Индустрин революци

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Индустрин революци
William Bell Scott - Iron and Coal.jpg
Уильям Белл Скотт, «Эчиг а,кӀора а», 1856—1860 шераш
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

Индустрийн революци я Сийлахь индустрийн революци- XVIII—XIX-чу бӀешерашкахь дуьненан коьртачу пачхьалкхашкахь хилла процесс ю. Индустрин революци индустриализацин жамӀ бара.  Индустриализаци- дукхаха долчу декъехь латталелоран экономикан тӀера индустрин производствон тӀе дерзаран мур бу. Индустриализацин оьмарехь латталелоран юкъаралла индустрин кепе дирзира.

Индустрин карчам массо а пачхьалкхашкахь цхьана хеннахь бола ца белла. Делахь а, ма-дарра аьлча, и мур болабелла XVIII-чу бӀешеран шолгӀачу декъехь. Юха XӀX-чу бӀешаре кхаччалц дӀайоьдуш яра и процесс. Оцу революцин къаьсттина башхало яра йоккхачу машенан индустрин бух тӀехь болу кхолларан ницкъаш кхиар а, иштта дуьненан бахаман олаллин системан метте капитализм дӀахӀоттар а.

Массийн машенаш лелоран мур боцург, кхин цхьа хӀума ду оцу оьмарца доьзна- цу хенахь юкъараллин структура хийцалуш яра. Карчаман хенан башхаллаш яра цӀеххьана къинхьегаман эвсаралла лакхадалар а, экономикан маса кхиар а, бахархойн дахар тадалар а, урбанизаци кхиар а.

Сийлахь-йоккхачу Британехь йолаелира индустрин революци, цул тӀаьхьа Американ Цхьанакхеттачу Штаташкахь а, Европан пачхьалкхашкахь а юкъаралла индустрин кепе дирзира. Доцца аьлча, кхаа-пхеа тӀаьхьенаш шай пачхьалкхашкахь дӀахӀоттийра индустрин кеп.

Адам мукъа цахиларна а, сурсатан механа а, капитал дилларан а агӀора хьажча кӀади ден арахецар дара индустрин революцин коьрта дакъа. Уггаре хьалха производствон керлачу методах пайда эца йолайелира кӀади ден индустри.