Дуьненаюкъара божарийн де

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

Дуьненаюкъара божарийн де (инг. International Men's Day, IMD) — хӀора шеран, 19 ноябрехь даздо, дуьненаюкъара Ӏида. Дуьххьара иза билгалдаьккхира 1999 шарахь Тринидадехь а, Тобагохь а. ТӀаьхьа оцу Ӏидан агӀо лецира Австралехь, Карибан бассейнан, Къилбаседа Американ, Гергара Малхбален, Европан, ВКЪКХ мехкашкахь[1][2].

Дуьненаюкъара божарийн де кхолларан Ӏалашо ю гендеран божарийн дискриминаци а, сте-боьршаллин бакъонаш нийса ца хиларан терго тӀеяхийтар а. Ӏида юкъадаьккхинчара терго тӀейохуьйту кӀентийн а, божарийн а могашалла Ӏалашъяран[2][3][4][5] а, билгалбоккху позитиван Ӏаткъам божарийн доьзална а, бераш кхиоран а[3][6][7]. ЮНЕСКОн цӀарах, Женевера ЮНЕСКОн Бюрон юкъараллин уьйранийн директора Ингеборг Брейнеса, ткъа иштта «Зударий а, гендеран а харцо» цӀе йолчу программан хилла куьйгалхочо билгалдаьккхира: «И чӀогӀа дика дагадеина хӀума ду, цуо таро лур ю гендеран баланс тоян». Иштта цуо тӀетуьйхира, ЮНЕСКОс догдоху цхьаьна болх бан IMD[1][2] кхоьллинчаьрца.

ХӀинца Ӏида даздо дуьненан 60 сов махкахь, царна юкъахь Йоккха Британи, Канада, Дани, Норвеги, Франци, Итали, Ирланди, Австрали, ХӀинди, Цийчоь, Тринидад а, Тобаго а, Ямайка, Румыни, КЪАР, Танзани, Зимбабве, Ботсвана, Сейшелан гӀайренаш, Бурунди, Мэн гӀайре, Австри, Босни а, Герцеговина а, Украина, Пакистан, Куба, Антигуа а, Барбуда а, Сент-Китс а, Невис а, Сент-Люси, Гренада, Кайманийн гӀайренаш, Мажарчоь, Белорусси, Гана, Сингапур, Мальта, кхин а мехкаш[8].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 UNESCO comes out in Support of International Men’s Day // The Trinidad Guardian. — 2001.
  2. 1 2 3 Интервью с доктором Джероме Тилуксингхом Архивацийина 9 январехь 2011 шеран.
  3. 1 2 International Men’s Day — Do we care? // Пресс-релиз Men’s Health & Wellbeing Association (MHWA) ACT — 2004.
  4. Join in Celebrating International Men’s Day, by Harrack Balramsingh — письмо в редакцию Cayman Net News от 13 ноября 2001 года
  5. International Men’s Day Global Website: Trinidad and Tobago Архивацийина 27 октябрехь 2010 шеран. (записи доктора Тилуксингха о целях IMD)
  6. International Men’s Day on 19 of November to highlight plight of men, (2007) Outlook India Архивацийина 17 мартехь 2008 шеран.
  7. International Men’s Day Global Website Archive 2003—2006 Архивацийина 9 январехь 2011 шеран., 2005-2006 Архивацийина 10 ноябрехь 2010 шеран.
  8. International Men’s Day Global Website Archive Архивацийина 27 октябрехь 2010 шеран.

Ссылки[нисъе бӀаьра | нисъе]