. http://chartsbin.com/view/edr
  4. WebCite query result