Европин де

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Европин де
Big european flag at Strasbourg (France) - Europe Day 2009.jpg
Официалан Европин де
МаьӀна Европин кхеташо кхоьллина де, Шуманан декларацин де
Даздо 5 а, 9 майхь
Терахь 9 май
Доьзна Европин барт, Европин кхеташо
Commons-logo.svg Европин де Викилармехь

Европин де — хӀора шеран Европин бартан а, Европин кхеташонан а машаран, цхьааллин Ӏида. Европин де шиъ ду, уьш даздо 5 а, 9 майхь, кхоьллина Европин кхеташоно (ЕКХ) а, Европин барто (ЕБ) а ша-ша. ЕС Ӏида девза кхин а «Шуманан декларацин де»[1].

Европин кхеташонан дено даздо 1949 шарахь ша кхоллар, ткъа Европин союзо даздо, 1950 шарахь ЕБ кхоьллинчара де даздар кховдадарна. Европин де ду европахошна юкъахь уьйранаш чӀагӀъярхьама кхоьллина дийнна Европин символан могӀанера цхьаъ.

Хьалхара истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Брюсселехь Европин де даздар

Европин кхеташо кхоьллина 1949 шеран 5 майхь, цундела и де хаьржина Ӏидан, 1964 шарахь Ӏида хилла чшагӀдина иза. 1985 шарахь Европин юкъаралло (тӀехьа Европин союз хилла йолу), тӀеэцна Европин Кхеташонан Европин символаш, масала Европин байракхь. ТӀаккха а, хьалхарчаша барт бира шайн Европин де дан 1950 шарахь 9 майхь Шуманан деклараци йина шо кхачарна. Декларацис кховдадо Францин а, Германин а болатлалоран а, кӀоран а промышленносташ цхьаьнатохар, цуо Европин кӀоран а, болатан а цхьанатохар (дуьххьарлера Европин юкъаралла) кхолларе далийра, иза хуьлу кхолларан момент. Иштта, 1985 шарахь Миланехь Европин кхеташоно чӀагӀдира 9 май ЕС байракхан де.

Европин конституцис юридически чӀагӀъян езара ерриг Европин символаш, амма иза тӀе ца эцарна, лелаяр хӀинца де-факто лелош ду. Конституцин альтернативехь, Лиссабонан барт тӀехь бу символика къобалъеш болчу ялхийтта декъашхочун кхайкхам[2]. Европин парламенто официалан къобалдина 9 май Ӏида хилар 2008 шеран октябрехь[3].

Даздар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Европин денна кечйина Португалера ишкол

9 май даздо тайп-тайпаначу кепара дукхах йолчу пачхьалкхашкахь — Европин союзан декъашхошкахь а, луларчу Туркойчоь, Украина, Молдави пачхьалкхашкахь а, ца даздо Йоккхачу Британехь евроскептицизм бахьнехь[4]. Цул сов, Украинехь официалан тӀегӀанехь даздо Европин де 2003 шарахь дуьйна майн кхоалгӀачу шота дийнахь.

Ӏидан политикан амал хиларна, оцу дийнахь дӀакхоьхьу дешаран белхаш Европин бартах лаьцна я Европин интеграцин гӀо лоций арабовлу[5]. Байракхо ловзайо ладаме роль юкъарчу даздаршкахь кхин цхьа символ санна. 9 май гӀоле хетташехь, цхьаболу европахоша хьалха санна даздо и Ӏида 5 майхь, адаман бакъонаш, парламентан демократеш, законан локхалла лардарехь Европин кхеташонан роль билгалйоккхуш. Цунах къаьсташ, Шуманан деклараци бу французийн а, немцойн а кӀора а, болат а цхьанатохаран кховдам бен бац. Цул сов, 9 май цхьаьна нисло Советийн Союзан хиллачу мехкашкара ШолгӀачу дуьненан тӀеман Толаман денца (Малхбуза Европехь даздо 8 майх).

Хьажа иштта[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Есть ли у ЕС государственные праздник? Архивацийина 4 майхь 2009 шеран., Декларация Европейской Комиссии к Украине (ТӀе цакхочу хьажорг)
  2. Официальный журнал Европейского союза, 2007 °C 306-2 , стр. 267
  3. Кубосова, Люсия Не продлён мандат Баррозу, предупрждение членов Европейского Парламента. Обозреватель ЕС (9 октября 2008). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 5 апрелехь. Теллина 2008 шеран 9 октябрехь.
  4. Ламминг, Р. (9 мая 2008) День Европы, но не в Великобритании, Федеральный союз Архивацийина 4 майхь 2009 шеран.
  5. Празднование Дня Европы 9 мая 2007 в Дании Politeia.net

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]