Зайд бин Хьарисат

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Зайд бин Хьарисат
Ӏаьр. زيد بن حارثة‎‎
Хьиббун РасулуллохӀи
Вина терахь 588 шо({{padleft:588|4|0}})
Вина меттиг Ӏаьрбийн ахгӀайре
Кхелхина терахь 629 шо({{padleft:629|4|0}})
Кхелхина меттиг Муътат, Урдан
Къам Ӏаьрбий
Да Хьарисат
Нана СаIади бинт СаIлабат
Зуда Умм Кульсум, Умм Айман, Зайнаб
Бераш Усамат
Динлелор Ислам

Зайд бин Хьарисат (Ӏаьрб. زيد بن حارثة‎‎; 588, СаӀудийн Ӏаьрбийчоь — 629, Мута) — Мухьаммад пайхамаран Mohamed peace be upon him.svg накъост а, азатхо а, тӀелаьцна кӀант а ву. Къуръан тӀехь хьехош ву, 37-аятехь сурат «Аль-АхӀзаб»

Дахарех лаьцна[нисъе | нисъе чухулара]

Жималлехь Зайд эцнера Хьаким бин Хьазама, цо Хадижат бинт Хувайлидан велира иза. Пайхамаре маре яхча, цо иза Мухьаммадан велира. Зайд шолгӀа стаг вара бусулба дин тӀеэцнарг. Цул тӀаьхьа цуьнан хӀусамнанас Умм Айман Баракатас а тӀеийцира ислам. Зайд уггаре а Ансарех дукхавезарг вара Мухьаммад-пайхамарна Mohamed peace be upon him.svg.

ТӀаифе вахар[нисъе | нисъе чухулара]

Мухьаммад шен шича Ӏели бин Абу ТӀелипца и шиъ ТӀаифе ваха араваьллера, цаьршинца Зайд а вара. ТӀаифера наха, берашка тӀулгаш деттийтира царна. Пайхамар ларвеш шен цӀийш оьхуьйтуш вара Зайд. Пайхамар чӀогӀа лазийнера цара.

Валар[нисъе | нисъе чухулара]

629-чу шарахь Византица Муътехь тӀом бира цара. Оцу тӀам тӀехь вира Зайд а, ДжаӀпар а, МусӀаб а кхиберш. Мухьаммадна чӀогӀа халахийтира Зайд верна, кхиберш байъарна а.