Дудкин, Олег Борисович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Дудкин Олег Борисович
226px
Вина терахь 1931 шеран 14 октябрь({{padleft:1931|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:14|2|0}})
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала
Кхелхина терахь 2013 шеран 8 июль({{padleft:2013|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:8|2|0}}) (81 шо)
Пачхьалкх ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРСРоссиFlag of Russia.svg Росси
Ӏилманан кхоче геологи
Белхан меттиг РӀА КӀЦ Геологин институт
Ӏилманан дарж геологин-минералогин Ӏилманийн доктор (1979)
Альма-матер Уралан пачхьалкхан университетан
СовгӀаташ


Халкъийн доттагӀаллин орден — 1980 Сийлаллин орден — 2002 ССРС Министрийн Советан совгӀат — 1981
А. Е. Ферсманан цӀарах совгӀат (1983)

Дудкин Олег Борисович (1931—2013) — Ӏилманча-геолог, геохимик, А. Е. Ферсманан цӀарах совгӀатан лауреат (1983).

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Вина 1931 шеран 14 октябрехь.

1954 шарахь — чекхъяьккхина Уралан пачхьалкхан университетан геологин факультет, цул тӀаьхьа дерриг дахарехь а болх бина РӀА КӀЦ Геологин институтехь.

1963 шарахь — чекхдаьккхина кандидатан диссертаци, тема: «Хибинийн маьӀдадаларан меттиган нилха латтанаш а, апатитан стронций а».

1979 шарахь — чекхдаьккхина докторан диссертаци, тема: «Щелочийн массивийн апатит а, апатиташ довлар а».

1982 шарахь дуьйна — щелочийн массивийн металлогенин лабораторин куьйгалхо, 2002 шарахь дуьйна — коьрта Ӏилман белхало.

Велла 2013 шеран 8 июлехь.

Ӏилман гӀуллакх[нисъе бӀаьра | нисъе]

Ша Ӏилмехь къахьегар хьажийна Колан регионан геологи а, минералоги а Ӏаморе. Теллина Хибинийн апатитийн маьӀда долу меттигийн минералоги, геохими, щелочан породашкахь а, карбонатиташкахь а фосфоран маьӀда долу меттигаш кхоллаяларан процессаш.

Болх бина маьӀда далларан анализ еш Сыннырски калийн щелочан массиван (Къилбаседа Байкалйист), теллина Хибинийн карбонатиташ, дуьстина карбонатитан массиваш Сокли (Финлянди), Ковдорски, Вуориярви, Ӏоман Вараки (Колан регион), боккха болх бина Балтикан турсан малхбален декъан щелочан массивех а, карбонатитех а болу хаамийн жамӀ деш.

Башха терго йина, щелочийн плутонаш когахӀуттуш маьӀдан а, маьӀдан доцу а аьргалла кхоллаяларан хьолан анализан, технологин минералогин юкъара методологин теоретикан бухан принципашна,щелочан массивийн маьӀда долу меттигийн масалашца.

ТӀаьхьарчу шерашкахь болх бира юкъарчу металлогенийн анализ тӀехь Колан щелочан провинцехь, эндогенийн фосфоран маьӀда долу меттигийн геохимин тӀехь, минералан аьргалла тоеш йисина нехаш кхерам боцуш Ӏалашъяр а, лелор а, экологин кхерамазаллин анализ йина апатитийн маьӀда тодича юьсу, ларме йохку нехаш Ӏалашъяран, мах хадийна цара экосистеман бан тарло Ӏаткъаман.

120 сов Ӏилман белхан автор ву, МПТУ профессор ву.

Зорбатоьхна белхаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Геохимия и закономерности концентрации фосфора в щелочных массивах Кольского полуострова. — Л., 1977
  • Карбонатиты Хибин. — Апатиты, 1984
  • Технологическая минералогия комплексного сырья. — Апатиты, 1996
  • Кольский регион как эталон металлогении щелочного магматизма. — Апатиты, 2002
  • Гигантские концентрации фосфора в Хибинах. — М., 1993.

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Учёные Кольского научного центра, (1930—2005). — Апатиты, 2006.

СовгӀаташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]