Европан де

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Европан де
Big european flag at Strasbourg (France) - Europe Day 2009.jpg
Официалан

Европан де

МаьӀна

Европан кхеташо кхоьллина де, Шуманан декларацин де

Даздо

5 а, 9 майхь

Терахь

9 май

Доьзна

Европан барт, Европан кхеташо

Commons-logo.svg Европан де Викилармехь

Европан де — хӀора шеран Европан бартан а, Европан кхеташонан а машаран, цхьааллин Ӏида. Европан де шиъ ду, уьш даздо 5 а, 9 майхь, кхоьллина Европан кхеташоно (ЕКХ) а, Европан барто (ЕБ) а ша-ша. ЕС Ӏида девза кхин а «Шуманан декларацин де»[1].

Европан кхеташонан дено даздо 1949 шарахь ша кхоллар, ткъа Европан союзо даздо, 1950 шарахь ЕБ кхоьллинчара де даздар кховдадарна. Европан де ду европахошна юкъахь уьйранаш чӀагӀъярхьама кхоьллина дийнна европан символан могӀанера цхьаъ.

Хьалхара истори[нисъе | нисъе чухулара]

Брюсселехь Европан де даздар

Европан кхеташо кхоьллина 1949 шеран 5 майхь, цундела и де хаьржина Ӏидан, 1964 шарахь Ӏида хилла чшагӀдина иза. 1985 шарахь Европан юкъаралло (тӀехьа Европан союз хилла йолу), тӀеэцна Европан Кхеташонан Европан символаш, масала Европан байракхь. ТӀаккха а, хьалхарчаша барт бира шайн Европан де дан 1950 шарахь 9 майхь Шуманан деклараци йина шо кхачарна. Декларацис кховдадо Францин а, Германин а болатлалоран а, кӀоран а промышленносташ цхьаьнатохар, цуо Европан кӀоран а, болатан а цхьанатохар (дуьххьарлера Европан юкъаралла) кхолларе далийра, иза хуьлу кхолларан момент. Иштта, 1985 шарахь Миланехь Европан кхеташоно чӀагӀдира 9 май ЕС байракхан де.

Европан конституцис юридически чӀагӀъян езара ерриг европан символаш, амма иза тӀе ца эцарна, лелаяр хӀинца де-факто лелош ду. Конституцин альтернативехь, Лиссабонан барт тӀехь бу символика къобалъеш болчу ялхийтта декъашхочун кхайкхам[2]. Европан парламенто официалан къобалдина 9 май Ӏида хилар 2008 шеран октябрехь[3].

Даздар[нисъе | нисъе чухулара]

Европан денна кечйина Португалера ишкол

9 май даздо тайп-тайпаначу кепара дукхах йолчу пачхьалкхашкахь — Европан союзан декъашхошкахь а, луларчу Туркойчоь, Украина, Молдави пачхьалкхашкахь а, ца даздо Йоккхачу Британехь евроскептицизм бахьнехь[4]. Цул сов, Украинехь официалан тӀегӀанехь даздо Европан де 2003 шарахь дуьйна майн кхоалгӀачу шота дийнахь.

Ӏидан политикан амал хиларна, оцу дийнахь дӀакхоьхьу дешаран белхаш Европан бартах лаьцна я Европан интеграцин гӀо лоций арабовлу[5]. Байракхо ловзайо ладаме роль юкъарчу даздаршкахь кхин цхьа символ санна. 9 май гӀоле хетташехь, цхьаболу европахоша хьалха санна даздо и Ӏида 5 майхь, адаман бакъонаш, парламентан демократеш, законан локхалла лардарехь Европан кхеташонан роль билгалйоккхуш. Цунах къаьсташ, Шуманан деклараци бу французийн а, немцойн а кӀора а, болат а цхьанатохаран кховдам бен бац. Цул сов, 9 май цхьаьна нисло Советийн Союзан хиллачу мехкашкара ШолгӀачу дуьненан тӀеман Толаман денца (Малхбуза Европехь даздо 8 майх).

Хьажа иштта[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Есть ли у ЕС государственные праздник? Архивацийина 4 майхь 2009 шеран., Декларация Европейской Комиссии к Украине (ТӀе цакхочу хьажорг)
  2. Официальный журнал Европейского союза, 2007 °C 306-2 , стр. 267
  3. Кубосова, Люсия Не продлён мандат Баррозу, предупрждение членов Европейского Парламента. Обозреватель ЕС (9 октября 2008). Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 5 апрелехь. Теллина 2008 шеран 9 октябрехь.
  4. Ламминг, Р. (9 мая 2008) День Европы, но не в Великобритании, Федеральный союз Архивацийина 4 майхь 2009 шеран.
  5. Празднование Дня Европы 9 мая 2007 в Дании Politeia.net

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]