Дуьненаюкъара ненан меттан де

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску

Дуьне́наюкъара не́нан ме́ттан де ( кхечу ВКЪКХ официалан меттанашкахь: Ӏаьр. اليوم العالمي للغة الأم,‎‎испан. Día Internacional de la Lengua Materna, фр. la Journée internationale de la langue maternelle) — юкъадаьккхина ЮНЕСКОн Инарлан конференцин 30-гӀа сессин сацамца 1999 шеран ноябрехь, даздо 21 февралехь 2000 шарахь дуьйна хӀора шарахь, Ӏалашо меттан а, оьздангаллин а шорте ларъяр йолуш.

ЮНЕСКО дагахь ю превентиван мониторинган система кхолла, да кхерамехь долу меттанийн хьал таллархьама, хьал тодеш гӀодархьама.

ЮНЕСКОс маххадорца 6 эзар дуьненан меттанех ах байн кхерамехь бу[1]. 2009 шарахь ЮНЕСКОс къобалдина Российн махкара 136 мотт бан кхерамехь хилар.

Терахь нисло Бангладешехь даздеш долчу Бенгалин меттан дуьхьа боламан денца[en]. Иза лерина ду 1952 шарахь цӀий Ӏанош хиллачу хиламашна — оцу дийнахь пакистанан полицис байира бенгалхойн мотт малхбален Пакистанехь (1971 шарахь дуьйна Бангладеш) официалан мотт бу аьлла къобал баран агӀончаш.

ВКЪКХ Инарлан Ассамблейс Дуьненаюкъара ненан меттан де кхайкхоран сацаман агӀо лаьцна (Резолюци № Α/RES/56/262), кхайкхам бина ВКЪКХ а, ВКЪКХ секретариатан пачхьалкхашка-декъашхошка дуьненан дерриг меттанаш лардеш, Ӏалашдеш гӀо дарехь.

Дийнан тема[нисъе | нисъе чухулара]

  • 2019 шо — «Орамера къаьмнийн меттанаш ладам еду цхьаьнаэшшара кхирна а, машар барна а, барт барна а».
  • 2018 шо — «Лингвистийн тайп-тайпана кепаш Ӏалашъяр а, дуккха меттанаш хилар хьалхататтар цхьаьнаэшшара кхиаран область киоран гуран чохь».
  • 2017 шо — «Дукха меттанаш Ӏаморан бух тӀиера цхьаьнаэшшара тӀаьхьало».
  • 2016 шо — «Дешаран дикалла, мотт (меттанаш) хьехар, дешаран жамӀаш»
  • 2015 шо — «Инклюзиван дешар меттаца а, меттан гӀоьнца а. Меттанаш – иза ладаме ду!»

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. (оьр.) Международный день родного языка на сайте ЮНЕСКО (ссылка проверена 20 февраля 2011)