Евразин экономикин бертан Таможнин барт
Кеп:Советийн хилла аренашкара интеграци Евразин экономикин бертан Таможнин барт (ЕАЭБ ТБ) — Евразин экономикин бертан (ЕАЭБ) мехкийн-декъахойн таможнин барт. 2015 шарахь ЕАЭБ кхоллале, Евразин экономикин йукъараллин (ЕврАзЭЮ) мехкийн-декъахойн йукъара кхаа мехкан бен бацара таможнин барт (Росси, Белорусси, Кхазакхстан) — иштта иза бара Евразин экономикин йукъараллин базин тӀера Таможенин барт (ЕврАзЭЮ ТБ я TБ), цунна йукъара дакъалалла тӀедиллина дацара ЕврАзЭЮ мехкашна-декъахошна.
ЕАЭЮ кхуллуш (цул хьалха хиллачух — ЕврАзЭЮ къасташ), йукъара таможнин барт хилира ЕАЭЮ ца къаьста дакъа, берриг ЕАЭЮ мехкаш-декъахой автоматаца юкъабогӀу Таможнин бертан ЕАЭЮ юкъайоьдушехь. Цу тӀе Таможнин бертан мехкаша-декъахоша лелайора (до формирования ЕАЭЮ 1 января 2015 года)[1], хӀинца а лелайо йукъара таможнин тарифаш а, кхоалгӀачу мехкашца махлелорехь кхин нисдаран белхаш а.
ХӀоттам[нисйе бӀаьра | нисйе]
Таможнин бертан мехкаш-декъахой:
Кхазакхстан — 2010 шеран 1 июлехь дуьйна
Росси — 2010 шеран 1 июлехь дуьйна
Белорусси — 2010 шеран 6 июлехь дуьйна
Эрмалойчоь — 2014 шеран 10 октябрехь дуьйна; лела даьлла 2015 шеран 2 январехь дуьйна (ЕАЭЮ юкъайоьдушехь)
ГӀиргӀазойчоь — 2015 шеран 8 майхь дуьйна; лела даьлла 2015 шеран 12 августехь дуьйна (ЕАЭЮ юкъайоьдушехь)
Кандидаташ:
Шеман ойла ю ТБ юкъаяха (болх болийна 2013 шарахь)[2]
Туниса кхайкхийна шайн ойла барт юкъаваха (2015 шеран 14 январехь)[3]
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Таможня без границ. Электронное издание «Наука и технологии России» (2010, 6 июль). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 22 ноябрехь. Теллина 2012 шеран 3 ноябрехь.
- ↑ Сирия хочет вступить в Таможенный союз России, Кхазакхстана и Белоруссии (2013, 4 февраль). Теллина 2019 шеран 2 январехь.
- ↑ ВЗГЛЯД / Тунис хочет быстро попасть в Таможенный союз