Дуьненаюкъара юкъаметтигаш

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
2012 шарахь Женевера (Швейцари) Къаьмнийн ГӀаланехь 10 000 сов правительствош юкъара дийцарш дина. Шахьарахь бу уггар дукха дуьненаюкъара кхолламаш

Дуьненаюкъара юкъаметтигаш — юкъараллийн чоьхьара юкъаметтиган а, латтанийн кхолламан а гуранал арайовлуш йолу шакепара юкъараллийн юкъаметтигаш ю.

Дуьненаюкъара юкъаметтигаш ширачу заманахь дуьйна йоллушехь, ша термин юкъаяьлла дукха хан яц — иза юкъаялийна ингалсан философо Дж. Бентама, уггар хьалха цуьнца билгалйоккху цӀеххьана нисъелла политикан юкъаметтигаш, чӀу болуш йолчу яккхийчу къоман пачхьалкхийн юкъаметтигаш[1].

Критереш[нисъе | нисъе чухулара]

  • Декъашхойн специфика. ГӀараваьлла французийн философан а, социологан а Р. Аронан хетарехь, «дуьненаюкъара юкъаметтигаш — политикан субъекташан юкъара юкъаметтигаш ю». Иштта, цунна дуьненаюкъара юкъаметтигаш — хьалха, пачхьалкхийн, «дипломатан» я «салтийчун» юкъаметтиг ю. Американ политологан Дж. Розенаун хетарехь, дуьненаюкъара юкъаметтигийн символан субъекташ ю турист а, террорист а.
  • Башха Ӏалам. Дуьненаюкъара юкъаметтигийн анархин амал ю, къаьста билгало ца хиларца. ЖамӀ, хӀора ДЮ декъашхо декхарийлахь ву ког баккха, кхечу декъашхоша хӀун дийр ду хьаьжжина.
  • Локализацин критери. Французийн талламхочо М. Мерлян хетарехь, дуьненаюкъара юкъаметтигаш — «дозанаш хедон я уьш хедоран тенденции йолу шаболу барташ цхьаьна бу».
  • ДЮ — адаман хьекъалах доьзна объективан-субъективан дерг ду[2].

Классификаци[нисъе | нисъе чухулара]

  1. классан критерин бухца
    • олаллин а, карадерзоран а юкъаметтигаш (феодализман а, капитализман а муьрера юкъаметтигаш)
    • дакъа лацаран а, вовшийн гӀо даран а юкъаметтигаш (социалистийн дуьненан теори)
    • юкъан юкъаметтигаш (колониалан йозуш хиларх паргӀатъевллачу пачхьалкхийн юкъаметтиг)
  2. юкъарацивилизацин критерин бухца
  3. юкъараллин дахаран сферашца
    • экономикан
    • политикан
    • тӀеман-стратегин
    • оьздангаллин
    • идеологин
  4. декъашхойн уьйран бухца
  5. кхиоран а, эвсараллин а барамца
    • лакхарчу бараман юкъаметтигаш
    • юккъерчу бараман юкъаметтигаш
    • лахарчу бараман юкъаметтигаш
  6. геополитикан критерин бухца
    • глобалан/дуьненаюкъара
    • регионалан
    • субрегионалан
  7. буламаллин барамца
    • чӀогӀа хиларан а, гӀийла хиларан а юкъаметтигаш
    • тешаман а, девнан а юкъаметтигаш
    • цхьаьна дӀакхехьаран а, конфликтан а юкъаметтигаш
    • машаран а, тӀеман а юкъаметтигаш[2]

Законехь ма-дарра хилар[нисъе | нисъе чухулара]

  1. ДЮ коьртаниг пачхьалкх ю. Цуьнан белхан коьрта кеп — дипломати ю. ТӀеххьарчу хенахь гӀарайолуш ю транскъоманхойн ойла, цара боху таханлерчу хӀоттамехь пачхьалкхан роль южу, ткъа кхечу факторийн роль (ТКЪК, дуьненаюкъара правительствийн а, правительствийн йоцу а кхолламаш) айало.
  2. Пачхьалкхан политика лаьтта шина бустамехь — чоьхьара (политологин гӀирс болу чоьхьара политика) а, арахьара (дуьненаюкъара юкъаметтигийн гӀирс болу арахьара политика) а.
  3. Пачхьалкхийн дуьненаюкъара белхан бух бу церан къаьмнийн хьашташ (уггар хьалха, пачхьалкх кхерамазалла, суверенитет, дийна йисар латто гӀертар).
  4. Дуьненаюкъара юкъаметтигаш — уггар чӀогӀа яккхий пачхьалкхаш гӀоле а йолуш пачхьалкхийн ницкъаллица уьйр латтор (ницкъийн баланс).
  5. Ницкъийн балансо тӀеиэца тарло муьлхха кеп — цхьаполяран, биполяран, кхополяран, мультиполяран конфигураци[3].

ДЮ законехь ма-дарра хиларан универсаллала ю:

  • Универсалан дуьненаюкъара гӀуллакх законехь ма-дарра хилар Ӏоттаделла ца Ӏа цхьайолчу регионашна, ткъа Ӏоттало шадолчу дуьненан системин дуьззина.
  • Историн перспективехь, тергоен хенахь а, тӀехьлонахь а ДЮ законо ма-бохху гар.
  • ДЮ декъашхойн а, массо а юкъараллин юкъаметтигийн сферийн а дакъа ду ДЮ законийн.

Дуьненаюкъара юкъаметтигийн теори гуш йолу область йолун дела, и Ӏилма политикан хааран областера долун дела, иза политикан сфера ю. Цул сов, хӀинц-хӀинца а цуьнга хьовсура политикан Ӏилман декъе санна. Таханлера политологи кхиаран хьалхарчу муьрехь, ДЮ терго а ца йора. Хьалхарчу дуьненан тӀамо хьал хийцира. Дукхах болу пачхьалкхан гӀуллакххой йийсарехь бара ширъеллачу хетаршан а, ойланан а, шеш дечун тӀехьалонаш а ца гора. ТӀеман жамӀаш теттира Ӏилманчаш нийса хьажаре ДЮ теме. ШолгӀа дуьненан тӀом чекхбаьлча ВКЪКХ системан гуранчохь оьздангаллин а, дешаран а белхашна кхоьллина леррина кхолламо — ЮНЕСКОс — дӀабаьхьира политологи, дуьненаюкъара, лерина Ӏилман дакъа, кхуллуш цхьа могӀа белхаш. Политикан Ӏилман структура:

   1) Политикан теори
   2) Политикан институтийн теори 
   3) Партеш, тобанаш, юкъараллин ойла Ӏамор
   4) Дуьненаюкъара юкъаметтигийн теори 

ойланчаш алсама хиларна (дукхах берш Америкера) шуьйра яьржина яра малхбузехь была широко распространена на западе благодаря большому количеству мыслителей ССРСехь, «йовхонан» муьрехь кхоьллина дуьненаюкъара тематикин шорта Ӏилма-талларан центраш.

Дуьненаюкъара юкъаметтигийн теорин канонийн парадигмаш[нисъе | нисъе чухулара]

Либералин-идеалистийн парадигма[нисъе | нисъе чухулара]

Шен кхиорехь либералин-идеалистийн парадигман масех тодаларан мур хилла, уггар боккханиг царех XX бIешо долалуш а, чекхдолуш а болуш. XX бӀешо долалуш либерализмехь лар йитира кхаа коьртачу некъо:

  • дуьненаюкъара юкъаметтигаш бакъонца нисъяран сатийсам буьту некъ (масала, дуьненаюкъара конвенцеш тӀеиэцарца);
  • дуьненаюкъара юкъаметтигаш дуьненаюкъара кхолламашца нисъяран сатийсам буьту некъ (масала, Къаьмнийн Лига);
  • герз дӀадаккхаран акцентан некъ[4].

Политикан практикехь либералан идеализман ойланаш денйира Хьалхара дуьненан тIом чекхбаьлча кечдина долу кехаташа, масала, Вильсон Вудрон Къаьмнийн Лига (1917) кхолларан программа, Брианан — Келлоган пакт (1928; къоман политикан герз тӀамах ца дар), Стимсонан доктрина (1932; ницкъаца бина муьлхха а хийцам къобал ца бар)[5].

Либералан-идеалистийн ойланийн керла айам хуьлу шийла тIом чекхбаьлча, иза болуш тоьлла яра политикан реализман а, неореализман а ойланаш. Цуьнца цхьаьна либералан некъ хийцало неолиберализман реалийн чоьтех[4].

Либералан-идеалистийн парадигмийн коьрта меттигаш:

  1. Дуьненаюкъара юкъаметтигийн декъашхой — акторийн шуьйра гуо бу, пачхьалкхаш цхьаьнатоьхна ца Ӏаш, дуьненаюкъара правительствийн кхолламаш, дуьненаюкъара правительствийн боцу кхолламаш, транскъаьмнийн корпорацеш, юкъараллин цхьанакхетарш, адамаш цхьанатоьхна. Пачхьалкх лара йиш яц рационалан а, универсалан а актор. Пачхьалкхан дуьненаюкъара политика — иза тайп-тайпана субъектийн хьашташ нисдаран даиман болу къийсам бу.
  2. Дуьненаюкъара юкъаметтигашкахь лакхара Ӏедал дац, амма цуо ца вуьгу «айхьа хьайна гӀоде» бохучу бух тӀе. Дуьненаюкъара кхолламийн бакъонаш шоръяро, дуьненаюкъара бакъонаш кечъяро а, тӀеиэцаро а дуьненаюкъара юкъаметтигашна рационалан элемент чуяхьа, иза бахьнехь, яккхийнарш йоцуш, тайп-тайпана пачхьалкхийн таро хуьлу дуьненаюкъара политикехь цхьатерра бакъонашца дакъалаца.
  3. Дуьненаюкъара юкъаметтигаш ца мега машаран а, тӀеман а хьоле яло. Дуьненаюкъара процессаш дукха кепара ю, дуьне вовшех дозуш хилар а, дуьненан юкъараллаш кхоллар а бахьнехь ала таро ю дуьненаюкъара юкъаметтиг дӀакхехьар туоелла.
  4. Дуьненаюкъара актораш йолу массо а Ӏалашонийн дукхаллехь, хьалхе дӀало адамийн юкъара дуьненан низам кхолларе вуьгучу мехаллашна а, хьесапашна а.
  5. Тайп-тайпана девнаш а, къийсамаш а нисбан таро ю машаран новкъахь дуьненаюкъара кхолламийн а, бакъонийн а гӀоьнца. Либералан-идеалистийн парадигмехь хьалхе дӀало коллективан кхерамазаллин система кхолларан, дуьненаюкъара политикин гӀирс тӀом хилар дӀататтар.
  6. Дуьненаюкъара юкъаметтигийн тӀехьло — шадолчу дуьненан юкъаралла кхоллар ю. ДӀа ца тотту дуьненан правительство кхолларан таро а[6].

Политикан реализм[нисъе | нисъе чухулара]

Дуьненаюкъара юкъаметтигийн политикан реализман уггар гӀарабевлла векалш бу Моргентау Ганс, Арон Раймон, Кеннан Джордж, Карр Эдуард, Шуман Фредерик, Томпсон Кеннет. ХӀара парадигма кхоллаелла XX б1ешеран хьалхарчу декъехь, амма цуьнан зирхӀ ган таро ю Фукидидан, Н.Макиавеллин, Т.Гоббсан белхашкахь. Шен кхиарехь политикан реализман коьрта импульс кхаьчна политикера тайп-тайпана утопин теорин ладаме критика бахьнехь, цара тергал ца йора дуьненаюкъара юкъаметтигийн ницкъан амал. Эгоистин кхолламе санна адаме хоьжуш, оцу парадигман векалш хьовсу, хьалхарчу рогӀехь, дуьненаюкъара юкъаметтигашкахь йолчу хӀумнаш талларе, ткъа ца хьовсу тӀехьа юкъаяла таро йолчунга[7].

Политикан реализман коьрта меттигаш:

  1. Дуьненаюкъара юкъаметтигийн коьрта декъашхо ю пачхьалкх. Пачхьалкхаш ю рационалан цхьаьнакепара политикан чарх. Пачхьалкхийн бен яц тӀом кхайкхо а, бан а, дуьненаюкъара чӀагӀамаш бан, кхин дерг дан легитиман бакъо. Дуьненаюкъара политикин хьашт билгалдоккху хьалхарчу рогӀехь дуьненара цхьаьнаэшшаралла латто я талхо йиш йолчу яккхий пачхьалкхаша. Цара шайна луъург до, гӀийла пачхьалкхаша шайга дойттург до. Цундела яккхийн пачхьалкхийн таро ю кегийн пачхьалкхийн хьашт дайа.
  2. Дуьненаюкъара юкъаметтигийн ю анархийн амал. ХӀораммо куьйгалла до шен хьашташца, цундела дуьненаюкъара арени тӀехь пачхьалкхийн коьрта стимул — къаьмнийн хьашташ ду. Дуьненаюкъара юкъаметтигашкахь лакхара Ӏедал доцун дела, царна юкъахь лела «айхьа хьайна гӀодие» принцип.
  3. Дуьненаюкъара юкъаметтигашкахь хӀора пачхьалкхан шайн хьашташ хилча конфликтех кӀелхьара ца валало. Цундела дуьненаюкъара процессийн бух тӀехь лаьтта пачхьалкхашна юкъара конфликт я цуьнан йисттера кеп — тIом. Политикан реализман векалш юкъара ца доккхахь а дуьненаюкъара процессийн кхин кепаш хилар, массара а цара лелайо, церан ойланца, тӀеман муьтӀахь йина амал, ткъа машар — иза цхьана хенан дика хьал ду. Дуьненаюкъара юкъаметтиг гучуйолу, уггар хьалха, тӀеман а, тӀеман-политикан союзийн кепашкахь. Машар латторан уггар эффектан гӀирс бу, политикан реализмо дийцарехь, ницкъийн баланс, иза кхоллало къоман хьашташ Ӏоттаделча а, вовшен бакъонийн сий дича а, юкъара оьздангалла хилча а[8].
  4. Дуьненаюкъара юкъаметтигашкахь пачхьалкхийн къаьмнийн хьашташ Ӏитталодела, пачхьалкхийн коьрта Ӏалашо ю шен кхерамазалла латтор. Иза латторан коьрта ресурс — шуьйрачу маьӀнехь Ӏедал ду, цуьнан коьрта билгало ю дуьненаюкъара юкъаметтигийн кхечу декъашхойн леларан тергоян таро хилар. Дуьненаюкъара аренера пачхьалкхийн леларан кхин мотиваш ю — пачхьалкхан сий айбар а, пачхьалкхера политикан терза узучу чкъоьран экономикан хьашт кхочушдар[9].
  5. Пачхьалкхан кхерамазалла латторан коьрта гӀирс бу пачхьалкх чӀогӀа яран коьрта материалан фактор йолу ницкъ я ницкъ баран кхерам. Дуьненаюкъара юкъаметтигийн анархин амал йита ца ло дуьненаюкъара бакъонийн норма тояран гӀоьнца, цара бӀостанехьа латто еза ницкъан а, иерархин а тӀехдикалла.
  6. Дуьненаюкъара юкъаметтигийн Ӏалам хийца ца ло, хийцало политикан ницкъийн конфигураци[10].

Марксистийн-ленинан парадигма[нисъе | нисъе чухулара]

Таханлерчу хьолехь марксистийн-ленинан парадигма ялахь а, доккхух долчу декъана, маргиналан, марксизм-ленинизман ойланаш латтайо чӀогӀа меттиг дуьненаюкъара юкъаметтиган теорехь, боккха Ӏаткъам а бо кхечу дуьненаюкъара-политикан Ӏилманашна.

Марксистийн-ленинан парадигман коьрта меттигаш:

  1. Дуьненаюкъара юкъаметтигийн коьртаниг ю социалан классаш (буржуази а, пролетариат а), цундела дуьненаюкъара юкъаметтигийн актораш санна йолу пачхьалкхаш шолгӀа ю. Къаьмнийн пачхьалкхаш кхоьллина буржуазино классан олалла дан а, куьйга кӀелахь латто а Ӏалашо йолуш. Шен эгоистин Ӏалашон бух тӀехь (сов пайда иэцар, борах белхан ницкъ лахар, сурсатийн керла йохкаран базар лахар), пачхьалкхан арахьара политикан гӀирсаш лелош буржуазино дуьненаюкъара юкъаметтигаш талхайо, тӀом а, конфликташ а яха гӀодо.
  2. Дуьненаюкъара юкъаметтигаш къаьсташ яц юкъараллашкара юкъаметтигех (масштаб дӀаяьккхича), ю «шолгӀа а, кхоалгӀа а» амал (экономикан базисо билгалйоккху, тӀехулара цхьа элементов ю; буржуазин а, пролетариатан а уьйранийн башхаллаш гойту къоман пачхьалкхийн гуранчохь), лелайо капиталистийн амал.
  3. Коьрта дуьненаюкъара процессаш — социалистийн революцеш, классийн конфликташ, кризисаш, тӀемаш.
  4. Дуьненаюкъара юкъаметтигийн декъашхойн Ӏалашонаш диаметркепара дуьхь-дуьхьал ю: буржуази гӀерта пайда баккха, пролетариат — дуьне буржуазих паргӀат доккхур долу дуьненан социалистийн революци ян, ткъа тӀехьа коммунистийн хӀоттам.
  5. Оцу Ӏалашонашка кхочу гӀирсаш тайп-тайпана бу: буржуазино эксплуатаци чӀагӀйо, пролетариато — дуьненан социалан революци.
  6. Дуьненаюкъара юкъаметтигийн тӀехьло билгалйина юкъараллин кхиаран нийса долчу законашца. Пачхьалкхаш лийр ю, хуьттур ю чолхе йоцу гӀиллакхан а, нийсонан а норманаш[11].

Дуьненаюкъара юкъаметтигийн хӀинцалера теори[нисъе | нисъе чухулара]

Неореализм[нисъе | нисъе чухулара]

Неореализман я структуран реализман кхоллаелла ишколаш цхьанатуху 1979 шарахь зорба тоьхна Уолтц Кеннетан «Дуьненаюкъара политикин теори» цӀе йолчу жайница. Кхин оцу некъан дуьненаюкъара юкъаметтигийн гӀарабевлла векалш — Б.Бузан, Р.Гилпин, П. Кеннеди, Дж. Моделски, С. Уолт, Дж. Миршаймер, У. Томпсон, Дж. Снайдер, У. Уолфорт, Д. Сноу, К. Холсти, К. Лэйн, Р. Джервис, З. Бжезинский, Ф. Фукуяма, С. Хантингтон.

Юкъабевлла керла кхетамаш: дуьненаюкъара юкъаметтигийн система, дуьненаюкъара юкъаметтигийн гуо, тӀеман а, экономикан а кхерамазалла, хьаштийн баланс, стратегийн накъосталла, ядеран сецор, дуьненаюкъара кхерамазалла.

Неореализман коьрта меттигаш:

  1. Неореализм йолало хаам тӀиера, цуьнца дуьненаюкъара теори а, дуьненан политикин теори а цхьа хӀума дац. Неореализмаца, дуьненаюкъара юкъаметтигаш — уьш пачхьалкхийн юкъаметтигаш ю, ткъа дуьненан политика — пачхьалкхийн йоцу акторийн юкъаметтиг ю.
  2. Дуьненаюкъара юкъаметтигаш кхетайо билгалчу законашца лелаш йолу дийнна система санна. Системийн анализо бен доьллур дац дуьненаюкъара юкъаметтигийн Ӏалам.
  3. Неореализмо дуьненаюкъара гӀиллакхийн кхетаман центр дехьайоккху дуьненаюкъара системин тӀегӀан тӀе, структурийн башхаллаш йозуш яц кегий а, юккъера а пачхьалкхийн къинхьегамах, ткъа иза яккхийчу пачхьалкхийн юкъаметтигийн жамӀ ду. Яккхийчу а, кхечу а пачхьалкхийн юкъаметтиг бирггала анархин яц, хӀунда аьлча яккхийчу пачхьалкхийн лаамах йозуш йолундела. Цул сов, Уолтца билгалдаьккхина дуьненаюкъара юкъаметтигийн структуран кхоъ коьрта принцип («структуран триада»). Уггар хьалха, пачхьалкхаш куьйгалладо дийна йисаран мотиваца. ШолгӀа, дуьненаюкъара юкъаметтигийн декъашхой пачхьалкхаш бен ца юьсу, хӀунда аьлча кхин актораш бакъонашций, Ӏедалан таронашций тӀехьа а ца кхиина я хьалха а ца бевлла яккхий пачхьалкхел. КхоалгӀа, пачхьалкхаш тайп-тайпана ю, къаьсташ ю таронашций, потенциалций[12].
  4. Неореализм гӀерта каро а, къасто а экономикан юкъаметтигаш политиканчарех.
  5. Неореализмо билгалдоккху методологин къовламе гӀертар.
  6. Коьрта актораш — пачхьалкхаш а, церан союзаш а. Церан Ӏалашонаш — къоман хьашташ лардар, пачхьалкхан кхерамазалла, дуьненаюкъара юкъаметтигашкахь статус-кво латтаяр. Оцу Ӏалашонашка кхачаран гӀирс — ницкъ а, союзаш а.
  7. Дуьненаюкъара юкъаметтигаш лелоран ницкъ — дуьненаюкъара системин структурин бехкамаш морса сецорин Ӏаткъам[13].

Неореализман а, политикан реализман а тералла:

  1. Реалисташ а, неореалисташ а боху, дуьненаюкъара юкъаметтигийн Ӏалам эзар шерашкахь хицалуш доцундела, бахьан дац тӀехьлонахь цара кхин амал тӀеоьцур хиларан ойла ян.
  2. Шинне теорино лору, либералан-идеалистийн бух тӀехь кхоьллина дуьненаюкъара система хийца гӀертарх, хьалха дуйна а эшна бу уьш[13].

Неоклассикан реализм[нисъе | нисъе чухулара]

Дуьххьара «неоклассикан реализм» термин юкъадалийна 1998 шарахь Гидеон Роуза дуьненаюкъара юкъаметтигийн теорехь теоретикийн некъийн тоба йовзийтархьама, структуран реализман а, арахьара политикин теорин а синтезаци ян гӀерташ, пачхьалкхан арахьара политикера хийцамех кхета а, прогноз ян а Ӏалашо йолуш. Кхин хӀокху некъан дуьненаюкъара юкъаметтигашкахь гӀарабевлла векалш — Дж. Миршаймер, У. Уолфорт, Р. Швеллер, Т. Кристенсен, Ф. Закария, кхин дӀа а.

Неоклассикан реализман коьрта меттигаш:

  1. Пачхьалкхан арахьара политике, цуьнан хийцамашка хьовсу призмехула пачхьалкхан а, пачхьалкхан боцу акторийн пачхьалкхан чуьрчу белхан тӀегӀанца.
  2. Пачхьалкхо тесна ца дуьту дуьненаюкъара кхерамаш тийсар, кхуллу арахьара политикин жоьпан оьшу интеграцин ресурсаш, таро луш йолу юкъараллин коалицин.

Неолиберализм[нисъе | нисъе чухулара]

Шийлачу тӀеман хенахь яйина либералан-идеалистийн парадигмийн позицеш карлаевлира, биполяран дуьненаюкъара юкъаметтигийн система йоьхначул тӀехьа. Цуьнца цхьаьна дуьххьарлера парадигман дуьненаюкъара аренехь хаъал хийцамаш хилар бахьна долуш (дуьненаюкъара интеграцин процессаш чӀагӀъялар; дуьненан политикан карти тӀехь керла пачхьалкхаш гучуйовлар, гӀиллакхехь доцу кхерамазаллин кхерамаш тийсар; глобализацица йоьзна йолу процессаш) кӀоргачу трансформаце йоьжна, цуо кхоьллина неолиберализман ойланаш[14]. Уггар гӀараваьлла неолиберализман векал хилла Кохэн Роберт а, Най Джозеф а.

Керла парадигма къасторан сипаташ долу меттигаш:

  • Либералан-идеалистийн парадигмехь санна, неолибералаш лору, пачхьалкх дуьненаюкъара юкъаметтигийн декъашхо ша цхьаъ ца хилар. Иштта гӀиллакхехь йоцучу акторийн, ТКЪК, дуьненаюкъара кхолламийн, террористийн а, къуйн а кхолламийн, индивидийн роль айало.
  • Дуьненаюкъара юкъаметтигийн декъашхойн барам тӀекхетаран ю цхьа могӀа гӀуо тӀехьлонаш, уггар хьалха, тӀекхета зулам схьадолу меттигаш, тӀекхета юкъараллийн а, ша долу адамийн а кхерамаш. Уггар дика листало и хьал кооперативан кхерамазаллин концепцица. Иштта, неолиберализман юкъахь бу дуьненаюкъара кхерамазаллин баланаш.
  • Дуьненаюкъара юкъаметтигийн декъашхойн коьрта Ӏалашо, неолиберализман агӀончийн хетарехь, ю дуьненаюкъара кхерамазалла, оццу хенахь либералан-идеалистийн парадигман векалш гайтора Ӏалашонийн плюрализм хьалхе универсалан идеалашна а, адамийн мехалашна а луш.
  • Дуьненаюкъара кхерамазалле а, дуьненан низаме а, социалан прогресск а кхачаран коьрта хьал дуьненаюкъара юкъаметтиг дӀакхехьар ду, цуо гӀодо айбайолуйтуш экономикан дахар.
  • Дуьненаюкъара юкъаметтигийн коьрта гӀирс — либералан демократин идеалаш а, базар а яржаяр, ткъа либералийн — дуьненаюкъара кхолламаш бар, дуьненаюкъара бакъонаш а, юкъаметтигаш дӀакхехьар а кхиор бу.
  • Халон юкъ дехьайоккху болх пайден ца хиларна дуьненаюкъара бакъонийн а, кхолламийн а тӀиера дуьненаюкъара гӀиллакх тӀе. Цуьнца цхьаьна либералан демократии а, адамийн бакъонаш а коьрта гӀиллакхийн критереш кхайкхайо, цуьнан бухца тӀехьа керла дуьненан низам кхолла тарло.
  • Шен теоретикийн кхолламашкахь неолиберализм герга йогӀу неореализман, оццу хенахь либералан-идеалистийн парадигма хуьлу цуьнца конфронтацехь[15].

Неолиберализман а, неореализман а теранаш:

  • Рационализм. Шинне а парадигман юккъехь — рационалан чоьтан куьйгалладеш волу рационалан политик. Неолибералашна чоьт билгалйоккху, уггар хьалха, бахаман, кхерамазаллийн ойланца, неореалисташна — Ӏедалан ойланца.
  • Неолибералаш а, неореалисташ а лору, дуьненаюкъара юкъаметтигийн бух тӀехь къаьмнийн хьашташ латтар.
  • Шинне а парадигмо Ӏамайо, дуьненаюкъара юкъаметтигийн муьлха декъашхо ву гӀоле меттигехь[15].

Неолиберализман а, неореализман а башхаллаш:

  • Неолибералашна хетарца, дуьненаюкъара юкъаметтигийн анархилла (лакхара Ӏедал ца хилар) дӀайоккхийла ду, оццу хенахь неореалисташна хета яккхалул йоцуш санна.
  • Неолибералаш лору, дуьненаюкъара юкъаметтиг дӀакхехьаран пайда абсолютан бу, аьлча а юкъаметтиг дӀакхехьар даиман пайдехь ду. Неореалисташна хетарца, пайда гӀеххьа бу, хӀунда аьлча цхьан а пачхьалкх реза хир яц кхечу пачхьалкхел кӀезиг абсолютан пайданна.
  • Дуьненаюкъара юкъаметтиг дӀакхехьаран бахьна неолибералашна ду — максимум экономика къагар, неореалисташна — тӀеман кхерамазалла.
  • Неореалисташна хета, пачхьалкхан лелар хуьлу системан та1зарций, дозанций, ткъа иштта церан боккъала йолу таронашций, аьттунашций. Пачхьалкхаш дан гӀертарш билгала дац, цундела уьш лело ца мега анализан гӀирс меттана. Неолибералаш харц ца до пачхьалкхийн боккъала болу аьттунийн маьӀна, амма хета, пачхьалкхийн ойланаш ладаме хилар, цундела уьш даиман лара еза[16].

Неомарксизм[нисъе | нисъе чухулара]

«Неомарксизмо ша иштта кхайкхайо реалистийн парадигмин коьрта меттигашна критика еш. Неомарксизман агӀончашна го дуьне тайп-тайпана экономикийн, пачхьалкхийн, юкъараллийн, идеологийн, оьздангаллийн глобалан системан кепара. Неомарксисташ юкъабалабо дуьненаюкъара юкъаметтигийн тезаурусе „дуьне-система“ а, „дуьне-экономика“ а кхетам. „Дуьне- экономика“ кхетамо гойту дуьненаюкъара акторийн юкъаметтигийн уггар шуьйра система, коьрта роль ловзайо экономика чӀогӀа йолчара. Коьрта амалаш дуьне-экономикан — производствон дуьненан кхоллам бу, цуо чӀагӀйо арахецаран комплексин координаци, капиталийн интернационализаци, лагӀйо пачхьалкх юкъагӀертар финансийн сфере. Неомарксисташ чӀагӀ ма дарра, хьалха шеш арахьарчу сингаттамех ларъеш хиллайолу пачхьалкхаш, тахана агенташ хилла, цара къоман экономикашна дӀало дуьне-экономикан оьшург, цуьнан дуьненан базарехь конкуренцин адаптаци яр Ӏалашо ю. Цуьнца гайтина процессаш, цаьрца йогӀу структурашца цхьаьна, адамийн белхан жамӀ ду, историн сурсат ду. Амма кхин а процессаш ю, глобализацин бӀостанехьа йолу — экономикийн, политикийн, юкъараллин, социооьздангаллин, кхин кхолламийн а, структурийн а, кхиоран некъаш лахаран а диверсификаци. Неомарксизман векалшан хетарехь, радикалан-либералан идеологи гӀерта и процессаш дӀалачкъо. Цуо глобализацин альтернатива яц моттадолийта адамашна, дуьненан арени тӀехь гушйолу къиза конкуренцин, юкъаметтигийн дерегламентацин, эгоизман бух тӀехь лаьтта экономикан логика»[17].

Дуьненаюкъара юкъаметтигийн кхин теореш[нисъе | нисъе чухулара]

Дуьненаюкъара юкъаметтигийн теорешкара «Баккхий къийсамаш»[нисъе | нисъе чухулара]

Хьалхара «боккха къовсам»[нисъе | нисъе чухулара]

Хьалхара дискусси кхоллало 1939 ш. ингалсан Ӏилманчан Карр Эдвардан «Кризисан ткъа шо» цӀе йолу жайна арадаьлчи. Цу тӀехь политикан реализман позицера критика йира идеалистийн парадигман коьрта меттигашна. Реалисташ Ганс Моргентаус (Morgenthau H. Politics among Nation. The Struggle for Power and Peace. N. Y., 1948) а, цуьнан агӀончаша а шолгӀа дуьненан тӀом чекхбаьлчи и дискусси дӀаяхьаран инициатораш хилира. Керлачу историйн хьолашкахь реалистийн идеалисташна тӀехь болу толам шеко йоцуш хетара.

ШолгӀа «боккха къовсам»[нисъе | нисъе чухулара]

ШолгӀа «боккха къовсам» болийра 50-гӀа шерашкахь ХХ бӀешеран, кхин а чӀагӀбелира 60-гӀа шерашкахь, керлачу тайпана дуьненаюкъара юкъаметтигашна тӀебахкаран а, методаш талларан а агӀончаш болу модернисташ, политикан реализман постулаташна цӀеххьана критика йира. Керлачу чкъоьран Ӏилманчаша (Куинси Райт, Мортон Каплан, Карл Дойч, Дэвид Сингер, Калеви Холсти, Эрнс Хаас, кхин берш а) ДЮ Ӏамош нийсачу Ӏилманашкара схьаэцна болу гӀирсаш, методаш, методикаш лелорехьа бара. «Модернисташ» шеконе ца ехкира шайн оппонентийн теоретикан, уьш бирзинера Ӏилман методологин агӀоне. Цундела, барт хин боцу озе хьаьжна ца Ӏаш, дискуссин декъашхой къовсаман чеккхенгахь баьхкира берта, дуьненаюкъара баланаш талларехь иэдан деза «гӀиллакхийн» а, «Ӏилманан» а методаш.

КхоалгӀа «боккха къовсам»[нисъе | нисъе чухулара]

70-гӀа шераш чекхдовлуш 80-гӀа шераш долалуш болабеллачу, хӀинца а чекхбаланза болчу кхоалгӀачу «боккхачу къовсаман» юккъехь, ДЮ декъашхочун санна пачхьалкхан роль нисъелира, дуьненан арени тӀехь хуьлуш долчу къоман хьаштах а, ницкъах а кхетаран маьӀна долуш. Тайп-тайпана теоретикийн некъийн агӀончаша, ала мегар царех транскъоманхой (Роберт Кохэн, Джозеф Най, Йел Фергюсон, кхин а), интеграцин (Дэвид Митрани) а, вовшехдазаран (Эрнст Хаас, Дэвид Моурс) а теорин гӀиллакх дӀахьуш юкъатеттира ойла: политикан реализм а, цуьнца йогӀу этатистин парадигма а дуьненаюкъара юкъаметтигийн амалашца а, коьрта тенденцешца а йогӀуш яц, уьш дӀатеттина хила еза. Декъашхойн дукхалла, юкъаметтигийн кепаш, церан харшаш, царна моттарехь, аратотту пачхьалкх дуьненаюкъара къамелийн юкъара, ДЮ пачхьалкхашна юкъарчех транскъаьмнийнчарна трансформацийо. Дуьненаюкъара-политикан Ӏилманехь транскъоманхойн Ӏаткъам болуш гучуйолу цхьа могӀа керла теореш, масала, глобализацин а, регионализацин а концепци, кхин дӀа а. Цуьнца цхьаьна коьрта парадигмаш къаьсташ йолу башхаллаш лаьтташ ю. Дукхах болу талламхой схьабогӀу, пачхьалкхаш дуьненаюкъара юкъаметтигийн коьрта декъашхой хилар тӀиера.

Дуьненан политика[нисъе | нисъе чухулара]

Дуьненаюкъара я дуьненан политика дуьненаюкъара юкъаметтигийн хӀоъ бу.

Дуьненан политика олу сацам баран, тӀеиэцаран, кхочушбаран дуьненан юкъараллин дахарех Ӏотталуш йолу процессех.

Дуьненан политика[18]

  1. Ӏилман некъ санна кхоллаелла ХХ бӀешеран шолгӀачу декъехь, дукхах дерг неолибералан теоретикан гӀиллакхан гуран чохь.
  2. Цуьнан бух дӀабоьду дуьненаюкъара кхолламаш, дуьненаюкъара политико-экономикан а, политологин (хьалхарчу рогӀехь дустаран) а процессаш талларе, дуьненаюкъара юкъаметтигийн теоретикан талларе.
  3. Таханлера хьолан баланашца болх бо, ткъа иштта дуьненан политикан системан тенденцица а.
  4. Дуьненаюкъара юкъаметтигаш лелоран декъашхой санна пачхьалкхашка а, правителствошна юкъара кхолламашка а хьаьжна ца Ӏа (уьш лору коьрта акторш санна), хьовсу пачхьалкхийн йоцу акторш (правительствора боцу кхолламаш, ТКЪК, пачхьалкхийн чоьхьара регионаш, иштта дӀа а).
  5. Хьовсу дуьненаюкъара баланашка, церан вовшен йолу уьйранашка цхьаьна дуьненаюкъара контекстехь.
  6. Ца йо цӀеххьана йолу бӀосталлаш чоьхьарчу а, арахьарчу а политикан юкъахь.

Дипломати[нисъе | нисъе чухулара]

Диплома́ти — пачхьалкхийн арахьара политика дӀакхехьаран, практикан белхаш, кепаш, методаш цхьанатоьхна гойтуш болу гӀирс бу, билггала бахьнашца а, амалшца а бечу белхан чоьтаца лелабо; пачхьалкхийн а, правительствийн а, пачхьалкхийн арахьара Ӏалашо кхочушъяран арахьарчу уьйранийн леррина меженийн куьйгалхойн официалан болх, ткъа иштта оцу пачхьалкхийн хьашташ лардар. Диплома́ти кхетамах тесна дов ца далийтарехь а, дерзорехь а барт барехь къамелашдаран говзалла, компромиссаш лахар а, вовшен пайдехь болу барт бар а, дуьненаюкъара уьйранаш шоръяр а, кӀаргъяр а.

Дуьненаюкъара юкъаметтигийн декъашхой[нисъе | нисъе чухулара]

Таханлерчу дуьненан политикехь бу дукха тайп-тайпана декъашхой.

Амма хӀинца а тоьлуш дисина хьажар, дуьненан политикин коьрта субъекташ пачхьалкх я пачхьалкхийн тобанаш (союзаш) хилар.

ТӀаккха а тахана билгалъяьлла нийса йолу дуьненаюкъара юкъаметтигийн декъашхой шорбаран тенденци.

ТӀехь-тӀехьа дуьненаюкъара юкъаметтигашкахь алсама ладаме субъекташ хуьлу дуьненаюкъара кхолламаш.

Уьш дукха хьолахь екъало пачхьалкхашна юкъарчарний (правительствошна юкъарчарний) а, правительствон боцу кхолламашний а.

Дуьненаюкъара юкъаметтигийн теори[нисъе | нисъе чухулара]

Социалан Ӏилман гуранчура дисциплина санна йолу дуьненаюкъара юкъаметтигийн теорис, Ӏамадо дуьненан «низам», аьлча а массо а институташ цхьаьна, билгалйоккхуш йолу интеграцин а, дуккха а локалан юкъараллин вовшашца йолу уьйранийн кеп.

Геополитика[нисъе | нисъе чухулара]

Геополитика (грек. γη — дуьне + πολιτική — пачхьалкхийн я юкъараллин гӀуллакхаш) — аналлин тергояран юкъараллин Ӏилма ду. И термин леладар гӀиллакхе хилла коьрта агӀора географин факторийн политикан Ӏаткъамбар дийцарехь, амма иза лелор шуьйра даьржира XX бӀешарахь[хьост?].

Геополитика —дисциплинаран юкъара Ӏилма ду законехь тайп-тайпанчу пачхьалкхийн, пачхьалкхийн юкъараллин Ӏаткъамийн сфераш (ницкъийн центраш) ю, дуккха а Дуьненан есаллин бараман коммуникацина йоькъуш а, юхайоькъуш а. Къастайо гӀиллакхийн геополитика а, керла геополитика (геоэкономика) а, тӀеххьарлера геополитика (геофилософи)[19]. ГӀиллакхийн геополитико пачхьалкхан тӀеман-политикан ницкъе узу, коьрта роль ю неха латташ дӀалецаран географин факторийн, иза ду (Хаусхоферца)[20] пачхьалкхан географин хьекъал. Геоэкономико гӀиллакхийн геополитикех къаьсташ акцент йо пачхьалкхан экономикан ницкъан. ТӀеххьарлера геополитикехь хьалхе ю сина ницкъан тӀеман а, экономикан а ницкъал, таро ло чекхвала гӀиллакхийн географин а, экономикан а детерминизмах базисан фактораш шордаран чоьтах, цуо дуьненаюкъара юкъаметтиг ашкахь пачхьалкхийн низам билгалдоккху[19].

Геостратеги[нисъе | нисъе чухулара]

Геостра́теги (географин стратеги) — политикан Ӏилма ду, пачхьалкхан я гергара пачхьалкхийн тобанийн геополитикан Ӏалашоне кхачархьама гӀирс а, методаш а билгалйоккхуш долу — пачхьалкхан я пачхьалкхийн союзан ницкъ Ӏалашбеш а, совбоккхуш а, ткъа кризисан гӀуон аьттунашкахь — зиен минимизаци а, меттахӀоттор кризисал хьалхалера хьал.

Геостратегино пачхьалкхашна-заказчикашна я заказчикашна — пачхьалкхийн союзашна йина ца Ӏаш терго йо социуман, экономикан, политикан, къоман оьздангаллин, тӀеман ницкъан, кхин стратегин элементийн категорешна, иштта Ӏамайо, лору кхечу пачхьалкхийн стратегин, уьш йоькъуш майарра кепера потенциалан союзникашна, мостагӀашна я нейтралашна, ткъа иштта даиман а лору географин хьолан стратегийн билгалонаш, цуьнца геостратеги кхочушйо. Геостратеги къоман гӀирс бу, ткъа пачхьалкхийн союзехь — союзан геополитикан. Политикан Ӏилман иерархехь лаьтта кӀеларчу меттигехь политике а геополитике а хьаьжча. Геостратегин хӀоттаман оьшу а, къасто йиш йоцу дакъош ду къоман стратеги а, стратегин географи а.

Дуьненаюкъара юкъаметтигийн система[нисъе | нисъе чухулара]

Дуьненаюкъара юкъаметтигийн теорехь билгалйовлу масех система:

Дуьненаюкъара юкъаметтигийн Вестфалан система (1648 ш. хилла Ткъе итт шеран тIом чекхбаьлча). Цуьнан ойла ницкъийн баланс ю;

Дуьненаюкъара юкъаметтигийн Венин система (1814 ш. хилла Наполеонан тIемаш чекхбевлча). Цуьнан ойла европан концерт ю;

Дуьненаюкъара юкъаметтигийн Версалан-Вашингтонан система (хьалхара дуьненан тӀеман жамӀашца);

Дуьненаюкъара юкъаметтигийн Ялтин-Потсдаман система (шолг Ӏа дуьненан тӀеман жамӀашца) юьйжира биполяран дуьненан бух тӀе дуьхьалон асанца Малхбале (социалистийн пачхьалкхийн блок)- Малхбузе (капиталистийн дуьне)

Дукхах болу талламхой 1991 ш. ССРС йоьхча а, биполяран дуьхьало сецачи а Ялтин-Потсдаман система чекхъяьлла лара реза бу, амма, хӀинцалерчу муьрехь яц цхьаалла ДЮ системан цӀе билгалъяккхарехь. Цхьаьна декъо йогӀуш лору беловежскан мур цӀе, бисанчара лелайо Post Cold-War era цӀе.

— Керлачу хенан дуьненаюкъара юкъаметтигийн система 1991 ш. тахне кхаччалц АЦШ дуьненан системин коьртехь йолуш ю. Дуьненаюкъара юкъаметтигийн эксперташна юкъахь Американ импери малх чубузуш бу, американ доллар тӀехь йина дуьненаюкъара экономикан система юхуш ю, БРИКС пачхьалкхаш айалуш ю бохуш еш ю дискуссеш, амма 2012 шарахь АЦШ хьалха лаьтташ ю дуьненан дахаран сферашкахь.

Хьажа иштта[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. 1.1. К истории и методологии понятия международных отношений
  2. 1 2 Цыганков П. А. Глава II. Международные отношения как особый род общественных отношений. Понятие и критерии международных отношений // Политическая социология международных отношений. — М.: Радикс, 1994.
  3. Цыганков П. А. Глава V. Закономерности международных отношений . Содержание закономерностей международных отношений // Политическая социология международных отношений. — М.: Радикс, 1994.
  4. 1 2 Лебедева М.М. Теоретические школы в международных исследованиях. Либерализм и неолиберализм // Мировая политика. — М.: Аспект-Пресс, 2003. — С. 32-34. — 351 с.
  5. Цыганков П. А. Глава 4. Традиции, парадигмы и споры в ТМО. Либерально-идеалистическая парадигма // Теория международных отношений. — М.: Гардарики, 2003. — С. 106. — 590 с.
  6. Цыганков П. А. Глава 4. Традиции, парадигмы и споры в ТМО. Либерально-идеалистическая парадигма // Теория международных отношений. — М.: Гардарики, 2003. — С. 107-108. — 590 с.
  7. Лебедева М.М. Теоретические школы в международных исследованиях. Либерализм и неолиберализм // Мировая политика. — М.: Аспект-Пресс, 2003. — С. 25. — 351 с.
  8. Лебедева М.М. Теоретические школы в международных исследованиях. Либерализм и неолиберализм // Мировая политика. — М.: Аспект-Пресс, 2003. — С. 27. — 351 с.
  9. Лебедева М.М. Теоретические школы в международных исследованиях. Либерализм и неолиберализм // Мировая политика. — М.: Аспект-Пресс, 2003. — С. 26. — 351 с.
  10. Цыганков П. А. Глава 4. Традиции, парадигмы и споры в ТМО. Политический реализм // Теория международных отношений. — М.: Гардарики, 2003. — С. 109-112. — 590 с.
  11. Цыганков П. А. Глава 4. Традиции, парадигмы и споры в ТМО. Марксистско-ленинская парадигма // Теория международных отношений. — М.: Гардарики, 2003. — С. 113-115. — 590 с.
  12. Лебедева М.М. Теоретические школы в международных исследованиях. Либерализм и неолиберализм // Мировая политика. — М.: Аспект-Пресс, 2003. — С. 31-32. — 351 с.
  13. 1 2 Цыганков П. А. Глава 5. Современные школы и направления в теории между народных отношений. Спор неореализма и неолиберализма. Неореализм // Теория международных отношений. — М.: Гардарики, 2003. — С. 126-132. — 590 с.
  14. Цыганков П. А. Глава 5. Современные школы и направления в теории между народных отношений. Спор неореализма и неолиберализма. Неолиберализм // Теория международных отношений. — М.: Гардарики, 2003. — С. 132. — 590 с.
  15. 1 2 Цыганков П. А. Глава 5. Современные школы и направления в теории между народных отношений. Спор неореализма и неолиберализма. Неолиберализм // Теория международных отношений. — М.: Гардарики, 2003. — С. 132-136. — 590 с.
  16. Цыганков П. А. Глава 5. Современные школы и направления в теории между народных отношений. Спор неореализма и неолиберализма. Основные положения спора неореализма и неолиберализма // Теория международных отношений. — М.: Гардарики, 2003. — С. 136-140. — 590 с.
  17. Леонид Проценко Современные теории международных отношений как условие формирования у населения новой картины мира
  18. Мировая политика
  19. 1 2 Дергачев В. А. Геополитика, 2004
  20. О геополитике: Работы разных лет

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]