Езачу Марьяман Билгалонан суьртан цӀарах килс (Хаси-Эвл)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Сийлахь меттиг
Езачу Марьяман Билгалонан суьртан цӀарах килс
Собор во имя иконы Знамения Пресвятой Богородицы
43°14′43″ къ. ш. 46°34′52″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
Лаьтта меттиг Хаси-Эвл
Дин керста
Епархи ХӀинжа-ГӀалин епархи[d]
Архитектурин хатӀ неовизантийский стиль в русской архитектуре[d]
Йиллина терахь 1903
Статус  ОТӀО № 0500537000№ 0500537000
ГӀирс Кибарчиг
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Сийлахь-езачу Делан Ненан Билгалонан цӀунан цӀарах зиярт (оьрсийн маттахь Собор во имя иконы Знамения Пресвятой Богородицы) йа Билгалонна килс (оьрсийн маттахь Знаменский собор)- Къилбаседан ДегӀастехь уггаре йоккха ортодоксийн килс йу. XX-чу бӀешаран архитектурин хӀоллам бу. Килс неовизантийн оьмарехь йина йу. Оьрсийчоьх, Дагестанехь, Хаси эвлахь лаьтташ йу.

Килсе оьхурш Оьрсийн Ортодоксийн килсан ХӀинжа-гӀалин епархин а, ХӀинжа-гӀалин благочинин а тергонехь бу.

Зияртан мозгӀар ву иерей Валерий Галкин.  

Хаси эвла йуккъахь 121-чу лоьмар йолу Тотурбиев урамехь лаьтташ йу килс. Шахьаран архитектурин коьрта эсалла йу иза, хӀунда аьлча килсан нартолаш а, жӀараш а геннара гуш ду.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Килс хьалайоьттина 1903-1904-чу шерашкахь Теркера гӀалагӀазкхийн эскаран казакаш. ГӀишло яр лерина дара Романовер паччахьаллин кхо бӀе шо кхачар даздарна.

Хьалхарчу муьрехь килсан хьал долу чоьнан кечйар а, хаза безачу нехан сарташ а, поппарх дина сарташ а дара. Амма кхийолу килсаш санна Советийн заманчохь керлачу Ӏедалша килс дӀакъоьвлира, циг чохь йогу-хьоькху гӀирсан чоь схьайиллира. 1943 шарахь йаьллачу цӀергахь зияртан гӀишлон чоь а, сарташ а хӀаллакхилира.

1945-чу шарахь килсан чохь Далла Ӏамал яр доладелира. Амма советийн заманахь килсан архитектура эрча йаьккхинера, иштта килсан гонахьа долу латта тӀехь гӀишлош йира.

ХХ-чу бӀешаран 90-чу шерашкахь оьрсий Дагестанера  дӀабахар бахьан долуш килсе оьхурш хьалхачул а лахбелира.

2011 шарахь «Оьрсийчоьнан оьздангалла» («Культура России») федералан программан йукъайахна.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]