Ди Стефано, Альфредо

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Футбол
Ди Стефано Альфредо
Di stefano argentina.jpg
Юкъара хаамаш
Юьззина цӀе Ди Стефано Лаулье Альфредо
Харц цӀе Сирла месаш йолу Пха
(La saeta rubia)
[1]
Вина терахь 1926 шеран 4 июль({{padleft:1926|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:4|2|0}})
Вина меттиг Буэнос-Айрес, Аргентина
Кхелхина терахь 2014 шеран 7 июль({{padleft:2014|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:7|2|0}}) (88 шо)
Кхелхина меттиг Мадрид, Испани
Гражданалла Аргентинин байрак Аргентина
Испанин байракх Испани
Локхалла 178 см
Позици нападающий
Кегийрхойн клубаш
1943—1944 Аргентинин байракх (1812—1985) Ривер Плейт
Клубан карьера[* 1]
1944—1949 Аргентинин байракх (1812—1985) Ривер Плейт 66 (49)
1946  Аргентинин байракх (1812—1985) Уракан 24 (11)
1949—1953 Колумбин байракх Мильонариос 102 (90)
1953—1964 Байракх Испанин (1945—1977) Реал Мадрид 282 (216)
1965—1966 Байракх Испанин (1945—1977) Эспаньол 47 (11)
1944—1966 Ерриг карьерехь 521 (377)
Къоман гулйина команда[* 2]
1947 Аргентинин байракх (1812—1985) Аргентина 6 (6)
1951—1952 Колумбин байракх Колумби 4 (0)
1957—1961 Байракх Испанин (1945—1977) Испани 31 (23)
Тренеран карьера
1967 Байракх Испанин (1945—1977) Эльче
1969—1970 Аргентинин байракх (1812—1985) Бока Хуниорс
1970—1974 Байракх Испанин (1945—1977) Валенсия
1974 Португалин байракх Спортинг
1975—1976 Байракх Испанин (1945—1977) Райо Вальекано
1976—1977 Байракх Испанин (1945—1977) Кастельон
1979—1980 Испанин байракх Валенсия
1981—1982 Аргентинин байракх (1812—1985) Ривер Плейт
1982—1984 Испанин байракх Реал Мадрид
1985 Аргентинин байрак Бока Хуниорс
1986—1988 Испанин байракх Валенсия
1990—1991 Испанин байракх Реал Мадрид
СовгӀаташ а, мидалш а
Къилба Америкин чемпионат
Деши Гуаякиль 1947
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
  2. Къоман гулйина командехь ловзаран а, голийн а барам официалан матчашкахь.
Commons-logo.svg Альфредо Ди Стефано Викилармехь

Альфре́до Ди Сте́фано Лаулье́ (испан. Alfredo Di Stéfano Laulhé, испанхойн лиер: [alˈfɾeðo ði esˈtefano]; 1926 шеран 4 июлехь, Буэнос-Айресехь2014 шеран 7 июлехь, Мадридехь) — аргентинин, испанин футболист, тӀелатархо. Ловзархочун карьера чекхъяьккхинчул тӀаьхьа тренер болх бира. Левзира «Ривер Плейт», «Уракан», «Мильонариос», «Реал Мадрид», «Эспаньол» клубашкахь. Аргентинин гулйина командин юкъахь левзира 6 матчехь, туьйхира 6 гол, Колумбин гулйина командин юкъахь левзира 4 матчехь, Испанин гулйина командин юкъахь левзира 31 матчехь, туьйхира 23 гол.

Футболист волуш шозза хилла Аргентинин чемпион, кхузза Колумбин чемпион, борхӀазза толамхо хилла Испанин чемпионатан. Ди Стефанос цкъацца баьккхира Колумбин кад, Испанин кад, Континенташна юкъара кад. Шозза баьккхина Дуьненан Жима кад, пхоьазза тоьлла Европин чемпионийн кедехь. Тренер волуш Альфредос шозза яьккхина Аргентинин чемпионат, цкъа Испанин чемпионат, цкъа Испанин Суперкад, цкъа УЕФА Кедаш баьхначеран кад.

Ди Стефано цкъа хилла Аргентинин чемпионатан уггаре дика бомбардир, шозза хилла Колумбин чемпионатан уггаре дика бомбардир, пхоьазза яьккхина Испанин чемпионатан уггаре дика бомбардиран титул, шозза хилла Европин чемпионийн кедан уггаре дика бомбардир. Шозза даьккхира Европин уггаре дика футболистан совгӀат, Дешин буьрка, доьазза хилла Испанин уггаре дика спортхо.

Альфредо вара XX бӀешерана кхоалгӀа футболист ФИФА футболан Комиссин версица[2][3]. МФФИИС хеттаршца йоккху йоьалгӀа меттиг XX бӀешеран уггаре дика дуьненан футболисташна юкъахь. Йоккху ялхолгӀа меттиг XX бӀешеран уггаре дика ловзархошна юкъахь World Soccer журналан версица. Йоккху йоьалгӀа меттиг XX бӀешеран уггаре дика ловзархошна юкъахь France Football версица[4]. Йоккху кхоалгӀа меттиг XX бӀешеран уггаре дика ловзархошна юкъахь Guerin Sportivo версица[5]. Йоккху ялхолгӀа меттиг футболан исторехь уггаре дика ловзархошна юкъахь Placar версица[6]. Дуьненан уггаре дика ловзархойн испискан юкъавоьду Planète Foot [7] а, Voetbal International[8] а версица. 1954 – 2003 шерийн муьрера Испанин уггаре дика ловзархо ву УЕФАн версица.

2000 шарахь дуьйна Ди Стефано вара «Реал Мадрид» клубан сийлахь президентан даржехь. Ткъа 2008 шарахь дуьйна года УЕФАн сийлахь президент.

Хилла ФИФА Сийлаллин залан дуьххьарлера декъахо[9]. Ди Стефанон цӀарах йина хӀонс Испанин уггаре дика ловзархочун[10]. «Реалан» резерван команда йолу «Реал Мадрид Кастилья» клубан стадионан Альфредо Ди Стефанон цӀе елла[11]. Дийна а волуш Сантьяго Бернабеу стадионан уллехь цунна хӀоттийра иэс[12].

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьалхара шераш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Ди Стефано винчу шарахь шен ненаца

Ди Стефано Альфредо вина 1926 шеран 4 июлехь Буэнос-Айресан портан кӀоштахь йолчу Барракас куьпахь[13]. Цуьнан схьавалар ду европахойн мухажирийн ийначу доьзалера: цуьнан деда Мигель (Италехь цуьнан цӀе йоккхура Микеле[14]) был родом с Капри[15] олий. Мигелан да, Альфредон дедеда, дон Феличионе инарла хилла эскарехь Гарибальди Джузеппен эскарехь[16][17]. Хаза ду, Феличионен зуда а, иштта йина Ди Стефано фамилица, схьаялар Сицилера[18] доллушехь. Микеле, шен даймохк битина , охьахиира Буэнос-Айресан Ла-Бока кӀоштахь, болх бора, Парана чухула сурсаташ Парагвай кхоьхьуш. Микеле 17 шо долуш вахара хьалха Къилбаседа, цул тӀаьхьа Къилба Америке дестечуьнца дов а даьлла, Феличионен[18] шолгӀачу зудчунца. Ди Стефанон денана, Тереза Кьоцца, схьаялар Генуяр долуш яра. Церан доьзалехь ворхӀ бер дара: Феликс, Анибаль, Эктор, Альфредо, Луиза, Хуана, Освальдо[16][18].

Ди Стефано (аьтту агӀора йисттехь) «Прогресс йолчеран барт» командин ловзархошца цхьаьна

1940 шарахь доьзал юха а кхелхира; хӀинца дӀатарбелира Лос-Кардалесера фермехь. Оцу хенахь Альфредн дийзира ишкол йитина дуьххьара болх бан, шен ден гӀодеш, иза вара картол кхиош, юхкуш, ткъа кхин а накхарш лелош[19][20]. Ша Ди Стефанос дукхаха дерг гӀо дора арахь, тӀехьожура 80 белхалочунна[16][18]. И болх чӀогӀа хала а, дукха ницкъ дӀабоккхуш а боллушехь, Альфредос ца йитира футбол. ХӀора кӀиранан дийнахь иза шен вешийца Тулиоца[21] ловзура поселкан «Прогресс йолчеран барт» (испан. Unión Progresista) командин матчашкахь Камапана лигехь, ткъа кхин хьажа воьдура «Ривер Плейтан» матчашка, цуьнан хьажархо вара ворхӀ шо долуш дуьйна[22], ткъа цуьнан дена, Ла-Бомбонера кӀоштахь вина волу, езара клуб «Бока Хуниорс»[20].

Фермехь болх бечу хенахь Ди Стефанон дийзира мафица Ӏиттавала а: «Росариохь дӀатаръеллера америкин мафи. Уьш баьхкинера Чикагора я Нью-Йоркера, цигахь гучу а бевлла. ТкъеитталгӀа шерашкахь, Декъа законан заманахь, цара нах бойура. Мафи яра чӀогӀа дика йина, терго латтайора массо а италихойн кӀенташна тӀаьхь. Сан «воккхачу стаган» тӀехь а яра терго. Иза декхарийлахь вара ша даьккхинчух процент такха — 5-10 песо хӀора йоьхкина картолийн вагон тӀиера. Дена такха ца лаара. Иза лелара кисана тапча а йоьллина, дӀа а вуьжура цуьнца, латтайора ишкапан схьаозочу гӀутакхан чохь. ГӀутакх схьадоьллушехь, буьйнахь тапча хуьлура. Наггахь мафис герз деттара вагонашна, амма, цара иза кхера ца вора. Да кхоьрура, тхо лачкъадарна. Цкъа тхан цӀа чу баьхкира уьш. Оха сихха хаийтира нене, иза котам тилош яра кухни чохь. Иза араелира карахь мачете а долуш, коган кӀажанаш гучудовлуш бевдира уьш. Кхин цкъа, тхо Сан-Николасе деваша волчу доьлхуш, тхан сихха боьду цӀерпошт тӀиера охьалелха дийзира. Цигахь шеко йолуш виъ стаг вара. Цхьаъ царех тхойга веанера цӀа иэца, тха дена иза вевзира. Со цу хенахь дика кхеташ вацара, хӀун хуьлуш ду, амма хезира, тхо дӀакхаьчначул тӀаьхьа дас девешега дуьйцуш»[23].

«Ривер Плейт» а, «Уракан» а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Ди Стефанон хьалхара «футболан» документ, цуо хоуьйту иза «Ривер Плейтан» ловзархо вуй

Альфредон 17 шо долуш, Ди Стефанон нанна дуьхьала кхийтира ден доттагӀ, «Ривер Плейт» клубан хилла голкипер, Алехандро Лупасни, иза болх беш вара церан куьпахь электрик. Цуо дийхира цуьнга, футболехь аьттонаш боху шен кӀанте клубехь хьовсийтахьара аьлла. Лупаснис гӀо дира: масех де даьлча Эулалиян кехатна дуьхьала клубера телеграмма еира, цунна тӀехь Альфредога кхойкхура гайтаме вар[18][24]. Къона футболисте хаьттича, клубе кхача гӀо хьан дира хьуна, цуо жоп делира: «Сан нанас»[25]! Къуна ловзархочуьнга хьаьжира Пеуселье Карлос, цунна гира Ди Стефанон похӀма, кхайкхира цуьнга клубан йоьалгӀачу команде. Берриг хьевсинчу 32 берех дӀаийцира шиъ, шолгӀаниг хилира Альфредон уллера доттагӀ, Сальвучи[18]. Хаза ду, Ди Стефанон да кӀант футболе вахарна дуьхьала хилар, Эулалияс халла резавира доьзалан да дуьхьало ца ярна цуьнан футболан биографина[16].

Ловзаран статистика[нисъе бӀаьра | нисъе]

Карьера гайтар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Команда Мур Официалан
матчаш
Официалан йоцу
матчаш
Ерриг
Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш
Ривер Плейт 1944—1949 76 55 11 10 87 65
Уракан 1946 25 11 3 2 28 13
Мильонариос 1949—1953 112 100 70 57 182 157
Реал Мадрид 1953—1967 396 307 119 105 515 412
Эспаньол 1956
1964—1966
60 14 7 7 67 21
Аргентина 1947 6 6 0 0 6 6
Испани 1957—1961 31 23 1 1 32 24
Колумби 1951 - - 4 0 4 0
Барселона 1953—1961 - - 3 2 3 2
Валенсия 1955 - - 1 1 1 1
кхин[26] 1948—1965 - - 8+ 6+ 8+ 6+
Ерриг карьерехь 706 516 227+ 191+ 933+ 707+

Клубан карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]

Клуб Шо Лига Кедаш[27] Кедаш
КОНМЕБОЛ /
Еврокедаш[28]
Кхин дерш[29] Ерриг ДоттагӀаллин
матчаш
Всего
Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш
Ривер Плейт 1944 0 0 0 0 - - 0 0 0 0 1 0 1 0
1945 1 0 0 0 - - 0 0 1 0 0 0 1 0
1946 0 0 1 0 - - 0 0 1 0 0 0 1 0
1947 30 28 - - - - 2 1 32 29 2+ 4 34+ 33
1948 23 12 1 1 6 4 0 0 30 17 4+ 5 34+ 22
1949 12 9 - - - - 0 0 12 9 1+ 1 13+ 10
Ерриг 66 49 2 1 6 4 2 1 76 55 11 10 87 65
Уракан
(аренда)
1946 24 11 1 0 - - 0 0 25 11 3 2 28 13
Ерриг 24 11 1 0 0 0 0 0 25 11 3 2 28 13
Мильонариос 1949 15 16 - - - - 0 0 15 16 1+ 1+ 16+ 17+
1950 29 23 5 5 - - 0 0 34 28 5+ 10+ 39+ 38+
1951 34 32 0 0 - - 0 0 34 32 4+ 8+ 38+ 40+
1952 24 19 5 5 - - 0 0 29 24 14+ 20+ 43+ 44+
1953 0 0 0 0 - - 0 0 0 0 5+ 5+ 5+ 5+
Ерриг 102 90 10 10 0 0 0 0 112 100 70 57 182 157
Реал Мадрид 1953/54 28 27 0 0 - - 0 0 28 27 9 5 37 32
1954/55 30 25 0 0 - - 2 0 32 25 7 7 39 32
1955/56 30 24 0 0 7 5 0 0 37 29 11 6 48 35
1956/57 30 31 3 3 8 7 2 2 43 43 10 15 53 58
1957/58 30 19 7 7 7 10 0 0 44 36 9 10 53 46
1958/59 28 23 8 5 7 6 0 0 43 34 16 13 59 47
1959/60 23 12 5 3 6 8 0 0 34 23 11 17 45 40
1960/61 23 21 9 8 2 0 2 1 36 30 16 12 52 42
1961/62 23 11 8 4 10 7 0 0 41 22 10 13 51 35
1962/63 13 12 9 8 2 1 0 0 24 21 12 6 36 27
1963/64 24 11 1 1 9 5 0 0 34 17 6 1 40 18
1965/66 - - - - - - - - 0 0 1 0 1 0
1966/67 - - - - - - - - 0 0 1 0 1 0
Ерриг 282 216 50 39 58 49 6 3 396 307 119 105 515 412
Эспаньол 1955/56 - - - - - - - - 0 0 1 2 1 2
1964/65 24 7 3 2 0 0 0 0 27 9 4 4 31 13
1965/66 23 4 4 1 6 0 0 0 33 5 2 1 35 6
Ерриг 47 11 7 3 6 0 0 0 60 14 7 7 67 21
Ерриг карьерехь 521 377 70 53 70 53 8 4 669 487 210 181 879 668

Гулйина командашкахь ловзар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Аргентинин гулйина команда[нисъе бӀаьра | нисъе]

Шен дахар[нисъе бӀаьра | нисъе]

2013 шеран 5 майхь Ди Стефанос кхайкхийра ша шозлагӀа зуда ялайо костарикахо Гонсалес Джине, иза цулла а 50 шо жима яра (иза кхайкхочу хенахь Альфредон 86 шо дара, ткъа Джинен 36 шо дара). Гонсалес яра цуьнан секретарь а, адвокат а, цуьнца цхьаьна болх беш яра Marca газетехь а. уьш бевзинера 2007 шарахь, оцу хенахь журналист йолчу Гонсалесан тӀедиллинера ловзархочун биографии язъян[30]. Ша Альфредос зуда ялорах элира: «Сан бераш дуьхьала ду керлачу зудчунна. Амма суна башхалла яц. Тхуна цхьаьна хила лаьа»[31]. Альфредон кӀентий дуьхьала бара зуда ялоран, уьш кхоьрура, керла зуда кӀела хӀума диллина еани хиларах[32]. 12 майхь Джина дӀаяхара Ди Стефаногара дӀахьедина, «иштта хьолехь кхунах маре хир дац» аьлла. Цул тӀаьхьа цуо Альфредон чот тӀиера дукха ахча а эцна цхьаьна агӀора дӀаяхара[33]. Джина Коста-Рике цӀайирзина кхайкхийра, дерриг хӀуманна а бехке футболистан бераш ду, цара новкъарло йо Альфредога зӀе тоха а[34]. Октябрехь Джина юхаеира Мадриде, дӀакхайкхийра: «Муха ойла йо цара, сунна ахча деза бохуш, аса сайна хӀумма а ца оьшу бохуш хилча»[35]. Оцу шеран 2 октябрехь Ди Стефано шен дегӀан доладанлуш ца хилар къобал дира, цуьнан бахаман терго дӀаелира берашка[36]. 2014 шеран 5 июлехь Ди Стефано госпитале дӀавигира ледара хьал долуш деган лазар деинчул тӀаьхьа, иза хилира Мадридан цхьаьна урамехь, «Сантьяго Бернабеун» уллехь. 88 шо долу Ди Стефано чувуьллу жигара терапийн палате, иза куьйга коман хьоле воккху. 2014 шеран 7 июлехь 89-гӀа шо долуш иза кхелха[37].

Ди Стефанон нана, Эулалия Лаулье Жильмон (французийн лерца, Лоле́), Беарнехь вина французийн пилотан Пьерр Лаульен а, ирландхочун Дик Инесан а тӀаьхьенех яра[15][18]. Ди Стефанон ден цӀе а яра Альфредо; иза а, кӀант санна, футболист а, тӀелатархо а[18] вара, цул сов, иза вара «Ривер Плейт» клуб кхоьллинчех цхьаъ, цунна юкъахь левзира иза 1910 - 1912 шерашкахь, карьера чекъяьккхира гола лазийна[17][19]. ШолгӀа Микелен кӀантехь, Альфредон вешегахь, марехь яра Аргентинин гулйина командин голкиперан Исола Карлосан йиша. Жимаха волу Альфредо воцуш, доьзалехь кхин а ши бер дара — Тулио (вина 1928 шарахь), иштта футболех ловзуш вара, Норма (йина 1931 шарахь), иза баскетболах ловзуш яра[16][22].

Ди Стефанон доьзал. Аьтту агӀора аьрру агӀорхьа: Альфредо-жимахверг, Альфредо-воккхахверг, Норма, Эулалия, Тулио

Циггахь, Барракас кӀоштахь, Ди Стефано волавелира футболех ловза, еса аренашкахь: «Сан 4 я 5 шо долуш со ловзура урам тӀехь, иза яра фабрикан кӀошт, машенаш цигахь кӀезиг яра, аре яра тӀулг биллина. Иштта, оцу хенахь тхо массо а цигахь ловзура. Тхо, меттигера бераш, шорта дара, хӀунда аьлча тхан кӀоштахь дехара эсала адамаш, ткъа генара схьа иштта доьзалашкахь дукха бераш хуьлура. Иштта тхо ловзура оцу куьпахь, ткъа тӀаьхьа кхин цхьа куп а яра, кӀеззиг гена»[38]. Бераш, буьрка иэца ахча доцуш, ловзура хьаьхьамчан буьрканашца[17], царе хлора шишша сентаво; кевнаш дара я дитташ, я пенаш тӀехь дехкина сизнаш[18]. Шен накъосташца Альфредос йира кӀоштан команда, цӀе тиллира «Цхьаьнатоьхна а, Толам боккхурш а» (испан. Unidos y Venceremos): «Сан кӀоштахь вара, соьлла а дика ловзуш, 40 сов кӀант. Цхьаъ доьшуш вара, цхьаберш балха бахара, ткъа цхьаболчаьрга шайн мача а ца иэцалора»[39]. Дуьххьарлера цӀуоканан буьрка Альфредос яьккхира кинотеатрера лотерейхь[18]. Ди Стефанон 10 шо долуш, иза Ӏамо волавелира 17 шо долу кӀант. ТӀаьхьа Альфредос дийцира, нисса и кӀант бахьнехь хилира шех «ши ког болу» ловзархо, аьлча а цхабосса дика буьрканах тоха аьрру а, аьтту а ког[18].

ТӀаьхьа Ди Стефанон доьзал кхелхира Флорес куьпе, цигахь дас эцнера ранчо. Цигахь жима Альфредо шен керла лулахойн кӀенташца волавелира ловза кӀоштан «Магнит» (испан. Imán) командехь[19]. Оцу клубехь цунна елира шен дуьххьарлера футболан кунья — «Минельита», «Ривер Плейт» клубан ловзархочун Минелья Хосе Мариян сийнна, иза а Ди Стефано санна сирла месаш йолуш вара[15][22].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. El nacimiento de la Saeta Rubia
  2. У футбола теперь двуглавый король. Спорт-Экспресс (13 декабря 2000). Теллина 2010 шеран 9 апрелехь.
  3. Pele, Maradona each win FIFA century awards after feud (ингалс.). Sports Illustrated (11 декабря 2000). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 31 январехь. Теллина 2010 шеран 9 апрелехь.
  4. France Football’s Football Player of the Century
  5. Guerin' Sportivo’s I 50 Grandi del Secolo by Adalberto Bortolotti
  6. Placar’s 100 Craques do Século
  7. Planète Foot’s 50 Meilleurs Joueurs du Monde
  8. Voetbal International’s Wereldsterren by Raf Willems
  9. Ди Стефано введён в Зал славы ФИФА Архиван копи 10 октябрехь 2011 дуьйна Wayback Machine тӀехь
  10. Месси вручили трофей имени Альфредо Ди Стефано
  11. This one’s for you, Alfredo! Архивацийина 23 ноябрехь 2011 шеран.
  12. «Реал» провел презентацию памятника Ди Стефано
  13. Di Stefano, a legend in white
  14. Через ссылки — к славе
  15. 1 2 3 Альфредо ди Стефано
  16. 1 2 3 4 5 Олег Винокуров. Альфредо Ди Стефано. — Можайск: Книжный клуб, 2001. — 96 с. — (Сборная мира XX века). — ISBN 5-93607-032-8
  17. 1 2 3 Человек оркестр. Альфредо Ди Стефано.
  18. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 Alfredo Di Stéfano, Enrique Ortego, Alfredo Relaño. Gracias, vieja. — 2000. — ISBN 84-03-09200-8
  19. 1 2 3 Alfredo Di Stéfano, football player
  20. 1 2 ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран futsal йоза яздина дац
  21. ТӀаьхьа Тулион, Альфредол говза лоруш волу, хала чов йира — голан кӀозйохургаш хедийна кхин ца левзира
  22. 1 2 3 Jugadores de leyenda: Alfredo Di Stéfano Laulhé Архиван копи 4 октябрехь 2012 дуьйна Wayback Machine тӀехь
  23. ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран историй йоза яздина дац
  24. ¡Yo jugué al fútbol de casualidad!
  25. Гений из квартала Папы
  26. Мадридан гулйина команда, Каталонин гулйина команда, ийна командаш а, матчаш-бенефисаш а.
  27. Британин кад, Адриан Эскобаран кад, Колумбин кад, Испанин кад.
  28. Къилба Америкин клубийн чемпионат, Европин чемпионийн кад, Базарийн кад.
  29. Альдаон кад, Латинан кад, Континенташна юкъара кад.
  30. Ди Стефано женится(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 19 декабрехь. Теллина 2013 шеран 19 декабрехь.
  31. Сегодня Ди Стефано женится на своей 36-летней секретарше
  32. 86-летний Ди Стефано женится на секретарше Архиван копи 21 декабрехь 2013 дуьйна Wayback Machine тӀехь
  33. От почетного президента ФК «Реал Мадрид» сбежала невеста
  34. Gina González vuelve a denunciar a los hijos de Di Stéfano
  35. Tica Gina González habría regresado a España por Alfredo Di Stéfano
  36. Альфредо Ди Стефано признан недееспособным
  37. Alfredo Di Stéfano muere a los 88 años // La Tercera, 07/07/2014
  38. Ди Стефано: «Если бы вернулся в прошлое, не стал бы футболистом»
  39. Жизнь Альфредо Ди Стефано, часть I

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]