Дитрих, Амалия
Дитрих Амалия | |
---|---|
нем. Amalie Dietrich | |
![]() | |
ГӀуллакхан тайпа | ботаник, зоолог |
Йина терахь | 1821 шеран 26 май |
Йина меттиг | Саксони Зимблене |
Кхелхина терахь | 1891 шеран 9 март (69 шо) |
Кхелхина меттиг | Рендсбург Шлезвиг-Гольштейн, Германи |
Гражданалла |
![]() |
![]() |
Дитрих Амалия (нем. Amalie Dietrich; 1821 шеран 26 май[1][2], Зибенлен[d], Средняя Саксония[d][3] — 1891 шеран 9 март[1][2][4], Рендсбург, Шлезвиг-Гольштейн[5]) — немцойн ботаник а, зоолог а, Австралин талламча а. Цуо гулйира австралин флорин а, фаунин а мехала экземпляраш, ткъа кхин а этнографин а, антропологин а объекташ.
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Хьалхара дахар[нисйе бӀаьра | нисйе]
Ботаника Амалис кӀорггера Ӏамо йолийрашен майра фармацевт Дитрих Вильгельм (1811—1867) бахьнехь[6], иза цуьнга маре йахара 1848 шарахь[7]. Церан цхьа йоӀ йара — Хариста (1848 шо)[8]. Амалияс некъ бира шен майрачуьнца йерриг Европехула, бецаш лехьош, дарбанан гӀирсаш бухкуш. Майрачун амал чӀогӀа хиларна из адӀайахара цуьнгара, дахаран ахча доккъхура ботаникин кепаш лехьош.
Карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]
1863 шарахь Дитрих Амалия йовзийтира, долахь йолчу музейн куьйгалхо волчу С. Годеффруа Иоганнан — Гамбургера совдегарна[7]. Оццу шарахь Godeffroy & Sohn компанис иза хьажийра талламан экспедице Австрале, цигахь цуо гулйира меттигера флорин а, фаунин а экземпляраш, ткъа кхин а Годеффруан музейна этнографин а, антропологин а объекташ[6]. 1872 шарахь Амалия йахара Тонгин архипелаг тӀе, 1873 шарахь — цӀахь хиланза итт шо даьлча — цӀа йирзира Германе. ЦӀахь болх бира Годеффруа музейн куратор, 1885 шарахь цуьнан да волу Годеффруа Иоганн валлалц, иза велча музейн коллекции йийкъира Лейпцигера а, Гамбургера а центрашна, иза бахьнехь Амалия болх бан дехьайелира Гамбурган ботаникин музей.
Ботаникин а, зоологин а областехь цуо дина гӀуллакхаш къобал деш дуккха а тайп-тайпана ораматийн а, дийнатийн а тайпанашна цуьнан цӀе йелла, царна йукъахь: зӀуганаш Nortonia Amaliae а, Odynerus Dietrichianus а, корсам Endotrichella Dietrichiae, хин бецаш Amansia Dietrichiana а, Sargassum Amaliae[6] а.
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ 1 2 Amalie Dietrich // Sächsische Biografie (нем.) — 1999.
- ↑ 1 2 Amalie Dietrich // FemBio: Банк інформації про видатних жінок, Frauendatenbank, Банк данных о выдающихся женщинах, Görkəmli qadınlar haqqında məlumat bankı, Հայտնի կանանց տվյալների բանկ
- ↑ Ogilvie M. B. The Biographical Dictionary of Women in Science (инг.): Pioneering Lives From Ancient Times to the Mid-20th Century — Routledge, 2003. — Vol. 1. — P. 356. — 798 p. — ISBN 978-1-135-96342-2
- ↑ Koncordie (Amalie) Dietrich // Музей Новой Зеландии — 1992.
- ↑ Deutsche Nationalbibliothek, Staatsbibliothek zu Berlin, Bayerische Staatsbibliothek, Österreichische Nationalbibliothek Record #118889338 // Общий нормативный контроль (GND) (нем.) — 2012—2016.
- ↑ 1 2 3 Georg Balzer: Dietrich, Konkordie Amalie geborene Nelle. W: Neue Deutsche Biographie, (NDB). T. 3. 1957, s. 695. (niem.)
- ↑ 1 2 DIETRICH, AMALIE (1821—1891), naturalist,. W: Percival Serle: DICTIONARY OF AUSTRALIAN BIOGRAPHY Архивйина 2011-05-14 — Wayback Machine. [dostęp 2011-03-13]. (ang.)
- ↑ Australian Science Archives Project: Amalie Dietrich — a woman alone, a Bright Sparcs Exhibition (ang.). 1996. [dostęp 2011-03-13].
Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]
- The Hard Road, the Life Story of Amalie Dietrich(ингалс.).
- Amalie Dietrich. Ein Leben erzält von Charitas Bischoff(нем.). — Berlin.
- Amalie Dietrich (1821–1891): German Biologist in Australia(ингалс.). — Stuttgart: Institute for Foreign Cultural Relations.
- The matilda women(ингалс.). — Brisbane: Playlab Press.
- A Woman in the Wilderness: the Story of Amalie Dietrich in Australia(ингалс.). — Sydney: University of New South Wales Press.