ЖӀаьлийн дог

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ЖӀаьлийн дог
Арахецар
Жанр сатира[d], Повесть[d], научная фантастика[d]
Автор Булгаков
Йазйина терахь 1925
Дуьххьара зорба тоьхна 1987

ЖӀаьлийн дог (оьрс. Собачье сердце) — российн гӀараваьллачу йаздархочун Булгаков Михаилан повесть. Повесть йазйина 1925 шеран январехь-мартехь, амма цуьнан зорбатохаран некъ бацара атта а, йа кеста а хилла. 1926 шеран 7-чу майхь ОГПУ-н белхалош схьадеккхина хилла повестан куьгйозанаш. Вайн хене кхаьчна цу куьгйозанан 3 редакци. 1960-чу шерашкахь повесть Самиздатехь зорба а тоьхна къайлах йаьржина Россехь. 1967-чу шерахь арахецна иза Советан паччалкхан дозанал араха. Официалан зорба а тоьхна, повесть йеша аьтто хилла нехан 1987 шерахь Перестройка а, Гласность а Советан Союзехь кхайкхинчул тӀаьхьа.

Повестан сюжетехь Булгаковс беламе боккху советан Ӏедал хуттуш хилла болу хийцамаш, коьртачех — лейн а, жӀаьлийн а, амалш йолу нах коьрте бахкар. Повестан коьрта турпалхой бу лоьраш: Преображенский, Борменталь. Цара коьртан операци а йина жӀаьлехь адам дан гӀиртина волу Шариков а, операци йалле хилла долу жӀаьла Шарик а. ЖӀаьлийн Дог - политикин сатира олучу стилехь йазйина йу. Литературин критикаш дийцарехь повестан васташ Советан куьйгалхойх схьаэцна йу. Ишта Преображенский - Ленинах, Борменталь - Троцкийчух, Шариков - Сталинах. Ишта кхи берш а.

Повестан сюжет корте а йуьллуш йаьккхина хилла шиъ исбаьхьаллин фильм. 1978-чу шарахь Италехь-Германехь Альбертo Латтуадас, 1988 Советан Сойузехь Бортко Владимирс

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]