Динан да (фильм)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Динан да
инг. The Godfather
Жанр гангстерски фильм, романан экране хIоттор, криминалан фильм
Режиссёр
Продюсер
Бух тӀехь Крёстный отец[d][2]
Сценарин
автор
Оператор
Композитор
Исбаьхьалча-хӀотторхо Дин Тавуларис[d]
Кинокомпани Paramount Pictures[d], Alfran Productions[d]
Дистрибьютор Paramount Pictures[d], Xfinity Streampix[d]
Йохалла 175 минот
Бюджет 6 000 000 $
Гулам 250 341 816 $[4]
Пачхьалкх
Мотт Ингалсан мотт, Итальянийн мотт
Шо 1972 шеран 15 март[1], 1972 шеран 27 сентябрь[2], 1972 шеран 24 август[3], 1972 шеран 18 октябрь
РогӀера фильм Крёстный отец 2[d]
IMDb ID 0068646
Официалан сайт(ингалс.)
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Динан да (инг. The Godfather) — режиссёр волу Фрэнсис Форд Копполан эпосан гангстерски драма ю. 1969-чу шарахь арахецна Марио Пьюзан цӀарахчу романан экране хӀоттор.

«Динан ден» трилогин хьалхара дакъа ду иза. Иза 1945-гӀа-1955-гӀа шераш чулоцуш истори ю. Романо дуьйцу воккхахо Вито Корлеоне волуш Корлеонан доьзалах а. Къаьсттина яздо цуьнан кӀантах- Майклах — иза малонан доьзалхо ву, амма тӀаьхьо цунах къиза мафин куьйгалхо хуьлу.

Роман евзаш йоцуш хенахь Paramount Pictures компанис 80 000 доллар делла ийцира романах пайдаэцаран бакъо. Хала дара студин куьйгалхойн режиссёр леха. Хьалхарчу кандидаташ тӀе ца ийцира и дарж. Эххар а, фильман режиссура ян контрактан Копполас куьгяздира. Куьйгалхойн а, Копполан а цхьаболу турпалхойн кастингах лаьцна (къаьсттина Витанан а, Майклан а) ойланаш цхьаьна ца йoгӀypa.

Кино яьккхира Нью-Йоркан гонахь а, Сицилехь а. Графикал хьалха болх чекхбаккха аьтто белира цера. Кармина Копполоно тӀетоьхна йолу пьесашца а, музыкин партитура, коьрта долчу декъана, язйира Нино Ротосо а.

1972-чу шарахь бекарг (март) беттан 14-чохь Лоун Пачхьалкхан театрехь (инг. Loew’s State Theatre) «Динан ден» фильман премьера хилира. Цу беттан 24-чохь йоккхачу прокатехь арахецар.

1972-чу шарахь а, цул тӀаьхьайогӀучу хенахь а, уггаре са яьлла фильм яра иза. Прокатехь 287 миллион даьккхар фильмо.

Критикаш а, хьовсархоша а къобалйира фильм. Къаьсстина хьастийра Брандонан а, Пачинонан а къамел дар а, режиссура а, сценари а, кинематографи, монтаж а, партитура а, мафин сурт хӀоттор а.

«Динан да» яьккхинчул тӀаьхьа Копполан а, Пачинон а, актерийн хӀоттаман а, кино йоккхучу тобанан керлахойн а кхиаме болх дӀабахар.

Цул сов, фильмо Брандонан 1960-чу шерашкахь лах йелла карьера денйира. КхидӀа цо болх бира «Парижехь тӀаьххьара танго» а, «Супермен» а, «Къематде тахана ду» а фильмашкахь.

Лос-Анжелесехь хӀора шарахь дӀахьош долу Оскар совгӀаташ декъарехь 45-чу церемонехь кхаа номинацехь Оскар елира филман: «Тоьлла актёр» а (Брандо), «Тоьлла адаптаци йина сценари» а (Пьюзо и Коппола), «Тоьлла сурт» а. Цул сов, кхин а тайп-тайпанчу номинацехь вуьрхӀитта совгӀат делира филман.

Актерш а, актрисаш а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Актеран цIе Роль
Аль Пачино Майкл Корлеоне
Марлон Брандо Вито Корлеоне
Джеймс Каан Сантино (Сонни) Корлеоне
Роберт Дюваль Том Хэген
Джон Казале Фредерико (Фредо) Корлеоне
Талия Шайр Констанция (Конни) Корлеоне-Рицци
Дайан Китон Кэтрин (Кей) Адамс-Корлеоне
Ричард Кастеллано Питер Клеменца
Эйб Вигода Сальваторе Тессио
Аль Леттьери Вирджил (Турок) Соллоццо
Джанни Руссо Карло Рицци
Стерлинг Хэйден капитан Марк Маккласки
Ленни Монтана Лука Брази
Ричард Конте Дон Эмилио Барзини
Аль Мартино Джонни Фонтейн
Джон Марли Джек Вольц
Алекс Рокко Мо Грин
Моргана Кинг Кармелла Корлеоне
Коррадо Гайпа Дон Томмазино
Виктор Рендина Дон Филипп Татталья
Симонетта Стефанелли Аполлония Вителли-Корлеоне
Том Роски Рокко Лампоне
Джо Спинелл Уилли Чиччи
Ричард Брайт Альберт (Аль) Нери
Тони Джорджо Бруно Татталья
Анджело Инфанти Фабрицио
Франко Читти Кало

Хьосташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. http://www.boxofficemojo.com/movies/?id=godfather.htm
  2. 1 2 Gudfadern (1972) (швед.)Svenska Filminstitutet.
  3. The Godfather(бил-боцу.) — 1990.
  4. The Godfather (инг.) — 1999.