Джукалаева, Пасихат
Пасихат Джукалаева | |
---|---|
![]() | |
Йина терахь | 1881 шо |
Йина меттиг | |
Кхелхина терахь | 2005 шо |
Кхелхина меттиг | Соьлжа-ГӀала, Нохчийчоь, Росси |
Гражданалла |
![]() ![]() ![]() |
Бераш | ши кӀант, йиъ йоӀ |
Пасиха́т Джукала́ева (1881 шо, ЧӀаьнта, Нохчийчоь, Терски область, Российн импери — 2005 шо, Соьлжа-ГӀала, Нохчийчоь, Росси) — нохчийн дукха йахна зуда.
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Цуьна вара кхо ваша а, йиъ йиша а. 19 шо кхечча иза маре йахара. Цера хилира ши кӀант а, йиъ йоӀ а[1].
1940-гӀа шераш долалуш Пасихат майра велира. Нохчий цӀера бохуш хенахь шело а, мацал а бахьнехь йелира цуьнан жима йоӀ. Иза лортӀехь дӀайерзайа а йиш ца хилира[1].
Казахстанехь иза Ӏийра Актюбин областехь Эмба гӀалахь. Цигахь велира цуьнан ши кӀант.[1].
Пасихат 60 шо сов кхечча йелира цьунна йоӀарех цхьаъ. Пасихатс цунах йисина 5 бутт кхечна йьӀ хьалакхиира[1].
1960-гӀа шерашкахь цуьнан цӀаерзара нисделира. Иза шен доьзаллаца Соьлжа-ГӀалахь Ӏан йолайелира[1].
2005 шарахь цуьнан берех жима йоӀ бен дина ца йисира. Оцу йоӀан цу хенахь 78 шо дара. Пасихате цу хенахь 9 бери бера а дара, 16 берий берий бера а, 10 берий берий берий бера а[1].
Цуьнан гергарчара схадицарехь, иза цкъа а цомгуш ца хилла. Жима йолуш иза хӀора динахь шовданехь а луьйчура, дегӀахь шила хи а кхорзура[1].
Цо хӀумнаш а тоьгура, ша чохь а, уьйтӀахь а цӀано а латтайора. Цунна хьена йаа хӀума а, стоьмаш а, помдораш а, конфеташ а йезара. Цо кӀезга йаа хӀума йуура, цкъа а дӀайижале ца йуура. Буьйсанна хьалхе дӀа а йужура, Ӏуьйренна хьалхе хьала а гӀоттура. Шена хилла цатам атта ловра[1].
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Валерия Подорожнова Три века одного человека. Российская газета (2005, 18 март). Теллина 2015 шеран 6 февралехь.
- Саид Бицоев Главная бабушка планеты. Новые Известия (2003, 14 октябрь). Теллина 2015 шеран 6 февралехь.
- Тимур Алиев 122-Year-Old Chechen Has Seen a Lot. The Moscow Times (2004, 17 февраль). Теллина 2015 шеран 6 февралехь.
- Память. журнал «Дош». Теллина 2015 шеран 6 февралехь.
![]() |
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |