Чулацаман тӀегӀо

Жорж Санд

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Жорж Санд
George Sand
Бакъ цӀе Амандина Аврора Люсиль Дюпен
Йина терахь 1804 шеран 1 июль({{padleft:1804|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:1|2|0}})[1][2][…]
Йина меттиг Париж, Франци
Кхелхина терахь: 1876 шеран 8 июнь({{padleft:1876|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:8|2|0}})[2][3][…] (71 шо)
Кхелхина меттиг: Ноан-Вик, Франци
ГӀуллакхан тайпа: йаздархо
Хьажам: романтизм
Куьг: Куьг
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Жорж Санд (фр. George Sand, бакъ цӀе Амандина Аврора Люсиль Дюпен, фр. Amandine Aurore Lucile Dupin, марехь йолуш — баронесса Дюдеван; 1804 шеран 1 июлехь(18040701)1876 шеран 8 июнехь) — французийн йаздархо.

1695 шарахь Мария Аврора фон Кёнигсмарк (1662—1728), Филипп фон Кёнигсмаркан йиша, Филипп вийна Ганноверан курфюрстан омарца, шен ваша валар бахьана лоьхуш, вевзира Саксонин курфюрст, Польшин хин волчу паччахь Август Ницкъберг цуьнан йезар хилира. 1696 шарахь цуо вира кӀант Морица, и шиъ дӀасакъаьстира бер дуьнен тӀе а далале. Мария Аврора охьахиира Кведлинбург аббаталлехь, цигахь кхоьллира гӀарайаьлла дуьненан салон.

Саксонин Мориц, жимчохь дуьйна эскарца гергарло долуш хилла, шен дас кхиийна. Шен дас чӀагӀдарца, Мориц уггаре а луьрачу хьелашкахь гӀаш лелара Европехула: тӀеман гӀирс а лелош, чорпа а, бепиг а бен ца дууш. Кхойтта шо долуш тӀамехь а хилла, эпсаран дарж даьккхин вара иза. Шен деца цхьаьна тӀеман карьера йолийна, Саксонин Мориц гӀуллакх дира Россехь а, Францехь а, Австрин тӀаьхьенан тӀамехь къаьстина.

Жорж Сандан денана Мария-Аврора Саксонин

1748 шарахь Морицан цхьана езаро Мари де Верриера (бакъйолу цӀе Рентос) йоӀ йира Мари-Аврора (1748—1821). Мари де Верриер Морицана тешаме ца хиларна, мудиро шен весетехь иза а, церан йоӀ а йукъа ца йаьккхира. Мари-Аврора гӀодар доьхуш йистхилира Морицан йишин йоӀе, дофине, Саксонан Мария Жозефина. Сен-Сир зударийн монастыре йиллира иза, бархӀ бӀе ливр пособи а хӀоттийра. Ца девзаш долчу дай-нанойн йоӀ лоруш йолчу цуьнан статусо дог дохош хилла шен дагахь дерг дӀаала тарлуш болчу нехан. Цо шолгӀа а латкъам бира дофине, «Францин мудиран графан Мориц Саксонин а, Мари Рентон а къотгӀала йина йоӀ» аьлла йевзаш хила пурба доьхуш. Парижан парламентан акто тӀечӀагӀдира цуьнан да хилар. 18 шо долуш Мари-Аврора йалийра гӀашлойн капитана де Орн Антуан. Эльзасерчу Селеста гӀалин комендант хӀоттийра иза. Зудий, майрий де Орн дарже хӀоттийначу метте баьхкира ловзар хилла пхи бутт баьлчи, шолгӀачу дийнахь шовзткъе диъ шо долу де Орн цомгуш хилира, кхо де даьлча иза велира. Мари-Аврора монастырехь дӀатарйелира, тӀаьхьо, ахча ца хилар бахьана долуш, шен ненан а, ненан йишин а цӀа дӀайахара. Ткъе итт шо долуш, иза шолгӀа маре йахара, Берригехь коьрта йасакх луш волчу фермеран векале Луи-Клод Дюпен де Франкейга — шен ненайишин Женевьева де Верриер хиллачу везаре. Дюпенан цӀа хьал долуш дара; сагӀийна дукха харжаш йора цара, литературица а, музыкица а шовкъ йолуш бара. 1788 шарахь йисина Мари-Аврора шен кӀантаца Морисца цхьаьна Париже дӀайахара. 1793 шарахь, провинцешкахь дахар кхераме дац аьлла хеташ, Мари-Аврорас эцна Ноан-Викан латта, иза дара Шаторуна а, Ла-Шатрна а йукъахь. Йуьхьанца ша Вольтеран а, Руссон а тӀаьхьа йозу йу аьллачу мадам Дюпенан синтем хилира Францин революцица. Цуьнан хиламашка болу хьежам хийцабелира, терроран паччахьалла доладелча, ур-атталла цо 75 эзар ливр йаздира эмигранташна гӀо дан фонде. Ша элийн тобанан декъашхо хиларна мадам Дюпен лаьцна 1793 шеран декабрехь, чуйоьллира Ингалсан августинхойн монастыран. ИссалгӀа термидорехь хиламаш хиллачул тӀаьхьа дӀахецна иза, 1794 шеран октябрехь шен кӀантаца Ноане дӀайахара.

Бералла а, жималла а

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Аврора Дюпен

Морис Дюпен (1778—1808), классикин дешар долушшехь а, музыка йезаш а волушшехь, тӀеман карьера хаьржира. Цо шен гӀуллакх дӀадолийра Директорехь, эпсаран хилира Италин кампанехь. 1800 шарахь Милан гӀалахь цунна йевзира шен хьаькаман йезар, олхазарш лоьцучун йоӀ, хелхарча хилла Антуанетта-Софи-Виктория Делаборд (1773—1837).

Сан дена иза дуьххьа гинчу хенахь, цуьнан ткъе итт шо дара, ткъа йукъахь ма ирча йукъаралла йу! Сан да дог цӀена вара! Иза кхийтира, оцу хазачу адаман веза тарло…[4]

Цара мах бира Парижан 2-гӀа гуонера мэрехь 1804 шеран 5 июнехь, оцу хенахь Софи-Виктория берах йара Морис Дюпонах, — Морисан къотгӀала вина кӀант вара Ипполит[5], Софи-Викторин йоӀ йара Каролина.

1804 шеран 1 июлехь Парижехь Софи-Викторияс Аврора цӀе йолу йоӀ йира. Морис нана дукха хенахь дуьйна реза ца хилира шен кӀентан цхьатерра доцу захало тӀеэца; нуц дуьненчу валаро дог кӀаддира цуьнан, амма марненан а, нускалан а юкъаметтиг шийла йисира. 1808 шеран гурахь Испанин кампанехь дакъалоцуш вара Муратан адъютант волу полковник Морис Дюпен. Доьзалхочух йолу Софи-Виктория шен йоӀаца цунна тӀаьхьахӀоьттира. Кхузахь, Охан-беттан 12-чу дийнахь, Софи-Викторияс кӀант вира Огюст. Оццу шеран 8 сентябрехь доьзал юхабоьрзучу эскаршца махках а бевлла, Ноханте юхабирзира. Новкъахь бераш цомгуш хилла: Аврора тоелла, кӀант велира. ЦӀавеана диъ де даьлча, говрахь воьдуш бохамехь велира Морис: говр боданехь тӀулгийн купана чукхетта.

Аврорин да дӀакхелхинчул тӀаьхьа, цуьнан марнана графиня а, цуьнан нус, йукъара стаг, цхьана ханна гергарло лелийра. Амма мадам Дюпен дукха хан йалале сацам бира, шен ненан йиш йац Ноанан верас нийса кхио, иштта цунна ца лаьара Софи-Викторин йоӀ Каролина шен цӀахь хила. Дукха ойла йинчул тӀаьхьа, Аврорин нанас, шен доккхачу ирсах иза дӀайоккхийла ца лууш, шен дененаца йитира иза, Каролинаца цхьаьна Париже дӀайахара. Аврорас хала тӀеийцира дӀасакъастар. «Сан нанас а, денанас дагах кийсагаш йахара сан[6].

Аврорин а, цуьнан дена вина вешин Ипполитан а хьехархо вара Жан-Франсуа Дешартр, меттиган урхалча, Морис Дюпенан хилла хьехархо. Цунна йешар а, йаздар а, хьесапдар а, истори а Ӏамийна ца Ӏаш, говза музыкант йолчу ненан нанас Ӏамийна цунна клавесин лакха а, эшар лакха а. Исбаьхьаллин литературе болу безам а шен ненан нанера кхаьчна йоӀана. Аврорин динан дешар тидамза дитира госпожас Дюпена, «дӀадаханчу бӀешеран зуда, деккъа цхьана философийн абстрактан дин бен ца девзаш хилла»[7].

Иштта божарийн духарца атта хуьлу говрахь лела, йолайала а, талла а, Аврора бераллехь дуьйна йоьллера уьш лело.

XIX — XX бӀешо долалуш а оьрсийн матте гочдина кхоллараллаш (йуха ара ца хецна)

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Лавиния (Lavinia, 1834)
  • Цуьнан серлонан долара секретарь (Квинтилия; ЦӀера секретарь) (Le Secrétaire intime, 1834)
  • Андре (André, 1835)
  • Маттэа (Mattéa, 1835)
  • Фламаранд (Flamarande, 1875)
  • Симон (Simon, 1836)
  • Il primo tenore (Хьалхара тенор; ТӀаьххьара Альдини; Альдинин тайпанах тӀаьххьарниг) (La Dernière Aldini, 1838)
  • Полина (Pauline, 1839)
  • Муни-Робэн (Mouny Roubin, 1842)
  • Карл (Carl, 1843)
  • Ян Жижка (Jean Zizka, 1843)
  • Жанна (Jeanne, 1844)
  • Теверино (Teverino, 1846)
  • Жима Фадетта (Фаншон Фадэ; Жима бозбуунча; ШайтӀана кӀорни; жинашца тайнарг) (La Petite Fadette, 1849)
  • ГӀум-аренара гӀап-гӀала (Италин артисташ; Дезерт гӀап-гӀала) (Лукрецин романан чаккхе) (Le Château des Désertes, 1851)
  • Пондарчаш (Les Maîtres sonneurs, 1853)
  • Крестница (La Filleule, 1853)
  • Адриани (Лора; Синтем боцург) (Adriani, 1854)
  • Жан де ла Рош (Jean de la Roche, 1859)
  • Нарцисс (Нарсис) (Narcisse, 1859)
  • Констанc Верье (Constance Verrier, 1860)
  • Ӏаьржа гӀала (La Ville noire, 1861)
  • Вальведр (Valvèdre, 1861)
  • Тамарис (Tamaris, 1862)
  • Лора. Кристалле некъбар (Laura. Voyage dans le cristal, 1864)
  • Сильвестр (Monsieur Sylvestre, 1866)
  • Флавия (Flavie, 1866)
  • Кадио (Солдат революции) (Cadio, 1868)
  • Мадемуазель Меркем (Mademoiselle Merquem, 1868)
  • Дерриге а доллушехь (Мальгрету; Ши йиша) (Malgrétout, 1870)
  • Цезарина Дитрих (Césarine Dietrich, 1871)

Йаззамаш, очеркаш, дагалецамаш

  • Новкъахочун кехаташ (Lettres d’un voyageur, 1837)
  • Шармет (À propos des Charmettes, 1841)
  • Парижан акха адамашка некъбар (Relation d’un voyage chez les sauvages de Paris, 1845)
  • Йарташкара буьйсенан суьрташ (Les Visions de la nuit dans les campagnes, 1851)
  • ГӀиллакхаш а, ламасташ а Беррихь (Moeurs et coutumes du Berry, 1851)
  • Докторан малиновка (La Fauvette du docteur, 1853)
  • ХӀун дуьйцу шовдано? (Ce que dit le ruisseau, 1863)

Пьесаш

  • Рифмач (Aldo le Rimeur, 1833)
  • Козима, йа безамехь хьагӀ (Cosima ou la Haine dans l’amour, 1840)
  • Миссисипхой (Les Mississipiens, 1840)
  • Мольер (Molière, 1851)
  • Клоди (Claudie, 1851)
  • Викторина ловзар (Le Mariage de Victorine, 1851)
  • Кемсийн морзагӀ (Le Pressoir (drame en trois actes), 1853)
  • Эвлан повесташ (Жима Фадетта, Франсуа-Карийнирг, ШайтӀан уьшал, Пондарчаш, Жанна)
  • Венецин повесташ (Мозаикин пхьераш, Маттэа, ТӀаьххьара Альдини, Ускок, Орко, Леоне Леони, Консуэло).
  • Дененан туьйранаш (Contes d’une grand’mère vol. 1, 1873; vol. 2, 1876)

том 1

  • Мотт хуу наж (Жинашца тайна наж) (Le Chêne parlant)
  • ЖӀаьла а, сийлахь зезаг а (Le Chien et la fleur sacrée)
  • Титанан меже (Тамашена меже; Шантгюран бӀарлагӀа) (L’Orgue du Titan)
  • Стенах лаьцна дуьйцу зезагаш (Ce que disent les fleurs)
  • ЦӀен Варзап (Le Marteau rouge)
  • Ченан фея (La Fée Poussière)
  • Буьйдолг-устрица (Le Gnome des huîtres)
  • БӀаьргаш тӀедаьхкина фея (La Fée aux gros yeux)

том 2

  • Наьрт Иеус (Le Géant Yéous)
  • Паччахь-аьзни Квакуша (La Reine Coax)
  • Пиктордю гӀап-гӀала (Le Château de Pictordu)
  • Ровзанан марха (Le Nuage Rose)
  • Грибуль цӀе йолчу бакъволчу Ӏовдалах лаьцна дийцар (Грибулан лелар; Грибуль)

Оьрсий матте гочданза кхоллараллаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Ойланчин истори (L’Histoire du rêveur, 1830)
  • Комиссионер (Le Commissionnaire, 1830, Жюль Сандоца).
  • Роза а, Бланш а (Роза а, Бланка а) (Rose et Blanche, 1831, Жюль Сандоца)
  • Примадонна (La Prima Donna, 1831)
  • Vision, 1831
  • Жан Кальвин (Jehan Cauvin, 1831)
  • Альбанора йоӀ (La Fille d’Albano, 1831)
  • Паччахь-аьзни Маб (La Reine Mab (poésie), 1832)
  • Кедадош (Le Toast, 1832)
  • Зезагийн гӀайре (L'Île des fleurs), 1832
  • Гарнье (Garnier, 1834)
  • Мирза (Myrza, 1835)
  • Марсин кехаташ (Lettres à Marcie, 1837)
  • КёрохӀли (Kouroglou, 1843) — гоч
  • Прокоп Сийлахь-Воккха (Ян Жижкин романан чаккхе) (Procope le Grand, 1844)
  • Исидора (Isidora, 1846)
  • Эвенор а, Лесипп а. Дашон бӀешеран безам (Evenor et Leucippe. Les Amours de l'Âge d’or, 1846)
  • Паччахь хьоьжу (Le Roi attend, 1848)
  • Текха гуонах (Autour de la table, 1856)
  • Жермандан доьзал (La Famille de Germandre, 1861)
  • Антония (Antonia, 1863)
  • Мадемуазель Ла Кентини (Mademoiselle La Quintinie, 1863)
  • La Coupe, 1865
  • La Rêverie à Paris, 1867
  • Сан йиша Жанна (Ma sœur Jeanne, 1874)
  • Ши ваша (Фламарандан романан чеккхе) (Les Deux Frères, 1875)
  • Марианна (Marianne, 1876)
  • Йуьртан легендаш (Légendes rustiques, 1877)
  • Альбина (Albine, 1881) – чекх ца йаьккхина Жорж Санд йалар бахьнехь.

Пьесаш

  • 1537 шарахь къайлахбарт (Une conspiration en 1537, 1831)
  • Контрабандист (Le Contrebandier, 1837)
  • Габриэль (Gabriel, 1839)
  • Лирин 7 мерз (Les Sept Cordes de la lyre, 1840)
  • Алмаз (ХӀусаман очакхан йилбаз) (Le Démon du foyer (comédie en deux actes), 1852)
  • Пандольфан каникулаш (Les Vacances de Pandolphe (comédie en trois actes), 1852)
  • Фламинио (Flaminio (comédie en trois actes et un prologue), 1854)
  • Маэстро Фавилла (Maître Favilla (drame en trois actes), 1855)
  • Люси (Lucie (comédie en un acte), 1856)
  • Франсуаза (Françoise (comédie en quatre actes), 1856)
  • Хьайна ма луъу (Comme il vous plaira (comédie en trois actes), 1856)
  • Аренашкахь йилбаз. (Le Diable aux champs, 1857)
  • Маргарита де Сент-Жем (Marguerite de Sainte-Gemme (comédie en trois actes), 1859)
  • Ноанан театр (Théâtre de Nohant, 1864) - Le Drac; Plutus; Камень (Le Pavé); Ӏийса пайхамар вина буьйса (La nuit de Noël); Мариэль (Marielle).
  • Эвлара Дон Жуан (Les Don Juan de village (comédie en trois actes), 1866)
  • Японин лили (Le Lis du Japon (comédie en un acte), 1866)
  • Кадио (Cadio (avec Paul Meurice, drame en cinq actes), 1867)
  • Лупо Ливерани (Lupo Liverani (drame en trois actes), 1869)
  • L’autre (comédie en quatre actes et un prologue), 1870
  • Диканах дика ло (Un bienfait n’est jamais perdu (proverbe), 1872)
  • Théâtre complet de George Sand: première série (Préface de l’auteur)

Йаззамаш, очеркаш, дагалецамаш

  • Динан нана (La Marraine, 1829)
  • Молинара (Molinara, 1831)
  • Долара тептар (Journal intime, 1834)
  • Жорж де Герен (Georges de Guérin, 1842)
  • Сан дахаран истори (Histoire de ma vie, 1855)
  • Цхьана эвлан гуонаха дуьйладалар (Promenades autour d’un village, 1857)
  • Йедда йоьду фея (La Fée qui court, 1859)
  • ТӀом болчу хенан новкъахочун тептар (Journal d’un voyageur pendant la guerre, 1871)
  • Битам а, дагалецамаш а (Impressions et Souvenirs, 1873)
  • Новкъахочун керла кехаташ (Nouvelles Lettres d’un voyageur, 1877)
  • ТӀаьхьара агӀонаш (Dernières pages, 1877) - Хьуьнхахь (Dans les bois); Ӏаьнан буьйса (Nuit d’hiver); Voyage chez M. Blaise; КӀайн меш йолу Феба (La Blonde Phœbé); Сан бабин ваша (Mon Grand-Oncle); La Laitière et le Pot au lait; Le Théâtre des marionnettes de Nohant
  • 1848 шерах дагалецамаш (Souvenirs de 1848, 1880)
  • Оверне некъ бар (Voyage en Auvergne, 1888)

Экранизацеш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Цаьпцлг Фашон (1915) / Fanchon, the Cricket (роман)
  2. Леоне Леони (1917) / Leone Leoni (роман)
  3. Индиана (1920) / Indiana (роман)
  4. ШайтӀан уьшал (1923) / Mare au diable, La (роман)
  5. Мопра́ (1926) / Mauprat (роман)
  6. Lachende Grille, Die (1926) / Lachende Grille, Die
  7. Jutrzenka (1969) / Jutrzenka (роман)
  8. Мопра́ (ТВ) (1972) / Mauprat (роман)
  9. ШайтӀан уьшал (ТВ) (1972) / Mare au diable, La (роман)
  10. Франсуа-Карийнарг (ТВ) (1976) / François le Champi (роман)
  11. Буа-Дорера дика къонахий (сериал) (1976) / Beaux messieurs de Bois-Doré, Les (роман)
  12. Жима Фадетта (ТВ) (1979) / Petite Fadette, La (роман)
  13. Ville noire, La (ТВ) (1981) / Ville noire, La (роман)
  14. Les amours romantiques (сериал) (1983) / Les amours romantiques
  15. Жима Фадетта (ТВ) (2004) / La petite Fadette (роман)

Аудиопостановкаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

«Де ненан туьйранаш» цикл, 2011 шо, арахецаралла АрМир, гочдар а, хӀоттор а Ирина Воскресенскаян[8]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. F. S. Sand, George (инг.) // Encyclopædia Britannica: a dictionary of arts, sciences, literature and general information / H. Chisholm — 11 — New York, Cambridge, England: University Press, 1911. — Vol. 24. — P. 131—135.
  2. 1 2 Краткая литературная энциклопедияМ.: Советская энциклопедия, 1962.
  3. George Sand (нидерл.)
  4. Жорж Санд. История моей жизни. Цит по: А. Моруа. Лелия, или жизнь Жорж Санд. — М.: Правда, 1990. с. 33
  5. Ипполит Шатирон (1798—1848). Впоследствии владелец замка Монживре близ Ноана. Был женат на Эмилии де Вильнёв
  6. Жорж Санд. История моей жизни. Цит по: А. Моруа. Лелия, или жизнь Жорж Санд. — М.: Правда, 1990. с. 41
  7. А. Моруа. Лелия, или жизнь Жорж Санд. — М.: Правда, 1990. с. 41
  8. [Бабушкины сказки. Сборник сказок. Жорж Санд]

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]