Европан барт

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Европан барт
Круг из двенадцати золотых звёзд на синем фоне.
Байракх
Девиз: Согласие в многообразии
Шатлакхан Илли: Ода к радости
Европан бертан шатлакхан илли
Ода к радости (фортепианан верси)

EU Globe No Borders.svg
     Пачхьалкхаш — Европан бартан декъашхой
Коьрта хаамаш
Политикан гӀаланаш

Брюссель
Люксембург
Страсбург

Пачхьалкхаш-декъашхой
Официалан меттанаш
Куьйгалла
Европан барт
Комисси
Парламент
Министрийн совет

Дональд Туск[1]
Жан-Клод Юнкер
Мартин Шульц
Латви

Коьртанаш
Парижан
Риман
Маастрихтан

23 июль 1952
1 январь 1958
1 ноябрь 1993

Географех лаьцна
Майда

7-гӀа дуьненахь[nb 1]
4 324 782 км²<[2]

Бахархой
— Бахархой (2012)
адамийн луьсталла

3-гӀа дуьненахь[nb 1]
506 820 764[3]
117,2 чел/км²

ДЧС (ППС)
— массо
— ДЧС/адам

1-гӀа дуьненахь[nb 1] (2012)
16,1 трлн $[4]
32 021 $[4]

ДЧС (номинал)
— массо
— ДЧС/адам

1-гӀа дуьненахь[nb 1] (2012)
16,6 трлн $[4]
33 131 $[5][6]

Ахчанаш
Сахьтан аса
аьхкена хан
— хӀордал дехьар латтанашца

UTC от 0 до +2
UTC от +1 до +3
UTC тӀера −4 +4 кхаччалц

Лакхара даржан домен

.eu

Телефоннийн кодаш

хьажа могӀам

Официалан сайт
http://europa.eu/

Европан барт[7] (Евробарт, ЕБ) — 28 Европан пачхьалкхан экономикан а, политикан а вовшахкхетар.[8] Барт кхоьллира 1992 шарахь Маастрихтехь[9]. Европехь Ӏаш 500 млн стаг ву[3]. Дуьненан экономикехь ЕБ дакъа 2012 шарахь дара 23 % гергга (16,6 трлн $) номиналца а, 19 % (16,1 трлн $) — эца йиш хьаьжарца.[4]


Пачхьалкхаш-декъашхой[нисъе | нисъе чухулара]


Европан бертан юкъа йогӀуш ю 28 пачхьалкх: Австри а, Бельги а, Болгари а, Йоккха Британи а, Мажарчоь а, Германи а, Греци а, Дани а, Ирланди а, Испани а, Итали а, Кипр а, Латви а, Литва а, Люксембург а, Мальта а, Нидерландаш а, Польша а, Португали а, Румыни а, Словаки а, Словени а, Финлянди а, Франци а, Хорвати а, Чехи а, Швеци а, Эстони а.

Экономика[нисъе | нисъе чухулара]

Инфраструктура[нисъе | нисъе чухулара]

Данина а, Швецина а юкъара Эресунан тӀай трансъевропан транспортан машан проектан дакъа ду

ЕБ болхбо европан юкъара инфраструктура кхиаран, масала, Трансъевропан машанаш (TEN). Иштта TEN гуранчура проекташна юкъайогӀу Евротоннель, LGV Est, Мон-Сенисан туннель, Эресунан тӀай, Бреннер тоннель, Мессинан хидоькъен тӀехулара тӀай. 2001 шарахь мах хадорца 2010 шарахь машано къовла безара: 75 200 км некъаш, 76 000 км цӀерпоштнекъ, 330 аэропорт, 270 хӀордан порт, 210 континентан чоьхьара порт[10].

Кхуьуш йолу Евробартан дукхачу регионашкахь транспортан маша шорбеш йолу транспортан политико совбоккху Ӏаламан бешболу ницкъ. 2004 шеран шоръяран пхоьалгӀа тулгӀенехь коьрта транспортан Ӏалашо хилира транспорт экологи агӀора цӀена яр (хӀаваъ бехдар, гӀовгӀа), некъаш машенех бастар (ца латтийтархьама). Шорбаро тӀетуьйхира болчу баланашна кхин а массарна дакъа кхачаран бала (инг. accessibility)[11]. Масала, 2006 шарахь Европан инвестицийн банко делира 650 миллион евро Польшан некъан система кхио, дерриг а 1990 шарахь дуьйна Польшина делла 12 млрд евро кредит, царех 40 % гергга хьажийна транспортан инфраструктура кхиоре[12].

ЕБ кхин инфраструктуран проект — навигацин «Галилео» система. Спутникан навигацин система хиларе терра, «Галилео» кхуллуш ю Европан барто Европан космосан агенталлица цхьаьна. Спутникан тоба кхоллар чекхдаккха лерина 2019 шарахь[13]. Проект хьажийна ю, цхьаьна агӀора Цхьаьнатоьхна Штаташ доладечу GPS ца базархьама, вукха агӀора американ ширъеллачу системал меттиг дика дӀалаца а, сигнал тоян а[14][15]. Ша ечу хенахь «Галилео» проекто зийна дуккха а финансийн, техникийн, политикийн халонаш[16].

Юьртабахам[нисъе | нисъе чухулара]

Юкъара юьртабахаман политика — Европан экономикан юкъараллин программех уггар шираниг ю, цуьнан хала меттиг а ю[17]. Политико юьртабахаман сурсат совдаккхаран , дааран сурсаташ цхьанаэшшара латтадаран, юьртабахамехь къахьоьгучу бахархойн дахар хьакъ долуш туокхе даран, йохк-эцара цхьанаэшшара яран, ткъа иштта сурсаташна хьекъале мехаш латтадаран Ӏалашо хӀоттайо[18]. Дукха хан йоццуш уьш леладора субсидеш луш, мехашна юкъагӀерташ. 70-гӀа а, 80-гӀа а шерашкахь юьртабахаман политикан хьашташна латтадора Европан юкъараллин бюджетан кхааннах ши дакъа[17], 2007—2013 шерашна оцу статьян харжан дакъа охьадаьлла 34 % кхаччалц[19].

Политикан хӀоттам[нисъе | нисъе чухулара]

Кеп:Европан бартан политика

Лахахь язйина ю ЕБ коьрта меженаш я институташ. Хаа деза, пачхьалкхийн ламастехь долу законкхолларан а, кхочушдаран а, суьдан а Ӏедал декъадалар ЕБ амалехь дац. ЕБ суд майрра суьдан меже лара мегар ду, амма законкхолларан функцеш ю цхьанне ЕБ Кхеташонан а, Европан комиссин а, Европарламентан а, ткъа кхочушдаран — Комиссин а, Кхеташон а.


Европера кхеташо[нисъе | нисъе чухулара]

Европера кхеташонан лакхара политикан меже, лаьтта пачхьалкхийн-декъашхойн пачхьалкхийн коьртех а, правительствех а, церан гӀовсех — арахьарчу гӀуллакхийн министрех. Европера кхеташонан декъашхо ву Европера кхеташонан председатель а, Еврокомиссин председатель а. Европера кхеташо кхолларан бух французийн президентан Шарль де Голлан коьрте еина ойла ю ЕБ пачхьалкхийн кортош формалан боцу гуламаш бар, уьш лерина бара къаьмнийн пачхьалкхийн роль интеграцин кхолларан гуранчохь охьаяккхарна дуьхьало ярна. И гуламаш хилира 1961 шарахь дуьйна, ткъа 1974 шарахь Парижерчу гуламехь и практика формалан йира оцу хенахь Францин президентан даржехь волчу Жискар д`Эстен Валерин дехарца.

Кхеташоно билгалйоккху ЕБ киаран коьрта стратегин агӀо. Политикан интеграцин инарлин аса яккхар — Европера кхеташонан коьрта некъ бу. Министрийн кхеташонца цхьаьна могӀарехь, Европера кхеташонан елла европан интеграцин коьрта барташ хийца йиш йолу политикан функци. Цуьнан гуламаш дӀахьо шарахь шозза а, цул сов а — я Брюсселехь, я председатель йолчу пачхьалкхехь Европан бартан Кхеташонан оцу хенахь коьртехь йолчу пачхьалкхан-декъашхочун председателан куьйгаллица. Гулам лаьтта шина дийнахь. Кхеташоно тӀеэцнарг дан дезаш ду иза къобал йинчу пачхьалкхаш.

Европера кхеташонан гуранчохь дӀахьо иштта олуш долу «ламастан» куьйгалла, цигахь уггар лакхарчу тӀегӀанера политикаш хиларо ло тӀеэцначу бартан доккха маьӀна до. Лиссабонан барт хиллачул тӀаьхьа, аьлчи а 2009 шеран декабрехь дуьйна, Европера кхеташо официалан юкъаяхна ЕБ институтийн структуран. Бартан чулацамашца кхоьллина керла дарж Европера кхеташонан председатель, цуо дакъа лоцу массо а ЕБ декъашхочун пачхьалкхийн а, правительствийн а коьртийн гуламашкахь.

Европера кхеташо къаьсташ хила еза ЕБ Кхеташонах а, Европан кхеташонах а.


Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Комменташ
  1. 1 2 3 4 Если рассматривать как единое целое.
Лелина литература а, хьосташ а
  1. Интервью — Дональд Туск, избранный председатель Европейского совета
  2. European Union (ингалс.). The World Factbook. Central Intelligence Agency (3 November 2010). — «Because of the great differences in per capita income among member states (from $7,000 to $78,000) and historic national animosities, the EU faces difficulties in devising and enforcing common policies.»  Теллина 2010 шеран 1 ноябрехь.
  3. 1 2 Total population as of 1 January. Eurostat. Europa portal. Теллина 2013 шеран 27 августехь.
  4. 1 2 3 4 World Economic Outlook Database. International Monetary Fund (2013, апрель). Теллина 2013 шеран 27 августехь.
  5. World Economic Outlook Database (Gross domestic product for European Union) (ингалс.). International Monetary Fund (April 2013). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 15 сентябрехь. Теллина 2013 шеран 27 августехь.
  6. World Economic Outlook Database (Population for the European Union countries) (ингалс.). International Monetary Fund (April 2013). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 15 сентябрехь. Теллина 2013 шеран 27 августехь.
  7. Европан Барт а ю санкцеш шоръян дагахь
  8. Райзберг Б. А., Лозовский Л. Ш., Стародубцева Е. Б. Современный экономический словарь. — 5-е изд., перераб. и доп. — М.: ИНФРА-М, 2007.
  9. Treaty of Maastricht on European Union. Europa portal. Архив йина хьалхара хьостан чура 2011 шеран 22 августехь. Теллина 2010 шеран 6 сентябрехь.
  10. Mirea, Silvia The trans-European transport network: new guidelines and financial rules (ингалс.). The Railway Journal. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 2 февралехь. Теллина 2011 шеран 23 сентябрехь.
  11. White Paper on Transport (ингалс.). Euractiv (22 September 2004). Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 2 февралехь. Теллина 2011 шеран 5 октябрехь.
  12. Ondrejička, Dušan EUR 650 million for the Polish Road Network (ингалс.). European Investment Bank (25 October 2006). Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 2 февралехь. Теллина 2011 шеран 5 октябрехь.
  13. Launch of first 2 operational Galileo IOV Satellites (ингалс.). European Commission. Europa portal (23 September 2011). — «The launch of the Galileo satellites at an altitude of 23.600km will lead to the provision of initial satellite navigation services in 2014. Successive launches will complete the constellation by 2019.»  Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 2 февралехь. Теллина 2011 шеран 9 октябрехь.
  14. McKie, Robin Sat-nav rival could crash and burn (ингалс.). The Observer. Guardian Media Group (15 July 2007). — «Galileo's supporters say the current GPS system, run by the US air force, could be turned off at any time that the US military decided, causing mayhem for European trucking companies, sat-nav firms, mobile phone operators and other users of GPS devices. In addition, current GPS devices are based on technology designed in the 1980s and have an accuracy of between 3 and 15 metres. Galileo, using 21st-century technology, can determine locations to within centimetres.»  Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 2 февралехь. Теллина 2011 шеран 9 октябрехь.
  15. ЕКА подтверждает первый запуск "Союза-СТ" с Куру 20 октября 2011 года (ru), Жуковский: «РИА Новости» (16 августехь 2011). Хьаьжна 9 октябрехь 2011. «Навигационная система Galileo, как считают многие обозреватели, может стать конкурентом в Европе американской системе GPS.».
  16. "Европейский GPS" готов к запуску в космос (ru), «Русская служба Би-би-си», «Би-би-си» (12 сентябрехь 2011). Хьаьжна 9 октябрехь 2011. «Ранее проект столкнулся с большим количеством технических, финансовых и политических проблем.».
  17. 1 2 Stead, David; Robert Whaples (editor) Common Agricultural Policy (ингалс.). EH.Net Encyclopedia (22 June 2007). Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 2 февралехь. Теллина 2011 шеран 4 ноябрехь.
  18. Четвериков, Артем Договор о функционировании Европейского Союза. Право Европейского Союза (2010, 14 октябрь). Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 2 февралехь. Теллина 2011 шеран 4 ноябрехь.
  19. Agriculture: Meeting the needs of farmers and consumers (ингалс.). European Commission. Europa portal (26 August 2011). — «Reforms notwithstanding, the common agricultural policy is the most integrated of all EU policies and consequently takes a large share of the EU budget. Nevertheless, its portion of the EU budget has dropped from a peak of nearly 70% in the 1970s to 34% over the 2007-2013 period.»  Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 2 февралехь. Теллина 2011 шеран 10 ноябрехь.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]

1000HA.png