Дуьненан политикин карта

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Дуьне́нан поли́тикин ка́ртагеографин карта, гойту дуьненан мехкаш, церан урхаллин кепаш а, пачхьалкхийн хӀоттам а. Политикин карто гойту коьрта политикин-географин хийцамаш: кхоллаелла керла маьрша пачхьалкхаш, церан хийцаелла статус, пачхьалкхаш вовшахкхетар, йекъайалар, суверенитет яр я ялар, пачхьалкхийн дозанаш хийцадалар, коьрта гӀала хийцар, пачхьалкхийн а, коьрта шахьрийн а цӀераш хийцаялар, пачхьалкхан урхаллин кеп хийцар, кхин дӀа а.

Политикин картин тӀиера хийцамаш хуьлу дукхаллин (пачхьалкхан керла карийна латташ тӀетохар, тӀемашкахь даьхна а, дайина а мехкаш, цхьаьнакхетар а, йохар а пачхьалкхаш, пачхьалкхаш хийцина мехкаш, кхин дӀа а) а, дикаллин (суверенитет яккхар, урхаллин кеп а, пачхьалкхан хӀоттам а хийцар, пачхьалкашна йукъара барташ кхоллабалар, кхин дӀа а) а. ТӀаьхьарчу заманахь дуьненан политикин картин тӀехь дукхаллин хийцамаш лагӀбелла, дукхах дерг хуьлу дикаллин хийцамаш.

Юьйцу процессаш Ӏамо дуьненан социалан-экономикин географин дакъанах, иштта «дуьненан политикин карта» олу.

Дуьненан политикин карта кхолладаларан коьрта муьраш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Шира мур (V бӀешо кхаччалц)[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ширачу муьрехь дӀахӀуттуш, кхуьуш, юхуш яра шира пачхьалкхаш (Мисар, Карфаген, Желтойчоь, Рум); тӀаьхь-тӀаьхьа монархешкахь а, имперешкахь а чӀагӀло тхьамдалла; кхуьура тӀеман демократи. Яьржина яра кхаа тайпана пачхьалкхаш: авторитаран а, пхьолан а монархеш; импереш (царна чохь дацара билгала дозанаш марталлин политикин системан) а, гӀала-пачхьалкхаш (алсама билгала болу мехкан хӀоттам а, бахархоша политикин дахарехь жигара дакъалацар: Афина, Фива, Спарта, кхин а).

Юккъера бӀешерийн мур (V—XV бӀешераш)[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кхузахь кхуьура деспотийн монархин Ӏедал, цуьнан концентраци а, централизаци а; европин пачхьалкхийн урхаллера килсан роль чӀагӀъялар; пачхьалкхаш гӀертар генара мехкаш схьадаха, ткъа кхин а кхоллаяла йолаелира чоьхьара базарш.

Керла мур (XV—XVII бӀешераш — 1914 шо)[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ортелийс хӀоттийна дуьненан карта, 1570 шо

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Экономическая, социальная и политическая география. Регионы и страны / Под ред. С. Б. Лаврова, Н. В. Каледина. М., Гардарики, 2003. Часть 1. ISBN 5-8297-0039-5
  2. Витвер И. А. Историко-географическое введение в экономическую и социальную географию зарубежного мира. М., 1961