ЗахӀран

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Saudi Aramco компанин штаб-хӀусам, ЗахӀранехь

ЗахӀра́н (Ӏаьр. الظهران‎‎ — аз-ЗахӀран‎) — Аш-Шаркъиййат провинцехь йолу малхбалехьара СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан гӀала ю, ГӀажарийн айман гена йоцуш (8 километр). ЗахӀранехь Ӏаш 11 300 герга адам ду, оцарех 6 200 америкахой бу (коьртачу декъехь белхалой а, тӀеман гӀуллакххой а). Дерриг а ЗахӀранан округехь дехаш 97 446 кхаччалц адам ду (2004). ГӀала цхьаьнатоьхна ю Хобар а, Даммам а, Рас-Таннура а, Джубайл а порташца, иштта Кувайтан а, Ӏиракъан а пачхьалкхашца а. Нефть тадаран центр ю ЗахӀран. ГӀалахь дӀахӀоттийна ю халкъашна юккъера аэропорт а, иштта АЦШ-н тӀеман а, хӀаваан лард а. Дешаран учрежденех цхьаъ ю Нефтан институт.

ГӀалахь дӀахӀоттийна ю дуьненахь уггар йоккха нефтан компанин Saudi Aramco олу штаб-хӀусам.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]