Джунковская, Галина Ивановна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Галина Ивановна Джунковская
Galina Dzhunkovskaya.jpg
Йина терахь 1922 шеран 6 октябрь({{padleft:1922|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:6|2|0}})[1]
Йина меттиг
Кхелхина терахь 1985 шеран 12 сентябрь({{padleft:1985|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:12|2|0}})[1] (62 шо)
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа Военно-воздушные силы СССР[d], бомбардировочная авиация[d]
Дарж Майор
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Красного Знамени орден Отечественной войны орден Отечественной войны I степени орден Красной Звезды медаль «За боевые заслуги» медаль «В ознаменование 100-летия со дня рождения Владимира Ильича Ленина» медаль «За оборону Сталинграда» медаль «За оборону Кавказа» медаль «За победу над Германией в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Двадцать лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Тридцать лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Сорок лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» медаль «За взятие Кёнигсберга»

Галина Ивановна Джунковская (Маркова) (1922 шеран 6 октябрь[1], Юрковка, Ставищенский район[d]1985 шеран 12 сентябрь[1], Москох) — кеманхо, майор, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Джунковская йина 1922 шеран 6 октябрехь Украинан Киеван областан Ставищенски кӀоштан Юрковка юртахь. Цуьнан жималла чекхйаккла Соьлжа-ГӀалахь. 1938 шарахь цо чекхйаьккхира Соьлжа-ГӀалан лоьрийн училище, 1941 шарахь — Москван авиацин институтан 2 курс[2].

1941 шеран октябрехь иза шен лаамехь дӀайахара ЦӀен Эскаре Марина Расковас зударийн кеманийн полкаш кхолла йолаелча. Иштта кхоллайелира кхоъ авиаполк: Як-1 кеманаш лелош йолу 586-гӀа истребителан полк а, 587-гӀа, тӀаьхьа 125-гӀа гвардин бомбанаш тухуш полк а (Пе-2 кеманаш), 588-гӀа буьйсанна бомбанаш тухуш полк а (По-2 кеманаш)[2].

1942 шарахь цара чекхйаьккхира Энгельск гӀалахь йолу эскаран авиацин школехь хилла беа беттан курсаш. Джунковская хилира Мария Долина кеманхо йолу экипажехь штурман. И экипаж (Долина, Джункоская, радист-кхиссархо Иван Солёнов) хица а ца луш динна тӀамех чекхйаьлира. 1943 шарахь Джунковская КПСС декъашхо хилира. 1943 шеран январь дуьйна иза Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман фронтехь йара[2].

1943 шеран бӀаьстехь советийн кеманийн тоба бомбанаш тоьхна цӀа йогӀуш хенахь царна мостагӀийн кеманаш тӀелетира. Советийн кеманийн тобан куьйгалхо гвардин майор Евгения Тимофеева шен тобанан кеманхошка омра делира дӀаса ма къаста аьлла. Пе-2 кеманаш мостагӀашна тӀе пулемёташ етта йолийра. Иван Солёновс цхьаъ мостагӀийн кема чудаитира. Амма Долинан кеман ши а мотор йогуш йара. ТӀаккха Долинас кема лаьтта охьадерзина шен накъосташка кемантӀера чукхисло аьлла омра дира, амма Джунковская а, Солёновс а шайга бохург кхочуш ца дира. Джунковскаяс гӀо дира шен куьйгалхочун догуш долу кема уллехь йолу аэродроме охьахаош. Джунковская цо гайтина майраллина бахьнехь йелира хьалхара ЦӀен Байракхан орден[2].

Джунковская звенон а, эскадрильян а штурман даржехь тӀом бира Донски а, Къилбаседе-Кавказан а, Малхбузан а, 3-гӀа Белоруссан а, 1-ра Прибалтикан а фронташкахь. Шозза цуьнан кеман хӀаваэхь цӀе йелира, цунна айп а, чевнаш а йинера, амма метта ма еан иза йуха а тӀамтӀе йуха а дӀайодар. 1944 шеран январехь иза эскадрильян штурман хилира. Цу шарахь эскадрилья 205 кхиама тӀемайалар кхочуш йира. Цуьнан экипажас чекхбеккхира тӀом Латви фашистех мукъайоккхуш Либава гӀалан уллехь[2].

ТӀом чекхболуш хенахь гвардин лакхара лейтенант Галина Джунковскаяс кхочуш йира 62 тӀеман тӀемавалар, дакъа лецира пхьеа хӀаваан тӀамехь, тобанан йукъехь чудаийтира шиъ мостагӀийн кема. И кхиамаш бахьнехь цунна йелира Советски Союзан Турпалан цӀе[2].

Галина Джунковскаяс а, Мария Долинас а дакъа лецира 1945 шаран 24 июнехь Москвахь хилла йолу Толаман парадехь[2].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Джунковская (Маркова) Галина Ивановна // Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — С. 426. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
  • Мариинский Е. В горящем самолёте // Героини: очерки о женщинах — Героях Советского Союза / ред.-сост. Л. Ф. Торопов; предисл. Е. Кононенко. — Вып. 1. — М.: Политиздат, 1969. — 447 с.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]