Дуьненайукъара гаьзлойн де

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Дуьненайукъара гаьзлойн де
Терахь 13 августехь
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

«Дуьненайукъара гаьзлойн де» (инг. International Lefthanders Day) — алсама аьрру куьгаца гӀуллакх дечу нахана (гаьзлошна[1]) лерина официалан доцу Ӏида.

«Дуьненайукъара гаьзлойн де» даздо хӀора шарахь 13 августехь. Дуьххьара и де даздира 1976 шеран 13 августехь Lefthanders International инициативица. Цхьацца хаамашца «Гаьзлойн де» дуьххьара даздира 1992 шеран 13 августехь цул ши шо хьалха кхоьллинчу Британин гаьзлойн клубан[2]инициативица.

Акцин Ӏалашо — гаьзлойн нехан тайп-тайпана гӀирсаш бечеран гаьзлойн баланийн тӀе тидам бахийтар: аьтту куьйган бинчу гӀирсашца болх бечу хенахь гаьзлоша шеш боьлла боцу боламаш бо, иза бахьнехь дукха хьолехь царна нервийн а, оьзгийн а стресс хуьлу. 1991 шарахь АЦШхь бинчу талламан жамӀашца, гаьзлой нах алсама келха белхан бохамашкахь[2].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Левша // Малый энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 4 томах. — СПб., 1907—1909.
  2. 1 2 TUT.BY | НОВОСТИ — Около 10 % белорусов отметят день Левши — Калейдоскоп — 12.08.2008, 13:18. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 12 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2008 шеран 23 августехь Архивйина 2008-08-23 — Wayback Machine

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Flatt, Adrian. The sinister handed (und) // FRCS BUMC Proceedings. — 1999. — October (т. 12). — С. 267—271. Архивйина 2010  шеран  19 ноябрехь.
  • O'Brian, Bill (2006-08-13). "For One Minority, a Bias That's Just So Not Right". The Washington Post. Дата обращения: 2014 ш. 05 мартехь.