Жин

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Жин (Ӏаьр. الجني/جن‎‎) — дера са. Исламал хьалхарчу муьрехь жинаш Ӏарбоша ларара дела санна. Ислам дино ма-баххара, жинаш кхоьллина цӀена кӀура боцу алонах, церан йац адаман йолу пхиъ коьрта хаадаларан меже, деха адаме нисса, амма адамел хьалха хилла, иштта кхетаме ду АллахӀах тешарехь/ца тешарехь.

Жинаш деа кепара хуьлу: Ӏифрит, гӀул, ницкъ, ма́рид. Царех уггаре ницкъ берш а, деранаш а Ӏифриташ — цӀеран куьйгалла ден жинаш, уьш лору шайтӀан лайш, цаьрга ладаме зулам дан ло адамашна[1]. ГӀул — Ӏаьрбийн мифашкара хӀума, дукха хьолехь стен хуьлу, деха гӀум-аренашкахь а, кешнашкахь а, йуу керла къен йелла хӀума. Маридаш — хӀаваан йа хин жинаш, рационале а, хьекъале кхолламаш, дерриг жинийн номиналан паччахьаш. Сила — жинех уггаре гӀийланаш, сибат хийца ца ло, тӀех Ӏаьткъа дечиганна (дечиган гӀаж цкъа тоьхча ле уьш).

Малхбузен оьздангаллехь жин уггаре хьалха девза «Эзар а, цхьаъ а буьйса» туьйрийн гуламера «тӀехулара адамах тера долу, чучча куьйгаш доьхкина бозбуунчаллин са, амма стогар чудоьллина, стогар тӀе куьг хьаькхна жин самадаьккхинчунна луъург кхо хӀума кхочуш деш долу».

Исламал хьалхара оьздангаллехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Археологин карийначаьрца, къилбаседа-малхбузен Ӏаьрбийчохь адамаша делан санна жинашна Ӏибадат деш хилла. Ширачу Пальмирехь адамаша Ӏибадат деш хилла «жиннашна»[2]. Хьалха Ӏаьрбоша-текъархоша жинашна делан санна Ӏибадат деш хилар гойту Къуръанан сурато:

« Цара хӀоттийра гергарло Цунна [АллахӀана] а, жинашна а йукъахь, амма жинашна хаьа шеш гулдийр дуй [таӀзарна]
»

Маккахоша Ӏибадат дора жинашна, церан дуьхьа сагӀанаш дохуш[3].

Жинаш исламехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ислам дин Ӏаморца, АллахӀа кхоьллина кхоъ хьекъале хӀума: маликаш серлонах, адамаш лаьттах, жинаш йогу алонах[4]. Дош схьадаьлла Ӏаьрбийн «джанна» дешах, иза «къайладаьлла» бохург ду. Иштта, жинаш адамашна гуш дац.

« …Оха адам кхоьллира кеп хийцина хатах даьккхина декъа зевне латтанах. Ткъа кхин а хьалха Оха кхоьллира жинаш йогу алонах.
Къуръан, 15:26-27
»

Мухьаммад Пайхамаран Асхьаба Ибн Ӏаббаса аьлла:

« Дуьххьара Дуьнен тӀе ховшийра жинаш. Шайн боьхаллехь а, мостагӀаллехь а уьш тӀехдовларна, Сийлахь-везачо доссийра царна Иблис а, мелла а маликаш а, цара ницкъала сацийра боьхаллаш а, тӀемаш а. ТӀаккха кхоьллира Адам.
Аз-Зухайли[5].
»

Исламо ма-баххара, жинашна а, адамашна а, харжам белла нийса новкъа даха а, бодане новкъа даха а.

« …Аса жинаш а, адамаш а кхоьллина Сайна Ӏибадат дан.
»

Иштта, жинашна йукъахь нийса новкъара (бусалбанаш) а, мунапикъаш а ду, уьш гӀуллакх деш ду ШайтӀашна. Дукхаха долу жинаша Мухьаммад пайхамара Къуръан доьшуш хезча тӀеэцна ислам:

« …Ала: «Суна хаийтира, масех жино Къуръан доьшуш ла а доьгӀна элира: „Бакъдолуш, тхуна хезира цецвоккху Къуръан. Цуо нийсачу новкъа воккху, тхо тийши цунах, тхайн Элица накъост лоцур вац“».
»
XIV бӀешерера Ӏаьрбийн Ӏаламатийн жайнера манускриптан тӀера жинийн Ӏаьржа паччахь Аль-Малик аль-Асвад
XIV бӀешерера Ӏаьрбийн Ӏаламатийн жайнин чуьра жинийн цӀен паччахь Аль-Ахьмар.

Бусалбанаш теша, дукхаха долу адамаш харцоне а, ширкалле а Иблисо дигарх. Иза АллахӀа ша хаьржина стиглахь маликашца даха хаийна, айина, жин ду, амма, шен Ӏедалах курадаьлла, Делан омар кхочуш а ца дийна, стигланашкара доссийна.

« ХӀай Адаман кӀентий, Аса шуьга весет ца дира шайтӀана Ӏибадат ма де, иза шун ган а гуш долу мостагӀ ду, Ӏабадат Суна де аьлла? Иза — нийса некъ. Цуо шу дукхаха дерш тилдина. Шу ца кхетате?
Къуръан, 36:60-62
»

Жинаш дукха меттигашкахь адамех тера ду, царна йуург оьшу, зударий балабо, бераш хуьлу, лан а ле, Дала адамашна санна пайхамарш эхийтина[6][7]. Жиннийн дахар дуккха а алсама ду адаманчул. Адамаш санна, жинаш хӀуьттур ду йоккхачу кхеланна дуьхьала, нийса новкъахь дерш царех йалсамане кхочур ду[8].

Ӏалин куьйгайозанера жинийн сурт: Голестан гӀала

Салафизман ойланашца, жинийн таро йу адамашна хьалха хӀотта адаман, дийнатан йа ораматан куьцехь. Кхин а жинийн таро йу дийначу хӀуманийн хьекъалан а, дегӀан а дола дан, наггахь до цара иза зулам дан Ӏалашо йолуш, йа адам дезалахь. Жинаца ца оьшу йукъаметтигах ларвалархьама, бусалбанаша цӀахь сих-сиха Къуръан деша деза. Нагахь жин адаман чудоьллехь, иза АллахӀан царца бен арадаккхалур дац. Дера жинаш йа шайтӀарчий адам гӀочу балхе, ширке тоьтту. Жин хӀусам чу ца даийта, чуволуш бусалбачо «БисмиЛлаьхӀ» олу.

Жинийн социалан кхолламо герга до уьш адаман. Церан бу шайн доьзал, паччахьаш, ду бераш, ловзарш, йу суьдаш, кхин ритуалаш[9]. Цхьадолчу хьадисаша жинаш 3 тайпане доькъу: тӀема лела хуурш, лаьхьех а, жӀаьлех а теранаш, гуттаренна кхерсташ[10]. Мухьаммад пайхамарца лелаш хилла ӀабдуллахӀ ибн МасӀуда, билгалдаьккхина, жинаш пайхамара Къуръан доьшуш ладогӀа даьхкинчу хенахь, цунна уьш шена гира, цуо церан амал йийцира, тайп-тайпана дийна кепаш йара текхаргийн а, лаьхьарчех а тера, кӀайн духарш долу лекха адамех тера[11]. Жинаш саьрмакийн, акха ишакийн, кхин цхьа могӀа дийнатийн куьце довлало[12]. Наггахь жин адаман куьце долу, адамаш тилдархьама[13]. Цхьадолу хьадисаша чӀагӀдо, жинаш дахало даьӀахкаш тӀехь дилх диллина, кхаьллеш йаало[14].

Ибн Таймияс дерриг жинаш билгалдохура, бодане, харц, йамартло йеш[15] олий, ишттачу кепара леладора салафизман радикалан динӀамор, кхин а чӀагӀдора, жинаш кхочушйо буозбунчаша лело буозбунчалла, цаьрца цхьаьна болх бо, «къайлах долу бакъдерг» латтадо палтосучарна, церан сеансашкахь деллачу адамийн аьзнаш до[15].

Ар-Рахьман суратан 33 айатехь Дала хьахадо, жинийн таро йу анакевнал дехьа дала, амма делан лаамца. Нагахь жин шен лаамца стигалал ара а даьлла Дала маликашка ден омарашка ладогӀа гӀортахь, тӀаккха, цигахь иза хаа ма-делла, Делан лаамца иза дагор ду стигалан седанца.

Сулейманан жинаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Къуръана ма-диццара, исраилан паччахьаллин уггаре сийлахь урхалчех цхьаъ волчу Сулейманан (Соломон керсталлехь), Дала ницкъ белла, уггаре ницкъ болчу жинашна омар дала. Европин дуьненахь уьш гӀоле девза «Гоетин» йилбазаш санна, жинийн гӀоьнца Сулеймана тӀедиллина царна тайп-тайпана декхарш кхочуш дан, церан хьуьнаршка хьаьжжина, таӀзар а деш хилла дуьхьало йинчунна.

« [Оха куьйгакӀела балий] Сулейманан Ӏуьйрана баттахь некъ бен, делкъал тӀаьхьа а беттан некъ бен мох. Оха цунна даьккхира мезан хӀост. Жинашна йукъахь дараАллахӀан пурбанца болх беш дерш а. Вайн омарах дӀахаьддарш, Вай дийзийтира ЦӀеран Ӏазап хьега.
»

Сулеймана жиннашка ницкъала болх бойтура дика а, шорта а, аьлларг ца дича таӀзар дора. Сулейман веллачул тӀаьхьа хиина висира, шен Ӏасана тӀе а тевжина, жинашна моьттура иза шайна тӀаьхьа терго йеш ву:

« Вай цунна валар йаздича, царна цунах дерг хиира цуьнан Ӏаса йаийна лаьттан нӀаьна бахьнехь. Иза воьжначул тӀаьхьа, жинаш кхийтира, хин дерг хууш хиллехьара, уьш сийсаза Ӏазапехь хирг ца хилар.
»

Жинаш фольклорехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Овхочух лаьцна «Эзар а, цхьаъ а буьйса» туьйранера жин

Жинаш хаало берриг аьлча санна бусалбанийн, шайн йуьхьиг ӀаббасгӀеран халифатан муьрехь йолийна мехкийн фольклорашкахь, цигахь йукъабаьлла жин дешан таханлера кхетам, ткъа стен жин — джинири. Оцу хенахь джинирих лаьцна легендаш а йара, масала, Джейхал Джинирих. Исламан Ӏелам наха жинашна кӀезиг маьӀна лахь а, бусалбанийн исбаьхьаллин литературехь шорта ду жинех лаьцна дийцарш, безаман исторех, цара Ӏалашйо хазнех, нийсачу динера халбатхой дуккха а галбаха гӀертарх. Ӏаьрбийн а, бусалбанийн а, йуккъера бӀешерийн а фольклорехь жинаш дара гӀарадевлла персонажаш, дукха хьолехь уьш дара зуламхойн ролеашкахь, шайн ролашкахь тера дара европин фольклорера шайтӀанех.

Жинаш ду «Эзар а, цхьаъ а буьйса» туьйранашкахь коьрта персонажаш. Дукха хьолехь жинаш бехке хуьлу массо бохаман: цамгаран, цӀеххьана валаран, йа, вукха агӀора, гӀо до адамашна. Стен жинаша Ӏехабо божарий.

Бусалбанийн мистицизман коьртачу аспектех цхьаъ — Ӏаламаташ дан церан хьуьнаралла хилар а, жинаш шен куьйгакӀела далор а. тахана а шуьйра даьржина леладо жинаш къардо жайнаш куьйгалла.

ПӀалестӀинхой теша, жинашка муьлхха а куц схьаэцадаларх, са долу а доцу а объектийн, схьаэцало воккха стеган а, мискачийн а куц. ПӀалестӀинин зударшадаьттанца йолу пхьегӀа дӀа ца йоьллу малх чубуьзча, уьш теша иза жинашна йуьсу бохучех, нагахь цабевлла пхьегӀа дӀайеллахь, делан цӀераш йохуш доӀанаш доьшу. ПӀалестӀинхой а, Ӏаьрбий а иштта теша, жинаш буса урамашка довларх, цундела буса адамаш гӀерта тӀегӀанаш тӀе ца ховша, ткъа лами тӀехула боьлхуш Делан цӀераш йоху. Нагахь бер цахууш тӀегӀанан тӀехь охьакхеттехь, оцу меттиган хи йа туьха хьорсура. Иштта жинаша бераш талхорах лардархьама, царна таӀзар ца дора пӀерасканан буса, малх чубуьзинчул тӀаьхьа куьзганан тӀе ца дуьтура. Ӏаьрбашна йукъахь цӀеран тӀехула кхийсабалар тӀеэцна дац, хӀунда аьлча лорура, цуьнца цхьаьна оцу балхаца цара жинийн оьгӀазло йоьху, цара талхо тарло хьерабохуш. ЦӀе дӀайайале хьалха, Ӏаьрбоша (масала, пӀалестӀинхоша) олу: БаӀдас-самах, йа сакени-н-нар! («Алун бахархой бакъо лохьа!»). Буса кхин а ца магадора шок лекха, нуьй хьакха йа шедаг, жинаш дар ца дархьама. ПӀалестӀинхошна йукъахь жинаш кхолларх миф лела (исламах йоьзна йоцу), цуьнца вайн нанас Хьавас 40 бер деш хилла цкъа, царех 20 уггаре ирчаниг дӀакхуссуш хилла, Дала къинхетам бина царех жинаш дина[16].

Азербайджанийн дийцаршкахь жинашна говрахь лелаш хазахета: уьш къайлаха говраш тӀе а ховший, хехкало охьаэггалц. Говрийн дайша, жин лацархьама говрийн букъ тӀе силам буттий, дӀахоьцу уьш ара. Жин говр тӀехиича, иза цуьнан букъ тӀелета, дӀа а ца хецало. Кхераме кхел лору жинан дегӀах маха боллар, иза шега жине схьа стенна ца баккхало-м ца хаьа. Жин муьтӀахь лай хуьлу шен дегӀах маха боьллинчун. Лоллара далархьама жино шен дех къайлаха цхьаьна бере доьху маха схьабаккхар, Ӏаж лур бу олий; амма маха схьабоккхушехь жин сихха дов[17].

Руандехь геноцид йолуш, хуту а, тутси а гена бовлура бусалбанийн кӀошташна, хӀунда аьлча тешара, бусалбанаш а, церан маьждигаш а жинаша лардеш хиларх. Чьянгугухь маьждигаш доха ца дора, хӀунда аьлча тешара, уьш жинаша лардеш хиларх, церан оьгӀазлонах коьрура[18].

Руман мифологехь жинаш саннарш дара генийн йа даймонаш желт.-шира. δαίμων (йилбазаш) ширажелтойн оьздангаллехь.

Жинийн дукха йукъара хӀумнаш ду йилбазашца, шайтӀарчашца керсталлин оьздангаллехь йа шедим йахӀудийн динехь; коьрта башхалла йу, исламехь жинийн, адамийн санна, харжам бу нийсонан тӀехь хила йа шайтӀанан лайш хила, ткъа керсталло дерриг йилбазаш зуламе лору, иштта, нагахь керсталлин доктринехь, дерриг йилбазаш — къиношка эгна маликаш делахь, жинаш йуьхьанца дуьйна Дала кхоьллина ду, шеш ма-дарра, маликашца цхьан а йукъара хӀума доцуш.

ХӀокху заманан говзаллехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Узбекистанан поштан маркина тӀера жин. 1999 шо

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Керла а, хӀокху заманан а исторехь жинаш — фэнтези жанрера кхолламийн гӀарайевлла персонажаш йу, сих-сиха хаало исбаьхьаллин литературехь, кинематографехь, компьютеран ловзаршкахь.

« Модест Матвеевичан тӀеоьцу чоьнан неӀ къевлина йара жӀар санна хӀоттийна шинатавран эчиган тӀайца, ткъа агӀонашкахь, баттара даьхна тарраш, лаьттара шиъ онда чалбанаш йихкина Ӏифрит, дуьззина герзах доьттина. ХӀоранна мара, цӀен жӀаьлиуно бестийна, тӀетоьхна эчиган гӀирсан лоьмар йолу чекхбаьккхина боккха дешин хӀоз болуш бара. Гуонаха саьнгалан а, багийна тӀергӀан а, стрептоцидан мархьаман а хьожа йара. Со сецира цхьаьна ханна, цаьрга хьоьжуш, хӀунда аьлча Ӏифриташ вайн шораллашкахь наггахь бен ца хуьлу дела. Амма, аьтту агӀора лаьттарг, маж йашанза, бӀаьрга тӀехь Ӏаьржа аса йихкина, со бӀаьргаца ваа доладелира. Цунах лаьцна гӀуо дуьйцура, иза хьалха адамаш дууш хилла бохуш, со сихха кхин дӀавахара. Суна хезаш дара, цуо мара а лоькхуш, суна тӀехьа чӀам бохуш. »
« — Жинаш — чӀогӀа, чӀогӀа зуламе а, хӀил долу а хӀуманаш йу! — даггаха элира саьрмико. »

Кинематограф[нисйе бӀаьра | нисйе]

Жинаш — чӀогӀа гӀарадаьлла туьйранийн персонажаш йу дуьненан кинематографехь, тайп-тайпана мехкийн киношкахь хуьлу. Дукха хьолехь гойту стогарна йа шишанна чудоьхкина бозбуунчаллин синош санна. Классикин жин дендар хилира британин фильм «БагӀдадан къу». Цунна чохь жин адаман сибатера доккха са ду, иза стогар чуьра кхойкхий кӀентан лаам кхочуш беш ву.

Советийн «Ӏалауддинан бозбуунчаллин стогар» фильмехь (1966) жин дуьхьалахӀутту дино ма-баххара: цӀерах кхоьллина са.

Малхбузен оьздангаллехь уггаре гӀарайаьлла йу The Walt Disney Company студин «Ӏалауддин» (1992) мультфильм чуьра Жини, цуьнан сюжетан бух бу «Эзар а, цхьаъ а буьйса» туьйранийн гуламехь. Жинан оцу мультфильмехь коьртачех цхьа роль йелира. 2019 шарахь Walt Disney Pictures анимацин фильмехь жинан роль ловзайо Смит Уиллас.

Жинаш гуттаренна а дика синош дац, ма-лаъара хьан лаамаш кхочуш беш. Режиссёрийн Картцман Робертан а, Шолдер Джекан а «Лаамаш кхочушбийриш» фильмашкахь режиссёраша кхоьллира зуламе синойх васт, кхечу дуьнен тӀера вежарий мукъа а баьхна, дуьненахь цаьрца урхалла дархьама синош гулдеш болу. Жин кийча ду муьлхха лаам кхочуш бан, амма пайдабоцучу хӀуманех ларвала веза хьо цуьнга галл ца ваккхийта.

Кхин дерг[нисйе бӀаьра | нисйе]

Жинаш а, Ӏифриташ а шина тайп-тайпана классийн синош ду Туран а, Бозбуунчаллин а турпалхой ловзарехь. Билгалдаьлла ду, жинашна а, Ӏифриташна а вовшашна ца деза: жинаш Ӏифриташна тӀелетча лелачул 50% сов зе до, иштта Ӏифриташ жинашна тӀелетча а.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Али-заде А. А. Жин // Исламский энциклопедический словарь. — М. : Ансар, 2007. — 400 с. — (Золотой фонд исламской мысли). — ISBN 5-98443-025-8.
  2. Hoyland, R. G. Arabia and the Arabs: From the Bronze Age to the Coming of Islam.
  3. Коран 72:6
  4.  55:14.
  5. См.: Аз-Зухайли В. Ат-тафсир аль-мунир [Освещающий тафсир]: В 17 т. Дамаск: аль-Фикр, 2003, т. 1, с. 139.
  6. Кеп:Къуръан/Ссылка
  7. Muḥammad ibn Ayyūb al-Ṭabarī, Tuḥfat al-gharā’ib, I, p. 68; Abū al-Futūḥ Rāzī, Tafsīr-e rawḥ al-jenān va rūḥ al-janān, pp. 193, 341
  8. Tafsīr; Bakhsh az tafsīr-e kohan, p. 181; Loeffler, p. 46
  9. Ṭūsī, p. 484; Fozūnī, p. 527
  10. Fozūnī, p. 526
  11. Fozūnī, pp. 525—526
  12. Kolaynī, I, p. 396; Solṭān-Moḥammad, p. 62
  13. Mīhandūst, p. 44
  14. Abu’l-Fotūḥ, XVII, pp. 280—281
  15. 1 2 Ibn Taymiyyah, al-Furqān bayna awliyā’ al-Raḥmān wa-awliyā’ al-Shayṭān («Essay on the Jinn»), translated by Abu Ameenah Bilal Phillips
  16. Жин Архивйина 2013-06-22 — Wayback Machine // Кеп:МНМ
  17. Ҹин (сказка о жине). — Азербайджанские сказки. — Баку: Издательство Академии наук Азербайджанской ССР, 1963. — Т. IV. — С. 171—173.(азерб.)
  18. Kubai, Anne. Walking a Tightrope: Christians and Muslims in Post-Genocide Rwanda (en) // Islam and Christian-Muslim Relations : journal. — Routledge, part of the Taylor & Francis Group, 2007. — April (vol. 18, no. 2). — P. 219—235. — DOI:10.1080/09596410701214076.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]