Дуьненаюкъара берийн жайнийн де

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Бераш а, жайнаш а

Дуьненаюкъара берийн жайнийн де даздо 2 апрелехь, Андерсен Х. К. винчу дийнахь. Юкъадаьккхина 1967 шарахь коммерцин боцучу кхолламо Берийн а, кегийрхойн а литературан дуьненаюкъара совет (IBBY). Оцу дийнахь IBBYс шина шарахь цкъа Андерсен Х. К. цӀарах совгӀат ло яздархочун — берийн жайнин авторна а, берийн жайнин художник-иллюстраторна а.

Дагадеана Дуьненаюкъара берийн жайнийн де кхолла гӀараяьллачу немцойн яздархочун Лепман Йеллийна[1].

ХӀора шарахь оцу Дуьненаюкъарчу дийнан спонсор хуьлу IBBY къоман кхолламех цхьаъ. Муьлхха хуьлий а яздархойх а, художникех а цхьаъ автораш хуьлу берашка хаам бохьуьйтуш а, цуьнца догӀу плакат дохуьйтуш а. ТӀаккха и хаам а, плакат а леладо IBBYс кхечу мехкашкахь.

Хьажа кхин а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]