Евлоев, Ваха Суламбекович
Ваха Суламбекович Евлоев | |
---|---|
Шех лаьцна | |
Стен-боьршалла | божарийн[d] |
Пачхьалкх | |
Говзалла | борьба[d] |
Вина терахь | 1960 шеран 26 июль (62 шо) |
Вина меттиг | |
Официалан сайт |
Ва́ха Суламбе́кович Евло́ев (1960 шеран 26 июль, Мочкъий-Йурт, Къилбаседа-ХӀирийн Автономин Советийн Социалистийн Республика) — советски паргӀат кепар латархо, ССРС чемпионатийн толамхо а, совгӀатхо а, Европин чемпион. пачхьалкхан а, юкъаралин а гӀуллакхо, меценат. 2010-2013 шерашкахь Российн президентан уллехь ГӀалгӀайн Республикин векал. ГӀалгӀайн Республикин куьйгалхон гӀонча.
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Евлоев латар Ӏамадан волавелира Махачкалахь. Цуьнан хьалхара тренер вара Меджид Магомедов[1]. 1977 шарахь иза хилира кегирхойн юкъахь ССРС чемпион. 1980-гӀа шерашкахь иза Ӏийна Белоруссийн ССРехь. Цигахь цуьнан тренер вара Александр Медведь. Евлоев хилира ССРС а, Европин а чемпион. Японехь иза NJPW профессиональны латаран лиган чемпион хилира, Масо Сайто цӀе йолу японхо эшавина. 1986 шарахь цо спорт йитира[2].
Спорт йитинчултӀехь цо мах лелира Артём Тарасов фирмехь[3]. Цул тӀехьа цо ГӀалгӀайн Республикин эдалехь болх бира.
Спортан гайтамаш ССРС чемпионаташкахь[нисйе бӀаьра | нисйе]
- 1981 шеран паргӀат кепар латаран ССРС чемпионат —
;
- 1983 шеран паргӀат кепар латаран ССРС чемпионат —
;
- 1984 шеран паргӀат кепар латаран ССРС чемпионат —
;
- 1986 шеран паргӀат кепар латаран ССРС чемпионат —
.
Признание[нисйе бӀаьра | нисйе]
- 1995 шарахь Оьрсийн Биографически институтас Ваха Евлоев хаьржира «Шеран адам»[4].
- 2015 шарахь Магасехь Спортан силаллийн аллейхь хӀоттийна Евлоевн цӀе тӀехь долу, цуьнан автограф а, куьган сурт а тӀехь долуш у[5].
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ ГІАЛГІАЙЧЕ: ЛИГА СИЛЬНЫХ(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2017 шеран 25 августехь. Теллина 2017 шеран 12 сентябрехь.
- ↑ ЕВЛОЕВ Ваха Саламбекович
- ↑ Ваха Евлоев: Спорт — визитная карточка России(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 4 мартехь. Теллина 2013 шеран 17 июнехь.
- ↑ Назначен новый Постоянный представитель Республики Ингушетия при Президенте РФ (оьр.). Ingushetia.Ru. Теллина 2017 шеран 25 июлехь.
- ↑ В Ингушетии открыли Аллею спортивной славы (оьр.). Regnum.Ru. Теллина 2017 шеран 25 июлехь.