ДоттагӀаллийн матч

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Москохан «Спартакан» а, Северодвинскан гулйина командан а ветеранашна йукъара доттагӀаллин матч

ДоттагӀаллин матч — мехкан чемпионатан йа кедан гуранчохь дӀахьо спортан къовсам. ДоттагӀаллин матчан декъашхошна жамӀ башха ладаме а дац, ловзар хаза а, дика а хилчахьа. Иштта матчаш дукхах дерг йо рогӀера чемпионат дӀаяьлча йа йолаялале. Цул сов, матчехь тардолийта низаман тӀиера дӀабовлар а, масала, ловзархой барам боцуш хийцар, таӀзарш ца дар, кхин а.

ДоттагӀаллин матчийн Ӏалашо ю тактикан тренировкаш, вовшех буолийтаран, ловзаран а, стандартийн комбинацеш кечъяр, командан юкъахь ловза кандидаташ зиер, командан къовсамашна коьрта хӀоттам билгалбаккхар.

Къоман командийн дуьненайукъара доттагӀаллин матчаш кӀеззиг къаьста, юьззина статистика лелорца, куьйгаллера спортан кхолламо бехкам бан тарло низам дохорна тӀаьхь.