Евразин экономикин бертан Таможнин барт

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Евразин экономикин союз тӀера хьажжина кхуза)

Кеп:Советийн хилла аренашкара интеграци Евразин экономикин бертан Таможнин барт (ЕАЭБ ТБ) — Евразин экономикин бертан (ЕАЭБ) мехкийн-декъахойн таможнин барт. 2015 шарахь ЕАЭБ кхоллале, Евразин экономикин йукъараллин (ЕврАзЭЮ) мехкийн-декъахойн йукъара кхаа мехкан бен бацара таможнин барт (Росси, Белорусси, Кхазакхстан) — иштта иза бара Евразин экономикин йукъараллин базин тӀера Таможенин барт (ЕврАзЭЮ ТБ я ), цунна йукъара дакъалалла тӀедиллина дацара ЕврАзЭЮ мехкашна-декъахошна.

ЕАЭЮ кхуллуш (цул хьалха хиллачух — ЕврАзЭЮ къасташ), йукъара таможнин барт хилира ЕАЭЮ ца къаьста дакъа, берриг ЕАЭЮ мехкаш-декъахой автоматаца юкъабогӀу Таможнин бертан ЕАЭЮ юкъайоьдушехь. Цу тӀе Таможнин бертан мехкаша-декъахоша лелайора (до формирования ЕАЭЮ 1 января 2015 года)[1], хӀинца а лелайо йукъара таможнин тарифаш а, кхоалгӀачу мехкашца махлелорехь кхин нисдаран белхаш а.

ХӀоттам[нисйе бӀаьра | нисйе]

Таможнин бертан мехкаш-декъахой:

  • Кхазакхстанан байракх Кхазакхстан — 2010 шеран 1 июлехь дуьйна
  • Российн байракх Росси — 2010 шеран 1 июлехь дуьйна
  • Белоруссин байракх Белорусси — 2010 шеран 6 июлехь дуьйна
  • Эрмалойчоьнан байракх Эрмалойчоь — 2014 шеран 10 октябрехь дуьйна; лела даьлла 2015 шеран 2 январехь дуьйна (ЕАЭЮ юкъайоьдушехь)
  • ГӀиргӀазойчоьнан байракх ГӀиргӀазойчоь — 2015 шеран 8 майхь дуьйна; лела даьлла 2015 шеран 12 августехь дуьйна (ЕАЭЮ юкъайоьдушехь)

Кандидаташ:

  • Шеман байракх Шеман ойла ю ТБ юкъаяха (болх болийна 2013 шарахь)[2]
  • Тунисан байракх Туниса кхайкхийна шайн ойла барт юкъаваха (2015 шеран 14 январехь)[3]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Таможня без границ. Электронное издание «Наука и технологии России» (2010 шеран 6 июль). ТӀекхочу дата: 2012 шеран 3 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 22 ноябрехь
  2. Сирия хочет вступить в Таможенный союз России, Кхазакхстана и Белоруссии (2013 шеран 4 февраль). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 2 январь.
  3. ВЗГЛЯД / Тунис хочет быстро попасть в Таможенный союз