Дугучиев, Ислам Бетерсултанович

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Ислам Бетерсултанович Дугучиев
Шех лаьцна
Стен-боьршалла божарийн[d]
Пачхьалкх
Говзалла Греко-риман латар
Вина терахь 1966 шеран 15 апрель({{padleft:1966|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:15|2|0}}) (54 шо)
Вина меттиг Алтын-Эмель, Алматан область, Кхазакхстан, СССР
Спортан карьера 19782000
Тренераш
Локхалла 169 см
Йозалла 68 кг

Исла́м Бетерсулта́нович Дугучи́ев (1966 шеран 15 апрель, Алтын-Эмель, Алматан область, Кхазакхстан, СССР) — нохчийн греко-риман латархо, Олимпиадан дато совгӀатхо, 4-за дуьненан чемпион, 2-за Европан чемпион, масийттуза СССР а, Российн а чемпионатийн чемпион а, совгӀатхо а, СССР Сийлахь спортан говзанча (1990), Российн Сийлахь тренер[1]

Биография[нисъе бӀаьра | нисъе]

Вина Кхазакхстанехь. ЦӀа вирзинчула тӀехь Науран кӀоштахь Ӏийна. 1978 шарахь лата Ӏама волавелира. ТӀаьхьа Дон-тӀера-Ростовехь спортан интернатехь Ӏемаш вара.

1984 шарахь юниорашна юккъера Европин чемпионатехь толам беккхира. 1986 шарахь шозлугӀа меттиг яккхира кегирхойн юкъара Европин чемпионатехь а, божарашна юккъера СССР чемпионатехь а. 1988 шарахь иза СССР чемпион хилира. 1989 шарахь цо толам беккхира СССР чемпионатехь а, дуьненан Кубкехь а. 1990 шарахь иза Европин а, дуьненан а чемпион хилира.

1992 шарахь Олимпиадехь дакъа лецира СНГ цхьанатоьхна тобана юкъахь. Цигахь цо дато мидал яккхира цо. Цул тӀаьхьа цо дукха яхьаллонашкахь дакъа лецира дика кхиамашца. Масала, 1993 шарахь цо Германин Гран-при яккхира.

1996 шеран Олимпиадехь дакъа лацар ца нисделира цуьна лазваран бахьнехь. Цо шена бакъо яккхира 2000 шарахь Азербайджанан тобанан юкъахь Олимпиадехь дакъа лаца. Сиднейхь цо 6 меттиг яккхира.

Спорт йитинчула тӀехь иза тренер болх бан волавелира. ХӀинца иза Российн кадетийн гулйина тобан коьрта тренер ву[2].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]