Дуьненаюкъара хелхаран де

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Эсамбаев Махьмудан холлам цуьнан эвлахь Йоккхачу АтагӀехь

Дуьне́наюкъара хе́лхаран де (инг. International Dance Day) — массо а хелхаран лерина Ӏида, даздо 29 апрелехь. Ӏида кхоллар кховдийна 1982 шарахь ЮНЕСКОн Дуьненаюкъара хелхаран кхеташоно (инг. CID, International Dance Council).

Терахь кховдийра хьехархочо а, хореографо а Гусев Петра, оцу дийнахь винчу, историн юкъа «таханлера балетан да» аьлла ваханчу, французийн балетмейстеран, балетан теоретикан а, реформаторан а Новерр Жан-Жоржан (1727—1810) ларам бина.

Новерран дуьххьала дагадеина ша лаьтта, операх (цунна юкъа балет йодара хелхаран фрагмент санна) йозуш йоцу балетан спектакль кхолла. Чекхдаьккхина гайтар санна драман кхиамашна тӀехь бух болу балетах йолу шен ойланаш, цуо дуьнен чу яхара шен новаторийн хӀоттамашкахь. Новерр дуьххьала волавелла дийна хелхаран, чекхъяьккхина сюжет йолу, амалаш елла персонажаш ловзош йолу спектаклаш хӀитто. Турпалхойн балетан а, сингаттаман балетан а хьесапаш кечдина, цуо язбина цхьа могӀа бухбуьллу теоретикан балет хӀотторан кечамаш. Шен «Хелхарех а, балетех а кехат» («фр. Lettres sur la danse et les ballets», 1759) цӀе йолчу белхехь, Новерра дийцина пантомимаца а, хелхарца а, композиторан, хореографан, художникан гӀоьнца деш долу балетан-пьесан хьесапаш.

Кхуллучеран ойланца, Дуьне́наюкъара хе́лхаран дийно цхьаьна тоха еза хелхаран ерриг агӀонаш, оцу кепара исбаьхьалла язъяран бахьана хила деза, цуо иэшо деза дерриг политикан а, оьздангаллин а, этносийн а дозанаш, адамаш цхьаьна тоха деза доттагӀаллин а, машаран а дуьхьа, царна таро луш цхьаьна маттахь къамел дан — хелхаран маттахь.

Ламаст хилла, хӀора шарахь цхьаьна гӀараваьллачу хореографин дуьненан векале кхайкхам бойту юкъаралле, царна дагайоуьйтуш хелхаран хазалла.

Дуьххьара иштта Дуьненаюкъара хелхаран денна лерина кхайкхамца вистхилира Henrik Neubauer 1982 шарахь. Иштта кхайкхамца бистхилира:

Оццу дийнахь 1991 шарахь юкъадаьккхина совгӀат «Хелхаран Бенуа», ткъа 1992 шарахь Москохахь Йоккха театран сцени тӀехь хилира дуьххьарлера совгӀат даран церемони а, гала-концерт а.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]