Дуьненаюкъара музейн де

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Музей баьхкинарш

Дуьненаюкъара музейн де18 майхь дазден хӀора шеран Ӏида ду.

Дуьненаюкъара музейн де дерриг дуьненахь даздеш ду 1977 шарахь дуьйна, оцу хенахь ICOM (International Council of Museums 11-гӀа инарлин конференци — Музейн дуьненаюкъара кхеташо), дӀаяьхьира Москохахь а, Ленинградехь а[1].

1977 шарахь музейн юкъараллин кхолла лиира ша-тайпа хилам, иза хилира Дуьненаюкъара музейн де. Резолюци тӀеийцира оццу 1977 шарахь Музейн дуьненаюкъара кхеташонан (ICOM) юкъарчу Ассамблейхь Москохахь.

1992 шарахь ICOM кхеташоно, Дуьненаюкъара музейн де официалан дӀакхоьхьуш йолу, кховдийра хиламаш билгалчу теманашца дӀадахьар. Оцу хенахь дуьйна Дуьненаюкъара музейн дийнан шен тема ю[2]. Музейн дуьненаюкъара кхеташоно даиман а оцу тематикера гайтам бо, муьлхха а хьажа йиш йолуш.

Шо шере мел долу, хилам гӀарабелира. 2007 шарахь, даздечу дийнан 30 шо кхочуш, Дуьненаюкъара музейн де дӀахьош дакъа лецира 70 пачхьалкхо. Оцу шеран тема яра «Вай дерриг ду жоьпаллехь дуьненан тӀехьалонах» («Todos somos responsables del patrimonio mundial»).

Ткъа 2015 шарахь хиламехь дакъа лецира 35 эзар сов музейш 145 пачхьалкхера[3]!


Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажа иштта[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]