Джибриль

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Джибриль
جبرائيل
Рухь, Рухьуль Къудус, Рухьуль Амин, Рухь-мин АмруллахӀ
Говзалла малик, са
Цхьана хилла адамаш ИбраьхӀим, ЛутӀ, Марьям, Ӏийса, Муса, Мухьаммад
Кхидерш Мукъаррабун

«Джабраиль» я «Джибриль» (Ӏаьр. جبرائيل‎‎) — АллахӀ-делан уллера малик ду, АллахӀан уггаре дукха дезарг а ду. Джибрилехула АллахӀ-дала доссийна хилла Мухьаммад пайхамаран Mohamed peace be upon him.svg шен дуьххьарлера — Аль-Ӏалакъ олу сурат.

Джибриль дош шина шира дашах лаьтташ ду — «джибр» (лай, ялхо) а «иль» (Дела) а, цуьнан маьӀна хуьлу «Делан Лай» бохург санна.

Джибриль дуьне санна доккха малик ду боху, боьрша-стеган сибатехь пайхамаршна догӀуш хилла иза.