Дональд Трамп
| Трамп, Доналд | |||||||
|---|---|---|---|---|---|---|---|
| инг. Donald Trump | |||||||
| | |||||||
| | |||||||
|
|||||||
| Хьалха хилларг | Барак Обама | ||||||
| Когаметтаниг | Джо Байден | ||||||
|
|
|||||||
| Дин | Неденоменационное (внеконфессиональное) христианство[вд][1] | ||||||
| Вина терахь | 1946 шеран 14 июнь[2][3][…] (80 шо) | ||||||
| Тайпа | семья Дональда Трампа[вд] | ||||||
| Вича тиллина цӀе | инг. Donald John Trump[4] | ||||||
| Да | Фред Трамп | ||||||
| Нана | Мэри Маклауд | ||||||
| Зуда |
Ивана Трамп (1977—1991) Марла Мейплз (1993—1999) Меланья Трамп (с 2005) |
||||||
| Бераш |
Дональд Трамп жим. (в. 1977) Иванка Трамп (й. 1981) Эрик Трамп (в. 1984) Тиффани Трамп (в. 1993) Бэррон Трамп (в. 2006) |
||||||
| Парти | |||||||
| Дешар | |||||||
| ГӀуллакхалла | медийная личность[вд], Политика[6], коммерция[вд][6], политик[вд], предприниматель[вд], йаздархо | ||||||
| Динлелор | Неденоменационное (внеконфессиональное) христианство[вд][1] | ||||||
| Автограф |
|
||||||
| СовгӀаташ | |||||||
| Сайт | donaldjtrump.com (инг.) | ||||||
| Пачхьалкх |
|
||||||
| Болхбаран меттиг | |||||||
Дональд Джон Трамп (инг. Donald John Trump; 1946 шеран 14 июнь[2][3][…], Медицинский центр Джамейки[вд], Куинс (гуо, Нью-Йорк), Нью-Йорк, Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ[3][4]) – иза америкин пачхьалкхан а, политикин а гӀуллакххо а, предприниматель а, миллиардер а ву. Иза АЦШ-н 45-гӀа президент а ву 2017 шеран 20 январера 2021 шеран 20 январе кхаччалц, Республикин партино хаьржина.
ГӀараваьлла бизнесмен а, медиамагнат волу[7][8], Трамп Trump Organization цӀе йолчу гӀишлошйаран конгломератан президент а, иштта марзлун ловзарийн а, хьешийн цӀийнан бизнес тӀехь корматалла йолчу Trump Entertainment Resorts компанин бухбиллархо а ву. 1996-2015 шерашкахь «АЦШ-н Мисс» цӀе йолчу хазалла къовсаман доладархо вара. Иштта шен хьокъехь роль ловзош ша гайтина масех кинофильма чохь а, телесериала чохь а. Цул сов 14 сезон дохаллехь (2004-2015) NBC –н телеканалехь «Кандидат» цӀе йолу реалити-шоу а дӀайаьхьна цо. «Time» цӀе йолчу журнала версица 2016 шеран Адам а лаьрра[9][10][11].
1988-чу шарахь хиллачу президентан хармашкара дуьйна, Трампе цул тӀехь массо а бохуш санна йолчу харжамашкахь президентан даржан коьрта кандидат волуш санна хьежна[12][13][14]. 1999 шеран октябрехь цо ша реформин партера хьалхатеттира АЦШ-н президентан коьрта кандидат ву аьлла дӀа а кхайкхош[15], амма 2000 шеран 14 февралехь цо шен кандидатура харжамашкара дӀайаьккхира[16]. РогӀера АЦШ-н президентан хӀотторан къовсамехь ша дакъалоцур хилар хаийтира 20Ӏ5 шарахь 14 февралехь[17]. 2016 шеран майхь, праймеризехь къийсархошна йукъахь толамбаккхар ондда тоьшалла дара Республикин партино иза кандидат хьокъехь хаьлхатоттург хиларх. И массарна а хоуьйтуш тӀечагӀдира 18-21 июлехь хиллачу партин гуламехь. Ткъа иза цкъа а хьалха пачхьалкхан даржашкахь болхбина а воцуш, дуьххьара дӀа бизнесмен санна вевзаш волчарах харжаман исторехь шолгӀа вара АЦШ-н президентан дарж къовсу кандидатех (хьалхарниг вара Уэнделл Уилки 1940 шарахь).
2016 шеран 8 ноябрехь хиллачу президентан харжамашках. Демократически партин кандидатан Хилари Клинтонел харжамхойн кхаьжнаш кӀезиг а боллушнехь, Дональда Трампа толамбаьккхира, хаьржинчара 306 кхаж баларна (56, 88%) бахьанехь[18]. Шен 70 шо кхачарехь Дональд Трамп ханна АЦШ-н хаьржинчу президенташна йукъахь уггаре воккха ву, цу кеппара цо йохийна, 69 шарахь цу дарже ваьллачу Рональд Рейганан рекорд.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 1 2 Silliman D. Trump Becomes the First President Since Eisenhower to Change Faiths in Office (инг.) // Christianity Today — 2020. — ISSN 0009-5753; 1551-1855
- 1 2 Internet Movie Database (инг.) — 1990.
- 1 2 3 The Jamaica Hospital Certificate of Birth
- 1 2 Certificate of Birth Registration
- ↑ Bush says Trump was a Democrat longer than a Republican 'in the last decade' — 2015.
- 1 2 База данных Национальной библиотеки Чешской Республики
- ↑ Дональд Трамп прилетел в Грузию на презентацию небоскрёба. Forbes (2012 шеран 21 апрель). ТӀекхочу терахь: 2016 шеран 18 январь.
- ↑ Трамп обвинил Хиллари Клинтон в «сливе» избирательной кампании. Lenta.ru (2015 шеран 22 декабрь). ТӀекхочу терахь: 2016 шеран 18 январь.
- ↑ http://echo.msk.ru/blog/echomsk/1887846-echo/
- ↑ http://www.interfax.ru/world/540318
- ↑ https://regnum.ru/news/polit/2214780.html
- ↑ Smith, Kyle (May 30, 2015). "Stop pretending — Donald Trump is not running for president". New York Post. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 16 июнехь.
- ↑ Madison, Lucy (October 4, 2010) «Donald Trump for President in 2012?» Архивйина 2013-11-03 — Wayback Machine
- ↑ Zwick, Jesse (October 4, 2010) «Donald Trump for President?» Архивйина 2012-07-18 at archive.today
- ↑ Donald Trump Ran for President in 2000 in Several Reform Party Primaries. Ballot Access News. Richard Wagner. ТӀекхочу терахь: 2015 шеран 17 июнь.
- ↑ "Trump: Reform Party 'A Total Mess'". Chicago Tribune. February 14, 2000. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 17 июнехь. Архивйина 2015-06-17 — Wayback Machine
- ↑ Дональд Трамп начал борьбу за пост президента США. Slon.ru (2015 шеран 16 июнь).
- ↑ СМИ: Дональд Трамп победил на президентских выборах в США. ТАСС (2016 шеран 9 ноябрь). ТӀекхочу терахь: 2016 шеран 9 ноябрь.