ДогIа (телеканал)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

«ДогӀа» телеканал я «Дождь» телеканал (башха яздар До///дь)- оьрсийн де-буьйсанан информацин телеканал а, цӀapax йолу медиахолдинг а ю. Цуьнан эфирехь гойту керланаш а, аналитикан а, къийсаман а, авторин а программаш а, иштта концерташ а, исбаьхьа лакхар а, бакъдолчунна тӀера фильмаш а, видео-арт а.

Телеканало дукха хаамаш бина 2011-чу-2013-чу шерашкахь Оьрсийчоьх хилла дуьхьалдаларан боламах а, «Болотное дело» гӀуллакхах а, Pussy Riot-ан гӀуллакхах а, Кировлес-ан гӀуллакхах а.

2014-чу шарахь Ленинградан блокадах лаьцна хаттарш дарна «ДогӀан» гонаха дов иккхира. Хиллачун жамӀ бара дукхах йолу спутникан а, кабелан а операторш «ДогӀан» эфир дӀахадо сацам тӀеэцар.

Цу муьрехь кхин дӀа болу телеканалан болх чолхечу хаттарехь бара.[1][2]

Телеканалан куьйгалла[нисйе бӀаьра | нисйе]

Коьрттера директор[нисйе бӀаьра | нисйе]

Синдеева Наталья (2010-чу шеран оханан (апрель) 27-чу дуьйна)

Коьрта редакторш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Зыгарь Михаил (2010-чу шеран эсаран (октябрь) дуьйна- 2015-чу шеран гӀуран (декабрь) 31-гӀа кхаччалц);

Баданин Роман (2016-чу шеран мангалан (июль) 25-гӀа дуьйна- 2017-чу шеран хьаьттан (август) 30-гӀа кхаччалц);

Перепелова Александра (2017-чу шеран хьаьттан 31-гӀа дуьйна- 2019-чу шеран гӀуран (декабрь) 25-гӀа кхаччалц);

Дзядко Тихон (2019-чу шеран гӀуран 26-чу дуьйна).

Къамел дар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Интернет-гӀирсаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Телеканалан сайт;
  • Apple-ан гӀирсаш: iPad а, iPhone а, Apple TV а чухул;
  • Android йолу операцийн системан гӀирсаш чухул;
  • Windows йолу гӀирсаш чухул;

Хьосташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Наталья Синдеева: я хочу извиниться перед людьми, которых это действительно задело, такие люди были и внутри телеканала. Сюжет: Атака на ДОЖДЬ // «Дождь», 29 января 2014
  2. Ксения Соколова. Наталья Синдеева: Мы выживем, если нас простят. За что — не знаю, но простят // «Сноб», 23.03.2014