Чулацаман тӀегӀо

Духаев Адам

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Духаев Адам Идрисович
Духаев Адам Идрисович

Духа́ев А́дам Идри́сович (1974 шеран 23 сентябрь, Нохч-ГӀалгӀайн АССР Теркан кӀошт, Лаха Невре) — нохчийн журналист, йаздархо, архивист[1]. 2008 шарахь дуьйна Нохчийн Республикин Хьакъ долу журналист[1]. Тайпана гӀордало.

Биографи[бӀаьра нисйан | нисйан]

Вина 1974 шеран 23 сентябрехь Нохч-ГӀалгӀайн АССР, Теркан кӀоштарчу Лаха Неврехь. 1991 шарахь дешна ваьлла Лаха Неврерачу № 3 ишколера, деша дӀахӀоьттина Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университете. 1996 шарахь историк говзаллийца университет чекхйаьккхира[1].

1995 шарахь балха ийцира Теркан кӀоштан «Теркйист» газетан корреспондент дарже. 2001 - 2011 шерашкахь газетан коьрта редактор хӀоттийра. 2008 шеран 30 июлехь совгӀат дира сийлахь цӀарца «Нохчийн Республикин Хьакъ долу журналист». 2009 шеран ноябрехь журналистийн говзалла хьалайоккхуш курсаш йехира «Fojo» институтехь (Швеци)[1].

2011 шарахь дехьавелира Нохчийн Республикин Правительствон Архиван урхалле, Ӏилманан-талламан декъан коьрта говзанча-эксперт дарже. 2012 шарахь декъан хьаькам хӀоттийра[1].

Нохчийн Республикин куьйгалхочун 2014 шеран 24 октябрехь арадаьллачу № 156 омарца совгӀат дина «Балха тӀехь билгалавалар» цӀе йолчу сийлахь хьаьркца[1].

2016 шарахь дуьйна болх беш ву Нохчийн Республикин Правительствон Архиван урхаллин Ӏилманан-талламан белхан а, хаамийн-лехамийн системан а декъан хьаькаман гӀовс даржехь[1][2].

СовгӀаташ[бӀаьра нисйан | нисйан]

  • Нохчийн Республикин Хьакъ долу журналист – 2008 шеран 30 июлехь.
  • Балха тӀехь билгалавалар – 2014 шеран 24 октябрехь.

Кхолларалла[бӀаьра нисйан | нисйан]

Йаздан волавелла 1989 шарахь. «Даймохк», «Республика», «Грозненский рабочий», «Вести республики», «Исламан зIаьнарш», «Теркйист», «Терская правда» газеташкахь зорбатухура историкан тематикера а, хенан оьшу а йаззамаш.

Дакъа лаьцна Ӏилманан конференцешкахь а, ткъа иштта архиван жайнаш арахоьцуш а.

Жайнаш[бӀаьра нисйан | нисйан]

Адаман оьрсийн маттахь зорбане девлла жайнаш:

  • «Плеяда шейхов из Надтеречья» (1997)
  • «Абреки из Притеречья» (2002)
  • «Эпоха шайхов» (2007, 2010, 2016)
  • «Поэт, провидец, мученик» (2014)
  • «Шайх Элах-Мулла» (2017)

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]