Изомеран дехьадалар

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
ХӀоьънийн процессаш
Радиожигараллин декъадалар

Нуклеосинтез

Изоме́ран дехьадалар (га́мма-декъадалар) — атоман хӀоьънан карзахдаьллачу метацхьаьнаэшшаран хьолехь радиожигараллин декъадалар ду, цхьаьнна я масех гамма-квантех.

Массо а аьлчи санна хӀоьънийн хуьлу, коьрта квантан хьал доцуш, дискретан карзахдаьллачу хьолера йоккха энерги йолу гӀирс (царех дац хӀоьънаш 1H, 2H, 3H и 3He). Карзаха хьолаш чукхалха тарло я хӀоьънан реакцешкахь, я кхечу хӀоьънийн радиожигараллин декъадаларан жамӀехь.

Кархаха хьолехь дукхах долчийн хуьлу чӀогӀа кӀезиг зама (наносекундал кӀезиг). Амма хуьлу дикка дукхадеха хьолаш (церан дахаран хенаш юсту микросекундашца, де-буьйсанца, шерашца), царех олу хӀоьънийн изомераш, царна а, кӀезиг ехачарна а юкъара доза гуш а дац.

ХӀоьънийн изомеран хьал, дукха хьолахь, декъало коьртачу хьоле (наггахь масех юкъарчу хьолашна), цуьнца цхьаьна излучени йо цхьанна я масех гамма-квантан. ХӀоьънан карзаха хьал дайало кхин а чоьхьарчу конверсица, цуьнан жамӀ ду атоман чкъоьран юкъара электрон араэккхар. Цул сов, изомеран хьолаш декъадала таро ю бета- а, альфа а декъадаларшца[1].

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Л.И. Русинов. Изомерия атомных ядер // Успехи физических наук. — 1961. — Т. LXXIII, № 4. — С. 615-630.