Саракаев, Ибрагим-Бек

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
(Ибрагимбек Саракаев дӀасахьажийна кхузе)
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Саракаев, Ибрагим-Бек
Sarakaev.jpg Саракаев Ибрагим-Бек паччахьан армин эпасаран дохарехь
Вина терахь 1883 шеран 21 сентябрь({{padleft:1883|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:21|2|0}})
Вина меттиг Ведана, Нохчийн Республика, Россий импери
Кхелхина терахь 1934 шо({{padleft:1934|4|0}})
Кхелхина меттиг Ведана, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР
Корматалла яздархо, поэт, журналист, публицист, гочдархо
Гражданалла Росси РоссиССРС СССР
Нана Самта
Зуда Мариам Эльмурзаева
Бераш

Ибрагим-Бек Саракаев (1883 шеран 21 сентябрь, Ведана, Нохчийчоь, Росси — 1934 шо, Ведана, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР) — хьалхара нохчийн яздархо а, публицист а, нохчийн фольклоран а, гӀиллакхан а историк.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Ибрагим-Бек вина 1883 шеран 21 сентябрехь Веданахь. Цьуна да дукха хьалха велира. Цул тӀехь дукха хан ялале цуьна нана Самта а елира. Цера кхо бера дисира: ши кӀант Ибрагим а, Азиз а, йоӀ Мани а. Бераш хьалакхиира де вашас Сабай Сазоевич Саракаевс, Лейб-гвардин Уланан полкан поручикс. Иза кест-кеста цхьана меттера кхоьчухьа дӀаваха везаш хуьлура.

Ибрагим-Бекс XX бӀешо долалуш хенахь чекхяккхира БуритӀера реалан училище. 1902 шарахь иза Тифлисе вахара. Цигахь цо литературан а, журналистан болх болабира цу хенахь девзачу «Кавказ» журналехь.

1907 шарахь Ибрагим-Бек Саракаев БуритӀе дӀа а вахана «Терек» газете балха дӀахӀоттира (Оцу газетехь болх беш вара вевзуш волу революционер-большевик Сергей Киров).

Цу хенахь цо язйира «Нохчо», «Чеченец», «Веданхо», шортта кхийолу произведениш. Амма уьш арахецар 19111914 шарашкахь бен ца нисделира. Иштта цо язйира 30 сов статья Нохчийчоьнан халкъан а, латтан а гӀуллакхашах лаьцна, суьдхойн гӀуллакхашах а, культура а, дешар а кхиорах а. Оцу статьяшчохь цо нийса дӀаюцур Ӏедалан векалаш лелош йолу харцонаш.

Саракаевс арахийцира яккхи историн а, философин а талламаш, масала «Мюридизм», «Шамилигара дов хаттар а, вер а», иштта кхиераш. Арахийцира Саракаеван шиъ боккха исбаьхьаллин а, документалан а болх: 1913 шарахь — «Нохчичоьн лаппагӀашкул»; 1914 шарахь — Нохчийчоь а, «Шамиль лацар а». Уьш яра Нохчийчоьнан исторехь хьалхара нохчис язйина шен халкъанах бакъдерг дуьйцуш.

Хьалхар Дуьненан тӀом болабелча Ибрагим-Бек дӀаязвелира «Акха дивизийн» салти. Цуьна майраллин а, хьакъалин а цуьна сий деш иза эпсир вира. Цхьа зама ялча иза подполковник дарже кхечира.

Цуьна доьналлин цуна елира Силаллийн Георгийн IV даржан орден, Силаллийн Аннин II даржан орден гӀалакхашца, Силаллийн Станиславан II даржан орден гӀалакхашца.

Совет Ӏедал дӀахӀоттича[нисъе | нисъе чухулара]

1914 шарахь Ибрагим-Бек Саракаевс тӀамтӀе воьду. Цигахь шен йиш хилча цо дийцараш яздо, амма, царна реза воцуш, цо уьш наггахь бен зорбан тӀе ца йоккху. Шен дахаран тӀаьххьара 20 шарахь цо чӀогӀа кӀезга язйора.

1917 шеран Февралин революци хиллачул тӀехь иза вара Тапа Чермоевн Ламан Ӏедалахь ша-тайпан косташан гӀуллакххо.

Граждански тӀеман хенахь Сергей Кировн рекомендацица иза вара XI ЦӀен Эскирахь буьйранчан латторан когаметтаниг. Нохчичохь Совет Ӏедал тоьлча иза хилира Нохчийн автономни областан милицин хьаькиман когаметтаниг. Иза НКВДс хьийзавора, амма иза ша велира 1934 шарахь Веданахь.

Сталинан хенахь Саракаев тайпан дукха нах Ӏедалас хӀаллакбира, амма 1990-гӀа шерашкахь уьш бехказбаьхнера.

Доьзалла[нисъе | нисъе чухулара]

1926 шарахь цо ялира евзуш йолу журналистка Мариам Эльмурзаева. Иза яра Ламан Ӏедалан премьер-министран Тапа Чермоеван йишин йоӀ. Цера кхо бера дара: Азамат, Юсуп, Хамзат. Царех жиманиг, Саракаев, Хамзат Ибрагим-Бекович (вина 1927 шарахь) хилира вевзуш волу журналист, яздархо, поэт, гочдархо.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • Опышко О. Л. Кавказская конная дивизия. 1914—1917 гг. Возвращение из небытия. Нальчик. «Эль-Фа». 2007. — 512 с., с.328 . — ISBN 978-5-88195-873-2
  • М. Гортикова. «Образы во времени». «Сердало». Газета Республики Ингушетия, № 2(9691), суббота, 14 января 2006, с. 3.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]