Чулацаман тӀегӀо

Дидигов Мухарбек Ильясан воӀ

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Дидигов Мухарбек Ильясан воӀ
Дидигов Мухарбек Ильясан воӀ
Республика ГӀалгӀайчоьнан Правительствон — пачхьалкхан Ӏедалан кхочушдаран меженан тӀера Российн Федерацин Федералан Гуламан Федерацин Кхеташонан декъахо
2013 шеран 9 сентябрь — 2018 шеран 9 сентябрь
Хьалха хилларг Иванов Никита
Когаметтаниг Чилиев Муса
2009 шеран 13 май — 2011 шеран 9 декабрь
Хьалха хилларг Костоев Ӏийса
Когаметтаниг Иванов Никита
Республика ГӀалгӀайчоьнан Халкъан Гуламан председатель
2011 шеран 9 декабрь — 2013 шеран 9 сентябрь
Хьалха хилларг Сакалов Махьмуд
Когаметтаниг Татриев Мохьмад
Республика ГӀалгӀайчоьнан Правительствон председатель
1994 шеран 21 март — 1996 шеран 9 декабрь
Хьалха хилларг Дидигов Тамерлан
Когаметтаниг Хамчиев Белан

Вина терахь 1952 шеран 21 октябрь({{padleft:1952|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:21|2|0}}) (73 шо)
Вина меттиг Целиноград, Кхазакхийн ССР, ССРС
Парти Цхьааллин Росси
Дешар
СовгӀаташ ДоттагӀаллин Орден
Болхбаран меттиг
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Дидигов Мухарбек Ильясан воӀ (вина 1952 шеране 21 октябрехь) — советийн инженер, российн политикин а, пачхьалкхан а гӀуллакххо, ГӀалгӀайчоьнан правительствон председатель (1994—1996), Федерацин Кхеташонан декъахо (2009—2011 а, 2013—2018 а).

Вина 1952 шеран 21 октябрехь Кхазакхийн ССР Целиноградехь (хӀинца — Астана, Республика Кхазакхстан). Ишкол чекхйаьккхира Несарахь (Нохч-ГӀалгӀайн АССР). 1969—1970 шерашкахь болх бира Несарарчу «Электроинструмент» заводехь фрезеровщик даржехь, 1970—1972 шерашкахь Советийн эскарехь вара. 1978 шарахь чекхйаьккхира Соьлжа-ГӀалин пачхьалкхан мехкдаьттан институт «инженер-механик» говзаллийца. 1978—1986 шерашкахь — «Ставропольтехмонтаж» трестан монтажан урхаллин пхьар, лакхара прораб (Тырныауз гӀала, ГӀебартойн-Балкхаройчоь). 1986—1988 шерашкахь ССРС Монтажан а, башха гӀишлошйаран белхийн а министраллин Кавказан арахецаран-Ӏуналлин урхаллин (Нальчик) хьаькаман гӀовс даржехь вара. 1988 - 1991 шерашкахь вара арахецаран декъан куьйгалхо, цул тӀаьхьа Минмонтажспецстройн (Москох) Кавказан мехкан координацин-хаамийн центран хьаькаман гӀовс. 1991 шарахь ССРС Министрийн Кхеташонера Халкъан бахаман академи диплом делира. 1991—1993 шерашкахь вара Кавказан мехкан монтажан комплексан министраллин (Нальчик) хьаькаман гӀовс[1].

Пачхьалкхан совгӀаташ ду[2]:

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Дидигов Мухарбек Ильясович. Энциклопедия. ТАСС. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 13 июль.
  2. Дидигов Мухарбек Ильясович. Единая Россия. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 15 июль.