Жеребцова, Полина Викторовна

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Полина Викторовна Жеребцова
Жеребцова Полина в Кельне.JPG
Йина терахь

1985 шеран 20 март({{padleft:1985|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (32 шо)

Корматалла:

яздархо

Гражданалла:

РоссиFlag of Russia.svg РоссиФинлянди Финлянди

Commons-logo.svg Полина Викторовна Жеребцова Викигуламехь

Поли́на Ви́кторовна Жеребцо́ва (1985 шеран 20 март, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — яздархо-документалист, поэтесса. Иза гӀараяьллачу «Дневник Жеребцовой Полины» тептаран автор ю. Цуьнан дневник дуккха а Европерачу къаьмнийн маттахь гочйина, зорбатоьхна ара а хецна[1].

2013 шарахь Полинина елира политикан кIелхьарйолийла Финляндехь[2].

Къаьсттина адамийн бакъонаш ларъечу хьокъехь болх беш а ю иза[3]. Иштта, Борис Стомахин паргӀатваккхаран хьолехь болх дӀакхоьхьуш а ю[4].

А. Сахарова цӀарах долчу совгӀатан финалист ю: «За журналистику как поступок» 2012 шо[5].

Нохчийн пачхьалкхан махкахь 19942004 шерашкахь хиллачу тӀеман зуламех лаьцначу докладан автор а ю.

Полина йина дуккхачу къаьмнийн доьзалехь Нохч-ГӀалгӀайн АССР махкахь Соьлжа-гӀалахь (Грозный). ТӀеман кампанеш дӀайоьлхучу хенахь Нохчийн Республикан дозанал ара а ца ялла. Нохчийн махкахь тӀом болабелчу 1994 шарахь исс шо долчу Полина Жеребцовас йолайо шен долахь йолу дневник. Цу техь цо гойту шен Даймахкахь хуьлуш долу исторически гӀуллакхаш.

1999 шеран 21 октябрехь Соьлжа-гӀалара маьршан базарахь, шен нанна газеташ дохка гӀо деш йолчу Жеребцова Полинина, юккъерачу барамехь чевнаш хуьлу. Шен дневникан тӀехь маьршан бахархойх лаьцна цо яздира:

8 ноябрехь 1999 шарахь:

«…Селхана суьйренца къемате герзаш диттира!

Ракеташ а снарядаш а керта эгара.

Еттара минометаш а пулеметаш. Пенаш ша-шех лелара.

Массеран лулахойн тӀаьххьара дисина корийн куьзганаш охьадигира…»

Полина Жеребцовас 1995 шарахь диллина сурт (цу хенахь цунна 10 шо дара)
Заветы Ильича урамехь долу цӀа, автор Жеребцова Полина
Полина Жеребцова хилла тетрадь, 1995 шо
Полина Жеребцова в музее А. Сахарова, 2011. Презентация книги.

Бералла[нисъе | нисъе чухулара]

Полина Жеребцова йина 20 мартехь 1985 шарахь дуккхачу къаьмнийн доьзалехь Соьлжа-гӀалахь. Цо лору ша космополит (дуьненан гражданин), шен тайпанехь дуккхачу къаьмнийн гергара нах хилара бахьанехь[6].

Полини да дӀакхелхина иза гуттар жима йолчу хенахь. Нана Полини — Елена Жеребцова, болх беш яра йоккхачу предприятехь лакхарчу товароведан даржехь. Шен ерриге мокъа хан цо лерина яра ца1 бен йоцу йоӀ кхиорна хьокъехь.

Къаьсттина гергара а, мерза уьйр йолуш юкъаметтиг яра Полинин шен ненан деца Жеребцов Анатолий Павловичца. Цо 25 шо сов болх бинера Грозненски телевиденехь журналист-кинооператор. Полини ненан нана а, сурташ дохкуш говзанча (профессиональни художница) хилла. Ден да актёр а, музыкант хилла. Иштта, ден нана а профессиональни актриса хилла.

Полина Жеребцова кхиъначу доьзалехь цхьатеррачу барамехь ларара кху кепара жайнаш Тора, Библии, Къуръан. Бераллехь дуйна Полинас Ӏамадора тайп-тайпанчу къаьмнийн: дин, истори, философи а. Къаьсттина, цо, шена езаш, билгаляккхинчех яра литература.

Полинин Жеребцован доьзалехь сих-сиха олура: «Тхо дуьненан машаре адамаш ду!». Цу дешнин бахьана дара царна шайн тайпанахь тайп-тайпана къаьмнаш дуйла хаар.

ХӀалхара тӀом[нисъе | нисъе чухулара]

ДӀайолаелира хьалхарчу тӀеман кампани (1994—1996 шераш). ТӀом болабелла дукха хан ялале дӀакхелхира Полини ненан да Жеребцов Анатолий. Боккхачу Даймехкан ТӀеман 72 шо долу декъахо дарба лоьхуш чохьӀуьллу Соьлжа-гӀалара Первомайски урамера больница тӀеман хӀаваан кеманаша тӀе герзаш детташ яра.

Полинас шен дневник тӀехь до дуьххьарлера баккъал яздарш. Цо ша шена до и йоза, ткъа цу тӀехь буьйцучу лулахошна, иштта накъосташна а, кхин цӀераш тохку. ДӀаязъйо забаре а, сингаттаме а, шен дахарехь тӀеӀиттало меттигаш. Нохчийн Республикехь 19941996 шерашкахь хиллачу тӀамо галйоккху нохчийн а, оьрсийн а, халкъийн юкъаметтиг. Кхоллало вовшашца гамо, цабезам, иштта тӀехтохарш а нисло.

Шен фамили бахьанехь, Полинина нисло школехь олуш хийланза цадогӀу халахетарш. Нохчийн къоман, шен оьрсийн лулахошца, иштта бойзучарца а, кхоллаелла оьгӀазло а, цуьнан бахьанаш, Полина Жеребцовас яздира шен тӀаьхьа арахецначу дийцаршчохь[7].

ШолгӀа тӀом[нисъе | нисъе чухулара]

Юха а, 1999 шарахь , Къилбаседа Кавказерачу Соьлжа гӀалахь дӀаболало шолгӀачу тӀеман керла мур. Ткъа Полини цу хенахь 14 шо кхаьчна. Цуьнан «Дневник» денна тамло хуьлуш долчу керлачу хӀуманех лаьцна.

ХӀора дийнахь, дешар чекхдаьлча, Соьлжа-гӀалара коьрта базарахь махбеш йолчу шен нанна гӀо деш йолчу Полина Жеребцован, юккъерачу барамехь когашна чевнаш хуьлу. ЦӀармата гӀарадаьлла, инзаре ларам боцу герзаш тохар маьршачу базарна 21 октябрехь 1999 шарахь, билгалйина тӀаьха хиллачу докладехь[8] «Харжамбоцуш герзаш детташ ницӀкъбар федеральни эскарша Нохчичохь тӀом болалучу хенахь сентябрехь-октябрехь 1999 шарахь».

Чевнаш а, цамгар а бахьанехь, Полина Жеребцова шен ненаца ца ларайо тӀеман цӀе кхерстачу Соьлжа-гӀаличура араяла. Йолало мацалла а, ца доьвлачу денца кхерстар а, иштта, кхечу лулахошца «зачистке» арадахар а. И дерриге Полинас шен «Дневникан» агӀонашкахь яздина.

Полина Жеребцова маситтазза нисло дахарна а, Ӏожаллина а, юккъехь. Делахь а, цо къарцалуш дӀакхоьхьу шен яздаран болх, хӀунда аьлча, ша сатуьйса дела, цкъа мацца а шен тетрадаш цхьанна кара а дина уьш доьшур ду, тӀаккха царна хуур ду, маьршан бахархоша — бераша, къеначара а муха баланаш хьегна тӀом болчу хенахь.

Коьртаниг цунна — адамаш кхетар тӀемаш бийлита мегарг цахиларх, къаьсттина шайн пачхьалкхан махкахь. Иштта «Дневник» тӀехь цо дуьйцу, 1994 шарал хьалха Республикехь, оьрсийн а, нохчийн а халкъийн юкъаметтиг гергара а, лараме а яра бохуш.

Соьлжа-гӀалара, Заветы-Ильича урамера, тӀом балале хьалха Полина Жеребцови доьзал чохь баьхна долу цӀийно, шолгӀа 19992000 шерашкахь хиллачу тӀамехь, дохийна, кхин меттахӀотталур долучу хьолехь дацара[9]. Делахь а, Полини шен ненаца кхин шо сов хан яккха дийзира цу галдаьлла хьал долчу хӀусамашкахь.

Февраль баттахь 2000 шарахь, чевнаш хилла пхиъ бутт баьллачул тӀаьхьа бен ца йо,14-шо долчу Полина Жеребцовна операци. Операци йира 9-чу московски больницан лоьраша, йохийначу Соьлжа-гӀалахь йолчу МЧС госпиталехь —схьаяккхира уггаре йоккху гериг.

Чевнаш (16 гериг) бахьанехь могашаллина хилла зен Полинина хӀинца метта а ца хӀоттийна.

Корматалла[нисъе | нисъе чухулара]

Полина Ставрополь гӀалара исбаьхьаллин гайтамехь. 2005 шо. Полина Жеребцовас хийцира 5 мактаб (школа) Соьлжа-гӀалахь. Уьш ерриген а рогӀ-роггӀана йохийра Нохчийн Республикехь тӀом болчу хенахь.

  • 2002 шарахь 17-шо долу Полина Жеребцова деша дӀахӀоьттира ЧПГИ (Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институте).

Ткъа 2004 шарахь цӀечу дипломаца чекхъяккхира корреспондентин мактаб (школа).

А 2003 шарахь дуйна цхьаьнагӀуллакхдо цо СМИ-хь. Ткъа цуьнан литературни къахьоьгу аре ю: журналистски таллар, публицистика, интервьюш, очеркаш, дийцарш, байташ, эссе, фельетонаш, берашна туьйранаш.

Даимна лелхачу герзах, сих-сиха хуьлучу терактех кӀаддалар бахьанехь, 2005 шарахь Полина Жеребцова доьзалца дӀайоьду Ставрополе, бакъдерриг аьлчи, Нохчийн Республикехь, тӀом дӀабоьдуш болу дела. Ставрополехь Полина Жеребцова дехьайолу Къилбаседа Кавказера технический университете заочни отделене «Юкъара психологи» факультете (диплом схьаэцна 2010 шарахь).

  • 2006 шарахь , Полина Жеребцовах хуьлу шина номинацехь лауреат Иерусалимера Януша Корчака цӀарах йолчу халкъинюкъараллин литературни конкурсехь[10].

Иштта 2006 шарахь цо кехат яздира Александр Солженицыне: шен Дневниках лаьцна а дуьйцуш и арахеца гӀо дийхира. Солженицына фонда белхалоша гӀо дира Полинина Москва схьакхалха, делахь а, Дневник зорбатоьхна арахеца аьтту ца хилира.

А 20082010 шерашкахь Полина Жеребцован цхьацца статьяш, дийцарш а зорбатуху Москвахь: журнал «Байракх», журнал «Йоккха шахьар», газета «Маьрша Дош».

Оцу хенах лаьцна иштта аьлла:

«Жеребцова хӀинца а хене йолу наг-наггахь доккхучу алапах, ца яьллачу денна хьалтакхархьама, цо язъйо цхьацца статьяш, берашӀалашдеш болх бо нехан доьзалехь, иштта, наггахь консультант а.»

(«The Guardian», Великобритания)

.

Гурахь 2011 шарахь зорбанехь арайолу Дневник Жеребцовой Полины (1999—2002 шераш).

Карарчу хенахь иза цхьаьнагӀуллакхдеш ю хаамийн интернет-порталашца: Wordyou.ru, Грани.ру, Slon.ru, Медведь (журнал) ,Кругозор (журнал, Бостон).

КхобӀе сов байташ поэтессин арахецна СМИ-хь.

Ткъа 2013 шарахь П. Жеребцови байташ араевлира антологин поэзехь:[11].

Акциш[нисъе | нисъе чухулара]

Июль баттахь 2012 шарахь Полина Жеребцовас куьгтаӀийра российски оппозици кхайкхаман кӀеллахь: «Путин дӀавала веза»[12].

«И жоьжахате со Ӏаш хилла, и къемате, миллионаш адамаш Ӏаш долу РФ — хуьлийтила дац. Ӏедалехь хила беза филосовски кхетамехь хьекъал долу нах, даима машаре кхийдаш, ткъа иштта, хӀора хенахь шайн махкахошна адамашна догӀу хьакъ долу дахар хӀотто а гӀерташ. Ткъа хӀинца вайн долу хьал — юханехьа йоьду процесс ю.»

П. Жеребцова

.

Декабрь баттахь 2013 шарахь Полина Жеребцовас яздира къайлазан Кехат Ходорковскега[13].

"Со чӀогӀа доглозуш яра хьоьх, хьо набахтехь волчу хенахь. Суна хетара хьуна йина кхел харцонехь а, политически а. Иштта хӀинца а хета, хьуна цхьа гӀело еш бахуьйтуш санна. Делахь а, ахьа хьайн интервьюхь элира:

«Путин мела вац. Со тӀом бан кийча ву Къилбаседа Кавказ вайн пачхьалкхан юкъахь ларъярхьарма. Иза вайн латта ду, вай и схьадаьккхина!»

Ойлаехьа, хьа а дезар ма ду декъахо хила Кавказехь динчу тӀеман зуламех жоп дала дезаш хан ягӀахь.

Ешахьа сан дневник.

Дешахь, тхо муха къардина схьадехира.

Оха муха дӀабохкара, тхайн тӀеман кӀеллахь кхелхина лулахой, цкъа хьалха церан кешнаш гаьннашца дӀакъуьйлуш церан декъий мецачу жӀаьлешка вовшахцадахийта. Муха дайъира эзарнашкахь бераш, зударий а Нохчийн Республикехь.

Хьуна хӀинца а лаьий юкъаралла цу тайпанчу Россица? Суна-м ца лаьа!

Йа цуьнан гражданства а ца еза суна.

Суна эхь хета цуьнах, ша лайн хӀостах санна.

.

Хуушдолу бакъдерш[нисъе | нисъе чухулара]

П. Жеребцова 2007 шарахь дуйна Союз журналистов России. юкъахь ю. Иштта, юкъарахалкъийн журналистан профессиональни карточка а ду International Press Card.

Ткъа 2012 шарахь дуйна ПЕН-клубехь а ю.

Литературни совгӀаташ[нисъе | нисъе чухулара]

  • 2006 — Юкъаракъаьмний литературни совгӀат Януша Корчакан цӀарах цхьана Дневникан декъах («Крещение» — 2000 шо).
  • 2006 — Юкъаракъаьмний литературни совгӀат Януша Корчакан цӀарах тӀеман дийцарах «Жима Малик» (Маленький Ангел).
  • 2012 — Финалист Андрея Сахарова цӀарах долчу совгӀатан: «За журналистику как поступок».

Книгаш[нисъе | нисъе чухулара]

  • Дневник Жеребцовой Полины. — Москва., 2011. — 576 с. — 2000 экз. — ISBN 978-5-89935-101-3
  • Муравей в стеклянной банке. Чеченские дневники 1994-2004 гг.. — Москва., 2014. — 608 с. — 3000 экз. — ISBN 978-5-17-083653-6
  • Тонкая серебристая нить (рассказы) — Москва.: AST 2015. — 320 с. ISBN 978-5-17-092586-5
  • Ослиная порода (автобиографическая повесть) — Москва.: Время 2017. — 352 с. ISBN 978-5-9691-1536-1

Гочдина книгаш[нисъе | нисъе чухулара]

  • Жеребцова Полина, Le journal de Polina. France, Paris: Books Editions., 2013. ISBN 2366080328
  • Жеребцова Полина, Sodan sirpaleet. Finland, Helsinki: INTO, 2014. ISBN 978-952-264-312-4
  • Жеребцова Полина,LE JOURNAL DE POLINA. France, Paris: 10/18, 2015. ISBN 9782264064554
  • Жеребцова Полина, Polinas Tagebuch, Berlin 2015, ISBN 978-3-87134-799-3.
  • Жеребцова Полина, Чеченські щоденники 1994—2004 рр. Ukraine: "Клуб сімейного дозвілля, 2015.ISBN 978-966-14-8343-8
  • Жеребцова Полина, Polinos Dienorastis. — Lithuania, Tytoalba, 2015. ISBN 978-6-09466-107-5
  • Жеребцова Полина, Тонка сріблиста нить, Ukraine: BСЛ, 2016. ISBN 978-617-679-207-9
  • Жеребцова Полина, "Deníky Poliny Žerebcovové", BIZBOOKS, Czech Republic, 2016 ISBN 978-80-265-0500-6
  • Жеребцова Полина, Осляче поріддя, Ukraine: BСЛ, 2017. ISBN 978-617-679-357-1
  • Жеребцова Полина, TŠETŠEENIA PÄEVIKUD 1994–2004, Estonia, Tänapäev, 2017. ISBN 978-994-985-161-4

Махкахялар[нисъе | нисъе чухулара]

Кхерамаш бахьанехь,- чӀаго йо Полина Жеребцовас, — уьш тӀаьхьарчу хенахь юхь дуьхьал тийсара, почтехула бахкийтара, телефонехула а хазийтара, цхьацца « патриоташ Российн» ду шаьш бохучу наха. Цундела, яздархо январь баттахь 2012 шарахь Россира дӀа а яхана политически убежище йийхира Финляндехь[14][15].[16].

ХӀоразза а, цу кхерамийн чулацам кху кеппара бара: хьайн яздар цу теманах сацаде, нагахь хьайна яха лаахь, йа хьайн доьзал хӀаллакбайта ца лаахь. Даима оцу кхерамехь яха ницӀкъ бацара. Сайн доьзалах са чӀогӀа дог лазара, иштта хӀинцаа а лозу. Тха дӀадаха аьтто хилира, тӀаккха оха политически убежище йихира. (Голос Америки, 2012)[17].

Аса сатуьйсу, Финляндис, ткъа иштта, массо яккхичу малхбузерачу демократически пачхьалкхаша а, Российна а, Нихчичоьнна а, шайн Ӏуналладеш тӀелаьцна, царна демократи йовзийтаре! Наггахь, аса сайга олу, гӀоли хира дара Наполеон тоьллехь…

Политэмигрантка 2013 шарахь дуйна.

Телеканал ДогӀа (Дождь):[18]

Дневникан зорбатохарш[нисъе | нисъе чухулара]

«Дневник Жеребцовой Полины» хӀокху (19992002) шерашкара. дуьххьара арахийцира московский издательствос Детектив-Пресс 2011 шарахь .. Презентаци дӀаяхьира академика А. Сахарова цӀарах йолчу музейхь.

Ткъа и тептар арадоллушехь, дуккхачу сайташтӀехь гучаевлира харц информациш: иза бакъдац — иза «художественный кхоллар» ду бохуш. Авторийн бакъонаш ю галъяьхна.

«Суна гина цо яздинарг баккъалчу кепехь, цундела са чӀаго йан йиш ю, шуна хьалха ерг цу йоьӀан бакъйолу дневник хилар а,, иза цхьа а бӀалгӀа ца хиларх а», — элира презентацехь Светлана Ганнушкинас, (председатель комитета «Граждански накъосталла», советан декъахо а, куьйгалхо сети «Миграция а, бакъо а» Бакъонашларъечу центра «Мемориал»), цу кепара и тайпана харц хаамаш бух боцуш хилар а гойтуш,- яздора «Российский газетас» шен агӀонехь.

.

Авторо дукхазза дӀахьедора шен дог-ойла хилар ерриге дневника томаш арахеца, Нохчийн Республикехь, иштта РФ кхечу меттигашкахь язъйина йолу. Цу могӀара, СМИ-хь зорбатоьхна арадевлира цхьацца дакъош «Европейски дневникан», уьш Полина Жеребцовас язъеш дӀахьушйара ша Финляндин махкахь лагерехь йолчу хенаь.[27]

Делахь а, 2013 шо долалуш хаам хилира, цуьнан дневникаш арахецар сацийна Россехь, цуьнан бахьана цензура реза ца хилар дара.

«Ас цхьа а ца во сийсаз — йа гӀаттамхой, йа оьрсийн салтий а, — боху Полинас. — Тептар тӀехь яц гамо, йа хӀуьттаре а, иза ю, ца бевлачу денна, тӀеман кӀеллахь Ӏаш болчу маьршачу бахархойн дахарах лаьцна».

«The Guardian», Великобритания

.

Дацдина дакъош (фрагменты) «Дневника» 19992000 шерин. Полини Жеребцовин зорбанехь арадевлира российски а, дозанал арахьарачу а СМИ-хь 20062010 шерашкахь. Дневник дӀахьош ю 1994 шарахь дуйна (авторна хӀеттахь бен ца кхаьчнера 9 шо) — таханлера денналц.

      • «Дневник Жеребцовой Полины» чура чулацам бу: Нохчийн Республикера тӀеман гӀуллакхаш, къаьмнашна юкъара юкъаметтиг, психологи, авторан шен кхиар, гӀенашгар, мистика а.

«Суна хетара, нагахь со ехь, нахана карор ю сан дневник, — дийцира Полинас: — Суна хетара, адмаша сан дневник йоьшур ю, тӀаккха уьш кхетар бу, кхи цкъа а, тӀом бан безаш цахиларх.» «The Guardian», Великобритания

«Дневник Жеребцовой Полины» гочйина: французский, английский[19] и словенский языки[20]., словенский маттахь.

  • Ерриге тептаран текст ю оьрсийн маттахь Scribd иштта Проза.ру[21] и 'Проза.ру[22].

Тептарах аьлларг[нисъе | нисъе чухулара]

Фрагмент дневника Жеребцовой Полины.

ТӀеман дневникашца йолу меттигаш ша-тайпана хуьлу, хӀунда аьлча, цу хаамийн гӀуртехь дукхахдерг ца дуьйцу, ткъа дуьйцург цхьана а ца догӀу. Амма, бехк, йа бахьана доцуш, цхьа ша кхолламан лаам хилла цу тӀеман йийсархо хиллачу адамо йина терго чӀогӀа мехала хуьлу,- цаьрга гайтало бакъдолу сурт хуьлушдолчух. Иштта масал хилла дӀахӀоьттина литературехь нохчийн «Дневник Жеребцовой Полины» (М.: Детектив-пресс, 2011), цуьнан араялар чӀога билгале гӀуллакх хилла. Тептар шеко йоцуш бакъ йолу дневник ю, иза язъйина Соьлжа-гӀалара яхархочо Полина Жеребцовас, жимха йолчу 1999—2002 шерашкахь, шолгӀа нохчийн тӀом уггар марса баьллачу хенахь. Цхьацца долу дневникан дакъош арадевлира зорбанехь хьалхо а (масала, церах 2006 шарахь Полинас Иерусалимера Яноша Корчака цӀарах литературни совгӀат ийцира), делахь а, ерриге дневник арахеца цу хенахь аьтто ца хилира, хӀунда аьлча, цхьа а издательстваш «Нохчийчуьра бакъдерг» тӀелаьца а, йа арахеца а ца хӀиттара.

Лидия Хесед, критик.

Хилла меттиг — тӀом. Журнальный чоь[23].

.

«Дневник Жеребцовой Полины» чохь дуьйцу Соьлжа-гӀаличохь ШолгӀа нохчийн тӀом болчу хенахь хиллачу гӀуллакхех лаьцна. Шен дневникан чохь жимха-йоӀа язъеш схьагайтина 1999—2002 шерашкара чолхе мур. Лазаман истори Полини Жеребцован дӀахӀотто мегар ю цхьана могӀара кхечу берийн тӀеман дневникашца — Тани Савичеван блокадни Ленинградера а, иштта, Анны Франк, нацистски зуламех дийцина йолу а.

Мария Вагина, Культуран декъан редактор.

Хийцините цу тептаро суна хетачу хьесапехь кавказски тӀемах сан кхетам? ХӀаъ-а, иштта хетта суна. Со урам новкъара политически хьолах ца кхеташ ю бохург-м дац иза. Со мелла кхеташ ю аьлла хетара суна дуьххьарлера а, шолгӀа а нохчийн тӀемаш муха хилла а, иштта Соьлжа-гӀала муьлхачу хьоле ялийна а. Делахь а, цигахь хилла а, Ӏийна а, кхалларан йуьхик бахьанехь къийсам латтийна, дийна йолу теш а гича, цо яздинарг а дешча, шекойоццуш, кхетам а, дог-ойла а хуьйцу.

Марина Давыдова, театральный критик, коьрта редактор журнала «Театр»

.

Жеребцован дара 14 шо, стиглара бомбанаш чуӀеначу хенахь. Уьш охьаегара цо шен ненаца болх беш йолчу базартӀе а, иза хӀора дийнахь лелачу урамашка а. Цара этира Грозный ша кегирий дакъош дича санна, цул тӀаьхьа хьоме гӀала ца евзачу хьоле елира. Дуьххьара дуйна Жеребцовас цуьнах лаьцна яздора, цуьнан дагна и чӀогӀа лазаме а,.чевне а дара. Делахь а, шолгӀачу тӀемах документ хилла дӀахӀоьттина иза. Цо, шен кегарийн сихаллица дечу йозанца йуьзира иттех дневник, наггахь, лелхачу герзаша хӀаллакйо хӀусумаш, шен сурташца, генара хьаьжначунна зезагех а таръеш.

Мириам Элдер, журналист, корреспондент The Guardian

Дневник Полины Жеребцовой мехала ю, еккъа кху цхьана хӀуманца. Цо харцайо, адамашна даимна оьхьуш долчу суьртин кеп а, цуьнан роль а, ткъа хӀинца оьшу кхечу турпалчу адамийн аьзнаш — жимчу йоӀарийн, зударийн, къеначу зударийн а, Ӏожалле хьоьжуш болчу, цу жима а, онда а, тӀеман духарца болу оьрсийн стегарех. Полинас олу церах «немцой» а, «кӀайнаш» а,— хӀунда аьлча, СССР йолчу хенахь йина а йолу, советски фильмаш тӀехь кхиъна а йолу, цо муьлха цӀе тилла езара мостагӀашна? Оьрсий « немцойн» суьртахь: герзаш кхуьйсуш болу мискачу къеназударшна а, йа боьлуш болу шайх кхераелла йиълара уьдучу жимчу йоӀах, — цу сурташна реза хила сел атта дац мел чӀога либеральни а, кхетаман серло коьртехь йолчунна а. Делахь а муьлххачу дешархочун къахьегар мехала хир ду, нагахь цуьнан ницӀкъ кхачахь хӀара «Дневник» дӀаелла.

Елена Рыбакова, корреспондент «Московски хаамаш»

.

Ӏазапан дийцар Жеребцован хӀинцале дуста мегар долуш ду цул хьалха и санна хиллачаьрца — Анной Франк, ШолгӀа дуьненан тӀом болчу хенахь шен дневник язйина йолу, иштта,Злата Филипович. Боснерачу тӀемах шен дневника тӀехь дуьйцуш йолу. Издателаш лакхара мах хадабора дневникан, делахь а, хӀораммо ша-ша юхатохара цунна зорбатоха, шаьш « Российн таханлерачу Ӏедална муьтӀахь» хиларна бахьанехь.

Alissa de Carbonne, «Reuters», Великобритания

.

Повесташ а, дийцарш а[нисъе | нисъе чухулара]

  • 2003 — Лаамехь боцу мах.
  • 2004 — Лариса[24]
  • 2004 — Кхоллам бац.
  • 2006 — Керстанедерзар.[25].
  • 2006 — Жима Малик.[26].
  • 2007 — Пашбукъах лаьцна туьйра.
  • 2008 — Воккха стаг Идрис.[27].
  • 2010 — Шу соьх тешалаш…Вы мне поверьте… журнал «Знамя» 2010, № 5[28].
  • 2012 — Нохчий а, оьрсий а.. Соьлжа-гӀала 2003-04 шераш. ТӀом дӀабаьллачул тӀаьхьа дневник.[29].
  • 2012 — Суна къа хета салтичух. Дневникаш Жеребцова Полини хьалхарчу тӀемах.[30].
  • 2013 — ДутӀкъа детин тай.[31].
  • 2013 — Керла легендаш къеначу Кавказан.[32].
  • 2013 — Политэмигрантан некъ. журнал «Байракх» 2013,№ 6.
  • 2013 — Дневник Нохчийчоь, 2003, журнал «Даймехкан йозанаш» № 2 (53)

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Суна къа хета салтичух. Дневники Жеребцовой Полины: Полина Жеребцова: Медведь. Первый Мужской журнал
  2. Финляндис тӀелаьцна нохчийн тӀеман тептаран автор.
  3. ХӀокхунах олу следственни белхаш. Доза доцу дош.
  4. ПаргӀато Борис Стомахинна!
  5. Дайджест Фонда защиты гласности № 594
  6. Къомах лаьцна.
  7. Полина Жеребцова. Чеченские зарисовки
  8. хӀоттийнарш: Черкасов. А., Орлов О.
  9. http://forum.pridnestrovie.com/upload/img/375/dom.jpg
  10. Èòîãîâûå îáçîðû íîìèíàöèé îò ÷ëåíîâ æþðè, âûäâèæåíèå ïîáåäèòåëåé (4 ýòàï)
  11. «КӀайчу цициган бӀар».
  12. Поиск подписи|Путин должен уйти
  13. Кехат Ходорковскега
  14. Коммерсантъ: Писательница из Чечни просит убежища в Финляндии
  15. Эхо Москвы: Писательница из Чечни Полина Жеребцова, попросила политического убежища в Финляндии
  16. BBC Russian — Россия — Автор книги о Чечне просит убежища в Финляндии
  17. Русская в Чечне и чеченка в России
  18. Яздархо Полина Жеребцова къайлайаьлла спецслужбех Финляндехь.
  19. Polina Zherebtsova’s diary of the second Chechnya war — extracts | World news | The Guardian
  20. AirBeletrina | Dnevnik Poline Žerebcove
  21. Дневник-Жеребцовой-Полины-Чечня-1999-2002гг
  22. Дневник Жеребцовой Полины (Полина Жеребцова) / Проза.ру — национальный сервер современной прозы
  23. Место действия — война
  24. ПАВЕЛ ЛЮЗАКОВ|ГАЗЕТА «СВОБОДНОЕ СЛОВО»|ИЗДАНИЕ МОСКОВСКОЙ ОРГАНИЗАЦИИ ДЕМОКРАТИЧЕСКОГО СОЮЗА
  25. Керстанедерзар
  26. Жима Малик
  27. Воккха стаг Идрис
  28. Вы мне поверьте…
  29. Соьлжа-гӀала 2003-04 шераш. ТӀом дӀабаьллачул тӀаьхьа дневник.
  30. Суна къа хета салтичух. Дневникаш Жеребцова Полини хьалхарчу тӀемах
  31. Тонкая серебристая нить
  32. Керла легендаш къеначу Кавказан.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]

Жеребцовас язйина статьяш[нисъе | нисъе чухулара]

Полина Жеребцовас елла интервьюш[нисъе | нисъе чухулара]