Евровизион-2018

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Евровизион-2018
Логотип
All aboard! (Дерриш кеман тӀедовла!)
Терхьаш
1-ра ахфинал 2018 8 май
2-гӀа ахфинал 2018 10 май
Финал 2018 12 май
ДӀаяхьар
ДӀаяхьаран меттиг Португали Лиссабон, Португали, Алтис-Арена
Кхочушдаран
супервайзер
Юн Ула Санн
Коьртаниг гойтуш верг RTP
Декъашхой
Дерриш бераш 43
Юхабирзинарш Росси Росси
ЖамӀаш
Кхаж тасаран система ХӀора мехко ло ши комплект 12 а, 10 а, 8—1 балл 10 эшарна: хьалхара — говзанчийн жюригара, шолгӀа — телехьовсархошкара.
Толаман эшар «Toy» (Исраил Исраил)
Евровизион
2018
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Эшаран къовсам «Евровизион-2018» (инг. Eurovision Song Contest 2018, фр. Concours Eurovision de la chanson 2018, порт. Festival Eurovisão Da Canção 2018) — дуьххьара Португалин коьрта шахьрахь Лиссабон гӀалахь чекхбаьлла 63Кеп:NbhyгӀа эшаран къовсам «Евровизион». Иза Португалехь хилира Киевхь, Украинехь хиллачу хьалхарчу шеран къовсамехь Собрал Салвадоран «Amar pelos dois» эшарца баьккхина толам бахьнехь. Къовсаман хьалхара а, шолгӀа а ахфиналаш хилира 8 а, 10 а майхь, финал — 2018 шеран 12 майхь. Туьйлира Исраилан векал Барзилай Нета «Toy» эшарца.

ДӀаяхьаран меттиг[нисйе бӀаьра | нисйе]

Къовсам дӀабахьаран меттиг — Лиссабон гӀала

«Евровизион-2017» эшарца «Amar pelos dois» Собрал Салвадора баьккхина толам бахьнехь, конкурс тӀеийцира толамхочун мехко — Португалис. Къовсам дӀабаьхьира «Португалин радиос а, телевизиона а» (RTP)[1]. «Евровизион» къовсаман кхочушдаран супервайзеро Санн Юн Улас толамхочун пресс-конференцехь португалин гайтархочуьнга элира кандидаташ харжаран процесс дӀахьо, хьалха ма-баххьара[1]. 2017 шеран 15 майхь RTP тӀечӀагӀдира, къовсам дӀабахьаран меттиг хир ю Лиссабон, амма чеккхенца сацам тӀаьхьа бийр бу[2].

Оьздангалла долаяккхарна бехкеяр[нисйе бӀаьра | нисйе]

Толамхо Нета «Toy» йиш лекхна яьлча емалчааша бехке йира иза японин оьздангаллин элементаш долаяхарна. Бехкеллаш кхайкхийра социалан машанашкахь, цуьнан гайтам «сийсаза беш» бу аьлла кхайкхийра. Эшар локхуш цуо лелийра кимоно а, кур а, ткъа кхин а цуьнан гайтамехь лелийра Манэки-нэко[3][4][5].

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 Escudero, Victor M.; Paul Jordan, Yullia Kryvinchuk.: Winner's Press Conference with Portugal's Salvador Sobral (инг.). eurovision.tv. Европейский вещательный союз (ЕВС) (2017 шеран 14 май). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 14 май.
  2. RTP vai organizar o próximo Festival da Eurovisão (порт.). rtp.pt. RTP (2017 шеран 15 май). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 16 май.
  3. "Israel's Eurovision winner Netta Barzilai accused of cultural appropriation". SBS News(ингалс.). Дата обращения: 2018 ш. 28 майхь.
  4. "Eurovision 2018 winner Netta has been accused of cultural appropriation". The Independent(ингалс.). 2018-05-13. Дата обращения: 2018 ш. 28 майхь.
  5. "Eurovision favourite Netta: 'I don't sing beautifully'". The Independent(ингалс.). 2018-05-07. Дата обращения: 2018 ш. 28 майхь.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]