Закраилов, Заур

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Заур Закраилов
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьрша стаг[d]
Пачхьалкх
Говзалла Современный мечевой бой[d]
Вина терахь 1987 шеран 28 сентябрь({{padleft:1987|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:28|2|0}}) (36 шо)
Вина меттиг

Заур Закраилов — некахо, Нохчийчоьнан таррашца латаран федерацин президент, некадаран дуьненан рекорд хӀоттийнарг.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Нохчийчоьхь шозлугӀа тӀом болабелча дас-нанас Заур Волгоградан областе дӀавигира. Цигахь иза бокс Ӏамаян волавелира. Цул тӀаьхьа аппендицит дӀайаккхаран операци бахьнехь бокс йита дийзира цуьнан.

Заурс чекхйаьккхира Волгоградан пачхьалкахан университетан дуьненан экономикан факультет. Доьшуш хенахь иза паргӀат кепар латар Ӏамадан волавелира. Цул тӀаьхьа некадан Ӏама волавелира иза. Цхьа хан йаьлча цо схьайиллира «Аква-Панкратион» цӀе йолу клуб. Москвахь волчу хенахь Зауран гира таррашца латар. ТӀаккха цунна дагадеара иштта федераци Нохчийчохь кхолла[1].

2011 шарахь Закраилов некадеш дехьавелира Къоьзана Ӏамах (4,5 км герга)[2].

2015 шаран июлехь Закраилов а, Хусейн Исмаилов а Керчан хидоькъе дехьадевлира, карахь Нохчийчоьнан а, Крыман а байракхаш йолуш. Иза дара мархийн баттахь. Ши а вара марха кхобуш. Уьш хира арабевлира Керчехь. Цера сий деш царна дуьхьала бевлира массийта бӀе гӀалан бахархой[3].

2019 шеран 6 августехь Закраилов а, «Слава» цӀе йолу спортклуб кхоьллина волу Вячеслав Тимошенко а, оцу клубан декӀашхо Евгений Семеняка а цхьана дийнахь-буса некадеш дехьабевлира Байкал хӀордан (45-55 км). Уьш некадан болабелира Листвянка йуртахь (Иркутскан область). ШозлугӀа дийнахь уьш дӀакхечира Выдрино йурте (Буряти). Хин йовхала йара 3-12 градус. 3 августехь уьш хих дехьа бовла гӀортича цера гӀуллакх ца хилира болабеллачун чӀогӀа мох бахьнехь. Некадеча хенахь уьш хичура йаа хӀум йаан а, ламаз даран а бе хичура ара ца бовлура. Некахойн кхиам лерира дуьнена рекорд. Рекорда Ӏалашо йара Байкалан хи бехдаран неха тидам тӀеберзабара. Цул хьалхара рекорд йара Японера Икараси Кенас хӀоттина. Цо 15 сахьтехь 36 км нека дира[4].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Ярошевич.
  2. Сутки в ледяной воде. Что стало с чеченцем, переплывшим Байкал и Керченский пролив? Яндекс. Дзен (2019 шеран 8 декабрь). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 30 июнь. Архивйина 2020 шеран 3 июлехь
  3. Дроботов.
  4. информ.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]