Дошаман статья

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

Дошаман статья — коьрта структуран барам бу муьлххачу дошаман.

Дошаман статья лаьтта:

  • йолоран барамах;
  • йолоран барамах кхетош а, цуьнан коьрта аматаш юьйцу текст.

Дошаман статьян структура[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дошаман аьру дакъа. Дошаман статья муьлххачу дошамехь йолало коьртачу дашца (кхеча агӀора: коьрта дош, лемма, Ӏаьржа дош — коьрта дош билгалдаьккхина ахдерстинчу шрифтаца).

Цхьана долу коьрта дешнаш кхуллу дешнийн гулам, я дошаман аьру дакъа. Дешнийн гуламан харжам (муьлха дешнаш гӀур ду оцу дошам юкъа, муьлха гӀур дац) бозуш бу дошаман Ӏалашонах (гота-леррина, универсалан кхин дӀа а).

Дешнийн гулам латта тарло меттан декъех:

  • фонемаш (аьзнийн) — тӀехьарчу хенахь шуьйра кхуьу автоматаца мотт бовзаран кеп бахьана долуш;
  • морфемаш (дешхьалхенаш, орамаш, суффиксаш) — морфемийн дошамашна, грамматикин дошамашна, дошкхолларан дошамашна;
  • лексемаш («коьртачу кепера» дешнаш) — оцу критерешца хӀиттийна дукхахйолу дошамаш: маьӀнийн, орфографин, кхин а;
  • дешанкепаш (билгалчу терахьехь, дожарехь дешнаш) — грамматикин дошамашна, рифмийн дошамашна, кхин дӀа а;
  • дешнийн цхьаьнакхетарш (цхьаъ доцуш, масех иштта я вуьштта уьйр йолу дешнаш) — масала, фразеологин дошамашна, идиомийн дошамашна, клишен дошамашна, кхин дӀа а.

Наггахь дешнийн гулам лаьтта лексемех а, дешнийн цхьанакхетарх а (масала, энциклопедин дошамашна).

Дошаман хьалхара дакъа — ду коьртехь долчух кхеториг. Доаман стаьян структура билгалйолу дошаман Ӏалашонах. Аьтту декъан зонаш кечйо хӀора а дошаман. Иза хила тарло: долчу дешан синонимийн тептар (синонимийн дошамна), дешан гочдар (кхечу меттанашкара дешнийн дошам), долчу дешо гойту маьӀна, цаьрца хила тарло графикаш, схемаш, суьрташ (энциклопедин дошамашна), кхин дӀа а. Масала, маьӀнийн дошаман аьтту агӀон чуйогӀу зонаш:

  • грамматикин;
  • стилистикан;
  • маьӀнан;
  • суьрташ (цитаташ, реченеш);
  • маьӀнан тайпа (дуьххьал дӀа, хьовзийна);
  • дошкхолларан бен;
  • «ромб тӀехьара» олу дакъа (фразеологизмаш);
  • кхин а

Дошаман статьян юкъахь дукха нисло билгалонийн область (зона) (я еккъа билгалонаш). Билгалонаш хила тарло стилистикан, грамматикин, кхин а. Билгалонаш дукха хьолахь лаьтта коьрта дешан тӀеххьа, амма хила тарло кхечу меттигашкахь а (масала: шира — шира маьӀна, наггахь хуьлу — наггахь бен ца хуьлу маьӀна, Ӏилм. — Ӏилманан маьӀна, иштта кхин а).

Ша йолчу дошаман статьяш цхьана кхуллу дошаман дегӀ. ДегӀ доцуш, муьлххачу дошамехь ю дешахьалхе, «Муха лелоеза дошам» дакъа; бехкамийн дацдарийн тептар, кхин а. Цул сов, дошамашкахь хила тарло хьажоргаш (Википедехь хьажоргийн роль ловзайо дӀасахьажоргийн агӀонаш, «цхьа маьӀна ца хилар» а, «Категоризаци» а агӀонаш).

Хьажа иштта[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]